Яхьъя 5

1Цул тІаьхьа Ярушалаймехь жуьгтийн цхьа деза де даздеш дара. Іийса а веара цига. 2Ярушалаймехь УьстагІийн ков олучу меттехь баьккхина луьйчу цхьа Іам бу. Цунах Іебархойн маттахь Бет-Хьасда олу. Цу Іомана гонах лаьтташ бІогІамийн пхи могІа бара, тІехула тиллина тхов а болуш. 3Оцу Іомана тІедоьлхучу некъаш тІехь Іохкуш Іаламат дукха цомгуш болу нах хуьлура. Царна юкъахь бара бІаьрзенаш, астагІнаш, заьІапнаш. 5Иштта, ткъе берхІитта шарахь шен цамгаро хьийзош волу цхьа хьенех а вара цигахь. 6И стаг цигахь Іуьллуш а гина, иза дукха хенахь дуьйна цомгуш вуйла а хиъна, Іийсас хаьттира цуьнга: «Могуш хила лаьий хьуна?» 7Ткъа цомгушчо элира Іийсага: «Эла, Іома чуьра хи, меттах а даьлла, дІасадаьржачу хенахь со цу чуваккха цхьа а вац-кх сан. Ткъа со хи чувала воллучу хенахь, кхин цхьаъ сол хьалха волу-кх». 8Іийсас элира цомгушчуьнга: «ХьалагІатта, хьайн мотт-гІайба схьа а эций, дІаволало». 9И стаг, цу сохьта туо а велла, шен мотт-гІайба схьа а эцна, дІаволавелира. Иза Далла леринчу шоьтан дийнахь дара. 10Цундела динан куьйгалхоша цамгарх товеллачуьнга элира: «Тахана Далла лерина шоьтан де ду, хьайн мотт-гІайба дІабаккха а бакъо ма яц хьан». 11Ткъа цо жоп делира яхІудхошка: «И со Товинчо элира-кх соьга: „Хьайн мотт-гІайба схьа а эций, дІаволало“». 12ТІаккха цара хаьттира товеллачуьнга: «Мила ву хьоьга, мотт-гІайба схьа а эций, дІаволало аьлла и Стаг?» 13Ткъа товеллачунна Иза мила ву ца хаьара. ХІунда аьлча, кхузахь адам алссам хиларна, аьтту а баьлла, Іийса къайлавелира. 14Цул тІаьхьа и стаг Делан цІийнан кертахь а карийна, Іийсас элира цуьнга: «ХІинца хьо цамгарх товелла, ткъа кхин къинош ма летаделахь, хьайна кхин цул а вониг ца хилийтархьама». 15ТІаккха цу стага, вахана, динан куьйгалхошка ша Товинарг Іийса вуй дІахаийтира. 16Цундела, Іийсас и стаг туовар Далла лерина шоьтан дийнахь дина аьлла, динан куьйгалхой Іийсана дуьхьалбевлира. 17Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Сан Дас тахханалц а болх беш бу, Аса а бо и болх». 18Іийсас иза аларна, Иза вен кхин а чІогІа тІаьхьабевлира динан куьйгалхой. ХІунда аьлча Далла лерина шоьтан де ца лерина а ца Іаш, Делах Шен Да ву а аьлла, Ша Делаца вуьстинера Іийсас. 19Ткъа Іийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга, Шен Дас дийриг гуш ца хилча, Шеггара хІумма а дойла дац КІентан. ХІунда аьлча Шен Дас дийрриг до КІанта а. 20Дена Шен КІант веза, цундела Ша мел дийриг дерриг а гойту Дас КІантана. Шу цец а дохуш, кхин а сов гІуллакхаш гойтур ду Дас Цунна. 21ХІунда аьлча Шен Дас белларш денбаре терра, иштта КІанта а Шена луъург денво. 