Яхьъя 2

1ТІаккха кхоалгІачу дийнахь Галилай-махкара Кхана-юьртахь зуда ялош хІоттийна той дара. Іийсан нана а яра цигахь. 2Цига кхайкхина бара Іийса а, Цуьнан мурдаш а. 3ТІаккха, той дІа а дохале, чагІар чекхдолу а гина, Іийсан нанас элира Цуьнга: «ЧагІар чекхдели-кх кхеран». 4Ткъа Іийсас элира: «Нана, Суна тІе хІунда дуьллу ахьа и гІуллакх? Сан хан хІинца а тІееана яц». 5ТІаккха ялхошка нанас элира: «Цо шайга де аьлларг дерриг а де». 6Цигахь лаьтташ тІулгах йина ялх кхаба яра. Цу кхабанаш чу иттех-пхийттех саьхьан барам хиллал хи тарлора. Жуьгташа куьйгийн цІанонна а, юург лелочу пхьегІашна а лелош дара и хи. 7Іийсас ялхошка элира: «И кхабанаш хих юза». Цара уьш тІеххалц хих юьзира. 8ТІаккха кхин а элира Іийсас цаьрга: «Кхаби чуьра чагІар а доттий, иза той дІакхоьхьуш волчуьнга кховдаде». Ялхоша чагІар тІедаьхьира. 9Той дІахьочо чагІарх чам баьккхира. Ткъа и чагІар хих даьккхина дуй ялхошна бен ца хаьара. ТІаккха той дІахьочо зудаялийнарг шена тІекхайкхира. 10Зудаялийначуьнга цо элира: «Массара а хьалха дика чагІар ло мала, ткъа нах бехначул тІаьхьа вониг ло. Ахь дика чагІар хІинццалц ма-латтийна?» 11Иштта Галилай-махкара Кхана олучу юьртахь дІадолийра Іийсас тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш гайтар. Шен Делера болу олаллин ницкъ гайтира Цо, тІаккха тийшира Іийсах Цуьнан мурдаш. 12Цул тІаьхьа Іийса Къапарнаме веара. Цуьнан нана а, Цуьнан вежарий а, Цуьнан мурдаш а баьхкира Цуьнца цига. Масех де даьккхира цара цигахь. 13« Пасахь » олу жуьгтийн деза де тІедогІуш дара. ТІаккха Іийса Ярушалайме веара. 14Делан цІийнан керта веача, цигахь Іийсана гира стерчий а, уьстагІий а, кхокхарчий а духкуш берш. Ахчанаш хуьйцуш берш а бара цу кертахь хиъна Іаш. 15ТІаккха тІийрагех муш а бина, уьш массо а аралаьхкира Іийсас шайн уьстагІашца а, стерчашца а. ГІопастанаш дІа а карчийна, ахча хуьйцучеран ахчанаш а охьаэгийра Цо. 16Кхокхарчий духкучаьрга а элира Іийсас: «ДІадаха хІорш кхузара! Ма диэ Сан Ден цІийнах йохкаэцаран цІа!» 17ТІаккха Іийсан мурдашна Делан Йозанаш тІехь яздинарг дагадеара: «Хьан цІийне болчу хьагамо Сан кийра багабо». 18Цунна дуьхьал динан куьйгалхоша элира Іийсага: «Иштта хІума дан хьайн олалла дуй хоуьйтуш хІун тамашийна билгалонаш гойтур яра Ахь тхуна?» 19Іийсас жоп делира царна: «Аш хІара Делан цІа дохаде, ткъа Ас кхаа дийнахь дина дІахІоттор ду иза», – аьлла. 20ТІаккха динан куьйгалхоша элира Цуьнга: «ХІара Делан цІа шовзткъе ялх шарахь дина дІахІоттийна, ткъа Ахь кхаа дийнахь дІахІоттор ду иза?» 21Амма Іийсас Делан цІийнах лаьцна бохург Шен дегІах лаьцна бохург дара. 22Іийса веллачуьра денвича, Цуьнан мурдашна Цо аьлла и дешнаш дагадеара. ТІаккха тийшира уьш Делан Йозанех а, Іийсан дашах а. 23Пасахьан дезачу дийнахь, Іийса Ярушалаймехь волуш, Цо деш долчу тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш а гина, дукхахберш тийшира Цунах. 24Амма Іийсас Ша цхьанна а кІорггера ца вовзуьйтура, хІунда аьлча Цунна уьш берриш бевзаш а бара, церан дегнаш гуш а дара. 25Цундела Іийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг.

will be added

X\