IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Яхьъя 3 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Нукха-Деми цІе йолу парушхойх цхьа стаг вара. Жуьгтийн коьртачу кхеташонан декъашхо вара иза.   2  Нукха-Демис, буьйсанна Іийса волчу а веана, элира Цуьнга: « Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХІунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийнчу гІуллакхийн билгалонаш».   3  Іийсас жоп делира цуьнга: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, адам юха шолгІа ца кхолладелча, хаалур дац цунна Делан Олалла».   4  Нукха-Демис элира Іийсага: «Цкъа къанделла адам шолгІа муха кхоллалур ду? Юха шен ненан кийра а ваьлла, кхоллавала-м ца веза иза?»   5  Іийсас жоп делира: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, нагахь санна адам хих а, Делан Синах а кхолла ца делча, тІелоцийла дац цуьнан Делан Олалла.   6  Адамийн бераш адамех хуьлу, ткъа Делан бераш Делан Синах бен ца хуьлу.   7  Хьо цец ма вала Ас хьайга аьллачух: „Шун шолгІа кхолладала деза“, – аьлла.   8  Делан Са мох санна ду. Иза шена луъучухула лела. Механ гІовгІа хеза, ткъа иза мичара богІу а, мича боьду а ца хаьа. Иштта хуьлу хІора а Делан Синах кхоллавелларг а».   9  «Ткъа иза муха хилало?» – хаьттира Нукха-Демис Іийсага.   10  Іийсас жоп делира цуьнга: «Хьуо исраилхойн Іелам стаг воллушехь, иза а ца хаьа-кх хьуна?   11  Баккъалла а боху хьоьга, оха тхайна хуург а дуьйцу, тхайна гиначух тоьшалла а до, ткъа аша тхан и тоьшаллаш тІе ца лоцу.   12  Ас шайга лаьттахь долчух аьлча а, шу ца тешча, стигалшкахь долчух лаьцна дийцича, муха тешар ду шу?   13  Адамех цхьа а стигалшка хьала а ца ваьлла, Адамийн КІант бен стигалшкара охьа а ца воьссина.   14  Яьссачу аренгахь волуш Муса-пайхамаро хьаладаьккхинчу лаьхьанан суьрте терра Адамийн КІант а ву хьалаваьккхина хила везаш,   15  Цунах тешнарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачийтархьама».   16  ХІунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КІант дІаваллал дезна Далла хІара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хІаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама.   17  Дуьненна кхел ян ца ваийтинера Дала Шен КІант, ткъа Цуьнгахула дуьне кІелхьардалийтархьама ваийтинера.   18  Цунах тешначунна кхел яц. Ткъа Цунах ца тешначунна кхел йина ю, иза Делан цхьаъ бен воцучу КІантах цатешарна.   19  Кху дуьнен чу Делах йолу серло яьржина, амма адамашна серлонал бода беза, шаьш до гІуллакхаш Далла хьалха вон долу дела.   20  ХІунда аьлча хІора вон дечунна серло ца еза, иза серлонга а ца воьду, шен вон гІуллакхаш гучу ца далийтархьама.   21  Ткъа Делах долчу бакъдолчуьнца вехаш верг серлонга волу, ша деш долу гІуллакхаш Делан гІоьнца деш хилар гайтархьама.   22  Цул тІаьхьа Іийса а, Цуьнан мурдаш а ЯхІуд-махка баьхкира. Уьш цигахь, адамаш хих чекхдохуш, севцира.   23  Цу хенахь Яхьъя а вара нах хих чекхбохуш. Шалейм олучу меттигна гена йоцучу Іейнан-юьртахь дара иза. Цигахь алссам хи дара, цундела наха шаьш Яхьъяга хих чекхбохуьйтура,   24  хІунда аьлча цу хенахь Яхьъя хІинца а набахти чу воллаза вара.   25  Яхьъян мурдашна а, жуьгтийн динан куьйгалхочунна а юкъахь къовсам хилира. И къовсам баьллера хица цІано яран хьокъехь дино тІедиллина долчух.   26  ТІаккха, Яхьъяна тІе а баьхкина, цара элира: «Устаз, хьо Йорданан вукху агІор волуш, хьоьца хилла волу, ахь Шех тоьшалла динарг а ву-кх нах хих чекхбохуш. Ткъа массо адам Цунна тІеоьхуш ду».   27  Яхьъяс жоп делира: «Адамо хІумма а шена тІелаца йиш яц, нагахь санна иза цунна стигалшкара Дала делла дацахь.   28  Шу шаьш а теш дар-кх ас шуьга аьллачунна: „Со Дала леррина Къобалвинарг вац. Со Цунна хьалхара некъ кечбан ваийтина Дала“.   29  Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагІа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Іаш, цунна хьалхара гІуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагІа чувогІуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хІинца кхочушхилла.   30  Иза вазвала веза, ткъа со лахвала веза».   31  Лакхара ОхьавогІург массарал а лакхара ву. Кху Лаьттара ваьлларг Лаьттара ву, цо Лаьттахь долчух лаьцна дуьйцу. Ткъа стигалара Веанарг массарал а лакхара ву.   32  Шена гиначух а, хезначух а тоьшалла до Цо, ткъа Цуьнан тоьшаллаш цхьаммо а тІе ца лоцу.   33  Цуьнан тоьшаллаш тІелаьцначо шен мухІар тохарца чІагІдо Дела бакъхилар.   34  ХІунда аьлча Ша Дала Ваийтинчо Делан дешнашца дуьйцу, Дала иза барам боццуш Шен Сих вуьзна дела.   35  Дена Шен КІант веза. Цо массо а хІума Шен КІентан кара дІаделла.   36  КІантах тешачунна Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Ткъа КІантана муьтІахь ца хуьлучунна цкъа а гур дац и дахар, амма Делан оьгІазло а йолуш ю цунна тІехь.