22Адамашна тІехь кхел яр, Ша а ца деш, Шен КІентан кара дІаделла Дас, 23массаьрга а, Да лоручу тайпана, КІант а ларийтархьама. ХІунда аьлча КІант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору. 24Бакъдерг боху Ас шуьга: Сан даше ладугІуш а, Со Ваийтинчух тешаш а волчун Дела волчохь хедар доцу дахар ду. Къематан дийнахь царна тІехь кхел яц, ткъа, беллачуьра ден а белла, Делаца долчу бакъдолчу дахаре кхаьчна уьш. 25Бакъдерг боху Ас шуьга: тІейогІуш ю и зама, тІекхаьчна а яьлла, беллачарна Делан КІентан аз а хезар долуш, и хезнарш ден а лур болуш. 26ХІунда аьлча Ден а Ша-Шена чохь дахар хиларе терра, иштта Шен КІантана а делла Цо Ша-Шена чохь дахар хилар. 27Иза Адамийн КІант волу дела, кхел ян а бакъо елла Дала Цуьнан кара. 28Цец ма довлалаш цунах, хІунда аьлча тІейогІуш ю и зама, кешнаш чохь болчу массарна а Делан КІентан аз хезар долуш. 29ТІаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гІуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гІур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гІуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу. 30Айса-Сайгара хІумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХІунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо». 31«Нагахь санна Аса-Айса Сайх тоьшалла дахь, и Сан тоьшалла кхоччуш дац. 32Сох тоьшалла дийриг Кхин ву. Цо Сох деш долу и тоьшалла бакъ дуйла хаьа Суна. 33Аша Яхьъяна тІе нах бахийтира, ткъа цо билггал долчу бакъдолчух тоьшалла дира. 34Адамо дина тоьшалла оьшуш вац Со-м, амма шу кІелхьардовлийта боху Аса шуьга хІара. 35Яхьъя богуш а, къегаш а болу стогар санна вара шуна. Ткъа шуна кІеззиг йолчу ханна цуьнан серлонгахь хазахетар хила лиира. 36Амма Сан тоьшалла Яхьъян тоьшаллел а сов ду. ХІунда аьлча Аса дан дезаш а долчу, Аса деш а долчу, Суна Сан Дас деллачу цу гІуллакхаша до Сох тоьшалла Сан Дас Со ваийтина хиларх. 37Со ваийтина волчу Сан Дас до Сох тоьшалла. Шуна-м я Цуьнан аз а ца хезна, я Цуьнан сибат а ца гина. 38Я Цуьнан кхаъ а шун даг чохь ца лаьтта, Цо Ваийтинчух шу ца теша дела. 39Делан Йозанаш толлу аш, уьш шаьш теллича, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхочур ду моьттуш. Ткъа Делан Йозанаша Сох тоьшалла ма-до. 40Амма шуна ца лаьа Суна тІаьхьахІитта, шайна Дела волчохь хедар доцу дахар хилийта. 41Адамашкара сий дар ца оьшу Суна. 42Амма Суна девза шу, шун дегнаш чохь Деле хила ма-безза безам боцийла а хаьа. 43Со Сайн Ден цІарах веана воллушехь, тІе ца оьцу аша. Ткъа цхьа кхиверг шен цІарах веача, иза тІеоьцур ву аша. 44Муха тешар ду шу, цхьаммо шайн сий дича, аша иза хазахетарца тІеоьцуш хилча? Ткъа цхьаъ бен воцучу Делера сий аша ца лоьху. 45Ма мотталаш Ас шу Далла хьалха бехке дийр ду. Шу бехке дан Муса-пайхамар хир ву, цунах дегайовхо йолуш Іаш долчу шуна. 46Шаьш Муса-пайхамарах тешаш хилча, Сох а тешар дара шу, хІунда аьлча Сох лаьцна яздинера цо. 47Амма нагахь санна цуьнан йозанех а шу ца тешча, Сан дешнех муха тешар ду шу?»

will be added

X\