Яхьъя 20

1Ткъа кІирандийнахь, хьалххе, са а тасале, Магдал-юьртара Марем къубба йолчу еара. Цигахь къуббанна дуьхьал биллина болу тІулг дІакарчийна гира Маремана. 2ТІаккха Марем, едда, Кипина а, Іийсана къаьсттина везаш хилла волчу кхечу мурдана а тІееара. Цо элира цаьрга: «Веза Эла къуббанна чуьра дІаваьхьна, ткъа Иза мича охьавиллина ца хаьа». 3ТІаккха Кипа а, и важа мурд а, ара а ваьлла, къубба йолчу вахара. 4И шиъ цхьаьна ведира, амма важа мурд, сихо ведда, Кипел хьалха а ваьлла, къубба йолчу хьалха кхечира. 5ТІаккха охьатаьІначу мурдана Іохкуш кІадинан кескаш гира, амма иза цу чу ца велира. 6Цул тІаьхьа ШамІа-Кипа а схьакхечира цу мурдана тІаьххье. Къуббанна чуваьллачу Кипина а гира Іохкуш йолу еккъа кІадинан кескаш. 7Іийсан коьртах хьарчийна хилла долу йовлакх, цу кескашца а доцуш, хьарчийна ма-хиллара, къаьсттина, кхечу меттехь Іуьллуш дара. 8Цу хенахь хьалхаваьлла схьакхаьчна волу важа мурд а къуббанна чувелира. Иза, и дерриг ган а гина, тийшира. 9ХІунда аьлча уьш хІинца а Делан Йозанаш тІехь яздина долчу Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвала везарх ца кхетара. 10Иштта мурдаш юхабирзира. 11Ткъа Марем къуббанна уллохь йоьлхуш лаьттара. Йоьлхуш йолу иза къуббанна тІе охьатаьІира. 12Цу хенахь Маремана, тІехь кІайн хІуманаш а йолуш, хиъна Іаш ши малик гира: царах цхьаъ коьртехь, важа когашкахь дара Іийса охьавиллина хиллачу меттехь. 13ТІаккха цара Мареме элира: «Зуда! Хьо хІунда йоьлху?» Марема жоп делира: «Сан Веза Эла дІа а ваьхьна, Иза мичахь охьавиллина сайна ца хаьа дела, йоьлху со». 14И аьлла, Марем юхахьаьжча, лаьтташ волу Іийса гира цунна. Маремана ца хаьара Иза Іийса вуйла. 15Іийсас элира цуьнга: «Зуда, хьо хІунда йоьлху? Ахьа мила лоьху?» Ткъа Марема, Иза бешахо ву моттаделла, элира Цуьнга: «Сан ваша, Иза ахьа дІаваьхьнехь, алахь соьга, ахьа Иза мича охьавиллина, аса Иза схьаоьцур вара». 16Іийсас элира цуьнга: «Марем!» Ткъа Марема, юха а йирзина, арамхойн маттахь элира Цуьнга: «Раббуни!» (иза «Устаз» бохург ду). 17ТІаккха Іийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хІунда аьлча Со хІинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тІе а гІой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тІе а, Сайн Далла а, шун Далла а тІе хьалаволу Со“». 18ТІаккха Магдалера Марема, яхана, мурдашка дІахаийтира шена Веза Эла гар а, Цо шега аьлларг а. 19Оцу кІирандийнахь, суьйранна, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна, неІ дІакъевлина уьш Іаш болуш, чу а ваьлла, юкъаметте дІа а хІоьттина, Іийсас мурдашка элира: «Машар хуьлда шуьца!» 20И аьлла, Шен куьйгаш а, агІо а гайтира Цо. Веза Эла гича, чІогІа хазахеттера мурдашна. 21ТІаккха юха а элира Іийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!» 22И аьлла, Іаь а тоьхна, Іийсас элира: «ДІаэца Делан Са. 23Нагахь аш адамийн къиношна гечдахь, уьш царна тІера дІадевр ду, ткъа нагахь аша и къиношна геч ца дахь, уьш царна тІехь дуьсур ду». 24Ткъа оцу шийттаннах цхьаъ, шех Шалавинарг олуш волу ТІама, Іийса веанчу хенахь мурдашца вацара. 25ТІаьхьа оцу мурдаша ТІамига элира: «Тхуна Веза Эла гира». Ткъа ТІамас элира цаьрга: «Нагахь сайна Цуьнан куьйгаш тІехь хьостамех йисина чевнаш а ца гахь, сайн куьг Цуьнан агІонах йолчу чевнна чу а ца дахийтахь, хІуъа хилча а, тешар вац со». 26Цул тІаьхьа кІира даьлча, мурдаш юха а, гулбелла, Іаш бара цІа чохь. ТІама а вара цаьрца. НеІ дІакъевлина а йолуш, Іийсас, цІа чу а веана, юккъе дІа а хІоьттина, элира цаьрга: «Машар хуьлда шуьца!» 27ТІаккха ТІамига Іийсас элира: «Хьайн пІелг схьа а кховдабай, хьажа Сан куьйгашка, ткъа хьайн куьг Сан агІонах йолчу чевнах чекхдаккха. Ма хила ца тешаш, амма тешаш хила». 28ТІамас, жоп луш, элира Іийсага: «Сан Веза Эла, сан Дела!» 29Іийсас элира цуьнга: «Хьо тийши, хьайна Со гина дела. Декъала бу-кх, Со гина воццушехь, Сох тешнарш». 30Кхин дуккха а тамашийна гІуллакхаш дира Іийсас Шен мурдашна хьалха, кху тептар тІехь яздина а доцу. 31Ткъа хІорш яздина Іийса Дала леррина Къобалвинарг, Делан КІант хиларх шу тешийтархьама а, тІаккха, Цунах теша а тешна, Цуьнан цІарах шун бакъдолу дахар хилийтархьама а.

will be added

X\