Яхьъя 4

1Шена тІаьхьахІуьтту мурдаш а, шаьш хих чекхбохуьйту нах а Яхьъяна тІаьхьахІиттинчарал совбовлар парушхошна хааделлий хиъча, Іийсас ЯхІуд-мохк битира. 2Ткъа нах хих чекхбахар Іийсас Ша ца дора, иза Цуьнан мурдаша дора. 3Іийса, ЯхІуд-мохк битина, юха а Галилай-махка вахара. 4ТІаккха Шамран-махкахула чекхвала дезара Цуьнан. 5Иштта Іийса Шамран-махкара Суьхьар олучу юьрта кхочу. Якъуба шен кІантана Юсупна деллачу лаьттана юххехьа яра и юрт. 6Цигахь Якъуба яьккхина гІу яра. Иштта, некъ а бина, кІад а велла, оцу гІуна уллохь хиъна Іаш вара Іийса. Иза де юккъе дахана хан яра. 7Цу гІуна чуьра хи схьаэца цхьа шамранхойн зуда еара. Іийсас элира цуьнга: «Мала хи лохьа Суна». 8Цу хенахь Іийсан мурдаш яа хІума эца юьрта баханера. 9Шамранхочо Іийсага элира: «Хьо жуьгти воллушехь, соьга, шамранхочуьнга, хи хІунда доьху Ахь?» (Цу хенахь жуьгтийн шамранхошца уьйр яцара.) 10Іийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара». 11ТІаккха цу зудчо элира: «Эла, Хьан и хи схьаэца пхьегІа а ма яц, ткъа хІара гІу кІорга а ма ю. Мичара ду Хьоьгахь „дийна хи“? 12Хьо хІун, вайн дел Якъубал а лакхара ву, цо ша а, цуьнан кІенташа а, цуьнан хьайбанаша а хи мийлина хилла йолу хІара гІу тхуна елла волчу?» 13Іийсас элира цуьнга: «ХІара хи мелларг юха а хьаглур ву, 14ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дІахІуттур ду». 15Зудчо элира Іийсага: «Эла, лохьа суна и Айхьа дуьйцу хи, со хьогах ца хилийта а, со кхуза хІара хи кхехьа ца эхийта а». 16Іийсас зудчуьнга элира: «Яло, хьайн майра а валош, юха схьайола кхуза». 17Зудчо жоп делира: «Сан майра вац». «Нийса боху ахь, хьан майра вац. 18ХІунда аьлча хьан пхи майра хилла, ткъа хІинца хьоьца Іаш верг хьан майра вац. Иза нийса элира ахьа», – элира Іийсас. 19ТІаккха зудчо элира: «Эла, го суна Хьо пайхамар хилар. 20Тхан дай Далла Іибадат дан кху лам тІе богІура, ткъа аша и Іибадат дан деза меттиг Ярушалаймехь ю боху». 21Іийсас элира цуьнга: «Тешалахь Сох, зуда. ТІейогІуш ю и зама, адамаша шаьш Дена до Іибадат я кху лам тІехь а, я Ярушалаймехь а дан ца дезаш. 22Шуна-м шайна а ма-дарра ца хаьа, шаьш Хьанна Іибадат до. Ткъа тхуна хаьа тхаьш Хьанна Іибадат до, хІунда аьлча кІелхьардовлар жуьгташкара ма ду. 23Амма тІейогІуш ю и зама, тІееана а яьлла иза, шаьш баккъалла а Дена Іибадат дечу наха, синца а, бакъдолчуьнца а Іибадат деш. ХІунда аьлча иштта Іибадат дийраш лоьху Шена Дас. 24Дела Ша а Са ду. Цундела Цунна Іибадат деш болчара синца а, бакъдолчуьнца а Іибадат дан деза». 25Зудчо элира Цуьнга: «Суна хаьа Машахь вогІур вуй». – (Иза « Дала леррина Къобалвинарг » бохург ду). – «Ша веача, Цо дерриге а хьоьхур ду тхуна». 26Іийсас элира: «Хьоьца къамел деш волу Со ву-кх И Къобалвинарг». 27Цу хенахь Цуьнан мурдаш схьабаьхкира. Уьш цецбевллера, Іийсас зудчуьнца къамел деш шайна гича. Делахь а мурдех цхьаммо а ца хаьттира Цуьнга: «Хьуна хІун лаьа?» я: «Ахь стенах лаьцна къамел до оцу зудчуьнца», – аьлла. 28ТІаккха, шен хи кхоьхьу кхаба а йитина, юьрта а яхана, оцу зудчо нахе элира: 29«ГІой, хьовсал, ас сайн дахарехь мел динчух лаьцна соьга схьадийцинчу Стаге. Дала леррина Къобалвинарг-м вац те Иза?» 30Юьртара ара а бевлла, и нах Іийсана тІе бахара. 31Цу хенахь мурдаша дехар дира Цуьнга: « Рабби, хІума яахьа!» – аьлла. 32Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Шуна хІун ю а ца хууш йолу яа хІума ю Соьгахь». 33ТІаккха мурдаша вовшашка элира: «Цхьаммо яа хІума-м ца еана те Кхунна?» 34Іийсас элира цаьрга: «Сан кхача бу Со Ваийтинчун лаам кхочушбар а, Цуьнан гІуллакх чекхдаккхар а. 35Ялта дІадуьйчу хенахь: „Кхин а цхьа биъ бутт баьлча, ялта хьокху хан тІейогІур ю вайна“, – ца олу аша? Иштта Аса а боху шуьга: шайн бІаьргаш дІа а беллий, кхаш тІе хьовсал, ма кхиъна и ялта хьакха хІинца. 36Ялта хьокхучо шена догІург схьаоьцу, Дела волчохь хедар доцучу дахаре стом а гулбеш, ялта дІадуьйчунна а, хьокхучунна а цхьаьна хазахетар хилийтархьама. 37ХІунда аьлча нийса боху кицано: „Цхьаммо ялта дІадоь, вукхо хьокху“. 38Аша шаьш къа ца хьегначу кха тІе ялта хьакха дахийтина Аса шу. Кхечара къахьегна, ткъа аша цара къахьегначу кха тІера ялта гулдина». 39Цу гІалара дуккха а шамранхой тийшира Іийсах, оцу зудчо шайга тоьшалла а деш: «Сайн дахарехь ас мел динчух лаьцна схьадийцира Цо соьга», – аьлла дела. 40Цундела Іийса волчу баьхкира и шамранхой. Цара, шайца саца аьлла, дийхира Іийсага. ТІаккха Іийса шина денна цаьрца сецира. 41Іийсан дош бахьана долуш кхин а, хьалхачул а сов, нах тийшира Цунах. 42Ткъа цу зудчуьнга цара элира: «Хьалха ахь дийцарна тийшира тхо. ХІинца тхуна тхаьшна а Цо дуьйцург хезна а дела, и Стаг баккъалла а дуьне кІелхьардоккхург вуй го а дела, теша тхо Цунах». 43И ши де чекхдаьлча, Іийса, цигара ара а ваьлла, Галилай-махка вахара. 44ХІунда аьлча Іийсас Ша тоьшалла дира, пайхамарийн шаьш схьабаьллачу махкахь сий ца до аьлла. 45Іийса Галилай-махка веача, галилайхоша а тІеийцира Иза. ХІунда аьлча царна гинера Ярушалаймехь дезачу дийнахь Іийсас дина гІуллакхаш. Галилайхой а баханера цу Пасахь-дийнахь Ярушалайме. 46Иштта Іийса юха а Галилай-махкара Кхана олучу юьрта веара, Ша цкъа хих чагІар дина хиллачу меттиге. Цу хенахь Къапарнамехь цхьа стаг вара, ша паччахьан белхало а волуш. Цуьнан кІант цомгуш вара. 47Іийса ЯхІуд-махкара Галилай-махка веана аьлла, хезира цу стагана. ТІаккха, Іийсана тІе а веана, цу стага дийхира Цуьнга, шеца дІа а веана, и кІант туовар. ХІунда аьлча и кІант вала герга вара. 48ТІаккха Іийсас цу стаге элира: «Я тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш, я Іаламаташ ца гича, тешар дац-кх шу Сох». 49Ткъа цу стага дийхира Іийсага: «Эла, сан кІант велла дІавалале, тІеволахьа!» – аьлла. 50Іийсас элира цуьнга: «ДІагІо, хьан кІантана гІоле ю». Іийсас аьллачух теша а тешна, и стаг дІавахара. 51Иза цІа воьдуш, дуьхьалбогІучу леша: «Хьан кІантана гІоле ю», – элира. 52Стага хаьттира цаьрга: «Маца хена дуьйна гІоле хила йолаелира кІантана?» Леша жоп делира: «Селхана, делкъахенахь, цхьа сахьт даьлча, дагар дІаделира цуьнан», – аьлла. 53ТІаккха хиира кІентан дена, иза шега Іийсас: «Хьан кІантана гІоле ю», – аьллачу хенахь хиллий. ТІаккха и стаг а, цуьнан цІахь мел берш а тийшира Іийсах. 54Иштта, Ша ЯхІуд-махкара Галилай-махка веача, шолгІа а тамашийначу гІуллакхийн билгало гайтира Іийсас.

will be added

X\