Яхьъя 19

1ТІаккха Пулата омра дира, Іийса дІа а вигий, Цунна шодмаш етта аьлла. 2Ткъа тІемалоша, коканийн коьллех кочар а дуьйцина, иза Іийсан коьрта тІе диллира. Ткъа Іийсана цІен бос болу оба тІекхоьллира. 3Цул тІаьхьа, Іийсана тІе а хІуьттуш, наха олура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» ТІаккха цара Цуьнан юьхь тІе еттара. 4Юха а араваьлла, Пулата элира цаьрга: «ХІинца аса аравоккху ХІара шуна хьалха, сайна Кхуьнгара даьлла цхьа а бехк болу хІума ца карийна аьлла, шуна хаийтархьама». 5ТІаккха, коьрта тІехь коьллех дуьйцина кочар а долуш, тІе цІен духар дуьйхина волу Іийса гІишло чуьра аравелира. Пулата нахе элира: «ХІара ву и Стаг». 6Іийса шайна гича, динан коьртачу дайша а, гІаролхоша а маьхьарий хьаькхира: «ЖІарах дІатоха Иза! ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. ТІаккха Пулата элира цаьрга: «Схьа а эций, шаьш дІатоха Иза, хІунда аьлча суна Цуьнгара баьлла цхьа а бехк ца го». 7Ткъа динан куьйгалхоша элира Пулате: «Тхан товрат-хьехамаш бу, цу хьехамашца доьзча, Иза вала веза, Цо Ша Делан КІант ву боху дела». 8Пулатана и дешнаш хезча, иза кхин тІе а кхеравелира. 9Цо, юха а гІалин гІишло чу а ваьлла, Іийсага хаьттира: «Хьо мичара ву?» – аьлла. Ткъа Іийсас цуьнга жоп ца делира. 10ТІаккха Пулата элира Іийсага: «Соьга а эр дацара Ахьа? Ткъа Хьуна ца хаьа, сан карахь дуйла, сайна лаахь, Хьо дІахеца а, сайна лаахь, Хьо жІарах дІатохийта а?» 11Іийсас жоп делира цуьнга: «Суна тІехь цхьана а тайпана олалла хир дацара хьан, хьуна иза лакхара делла дацахьара. Ткъа цундела Со хьоьга дІавеллачунна тІехь кхин а сов къа ду». 12Цу хенахь дуьйна Пулат Іийса дІахеца бахьана лоьхуш вара. Амма наха, маьхьарий хьоькхуш, бохура: «Нагахь ахьа Иза дІахецахь, хьо Рим-мехкан паччахьан доттагІа вац. Муьлхха а шех паччахь веш верг Рим-мехкан паччахьан мостагІа ву». 13И дешнаш хезча, Пулат, Іийса ара а ваьккхина, Литхьасторта олучу, Іебархойн маттахь Габбата цІе йолчу меттигехь кхел ян охьахиира. 14И дерриге а пІераскан дийнахь дара, Пасахьан деза де хила дезачу кІирнах. Делкъахан а яра цу хенахь. ТІаккха: «ХІан, ХІара ву шуна шун Паччахь!» – элира Пулата нахе. 15ТІаккха цара маьхьарий хьоькхура: «ДІаваккха Иза! ДІаваккха! ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. Пулата элира цаьрга: «Ва шун Паччахь жІарах дІатоха веза ас?» Динан коьртачу дайша жоп делира: «Вац тхан кхин паччахь Рим-мехкан тхешан паччахь воцург». 16ТІаккха Пулата цаьрга дІавелира Іийса, Иза жІарах дІатохийтархьама. Иштта Іийса, схьа а лаьцна, дІавигира цара. 17Ша бахьа беза жІаран бІогІам ги а боьллина, «туьтанан меттиг» олучу меттиге дІаволавелира Іийса (Іебархойн маттахь и меттиг «Галгатхьа» олуш ю). 18Цигахь Іийса жІарах дІатуьйхира цара. Іийсаца цхьаьна кхин а ши стаг вара жІарех дІатоьхна, Іийса юккъехь а волуш, Цунна дехьа а, сехьа а агІор. 19Пулата, дечиган уьнан юьхкана тІе йоза а яздина, иза жІаран бІогІам тІе дІатохийтира. Цу тІехь яздина дара: «Назартера Іийса, жуьгтийн къоман Паччахь». 20И яздина дерг дукхах болчу наха дийшира, хІунда аьлча Іийса жІарах дІатоьхна йолу и меттиг гІалина генахь йоццуш яра. И яздинарг кхаа маттахь дара: жуьгтийн, римхойн, грекийн меттанашкахь. 21Динан коьртачу дайша элира Пулате: «Иштта ма язде „Жуьгтийн къоман Паччахь“, – аьлла. Амма язде иштта: „Цо боху, Со Жуьгтийн къоман Паччахь ву“». 22Пулата элира: «Ас яздинарг яздина даьлла». 23Іийса жІарах дІатоьхна бевлча, тІемалоша Цуьнан тІеюху хІуманаш схьа а эцна, уьш деа декъе йийкъира, хІора тІемалочунна цхьацца дакъа а луш. Іийсан чухула юху еха коч а яра цигахь. И коч тегна а йоцуш, лакхара охьакхаччалц, дийнна кІадих йина яра. 24ТІаккха тІемалоша вовшашка элира: «ХІара коч этІор яц вай. ХІокхунна кхаж а тесна, и хьанна кхочу хьовсур ду вай». Дерриг а иштта хила а хилира, Делан Йозанашна тІехь яздинарг кхочушдеш: «Цара вовшашлахь йийкъира Сан тІеюху хІуманаш, кхаж а тесира цара, Сан коч хьанна кхочу хьожуш». ТІемалоша иза иштта дан а дира. 25Іийса дІатоьхначу жІарана уллохь лаьтташ бара Іийсан нана а, ненан йиша а, Кхалайпан зуда Марем а, Магдалера Марем а. 26ТІаккха Іийсас, Шен нана а, цунна юххехь лаьтта, Шена къаьсттина дукха везаш волу мурд а гина, нене элира: «Нана, хІара хир ву хьан кІант». 27Цул тІаьхьа мурде а элира Цо: «ХІара хьан нана ю». Цу сахьтехь дуьйна шеца ша волчу дІайигира цу мурдо иза. 28Цул тІаьхьа дерриг а кхочушхилла даьллий хууш вара Іийса. ТІаккха, Делан Йозанашна тІехь яздинарг кхочушхилийтархьама, Цо элира: «Хьогах ву Со». 29Юххехь лаьтташ кхаба яра, чохь юьззина кемсийн къонза а долуш. ТІаккха тІемалочо, цу кхаби чу худург а Іоьттина, иза ораматан гаьнна тІе а йихкина, Іийсан бете яьхьира. 30Къонза а мелла, Іийсас элира: «Кхочушхили!» ТІаккха, корта охьа а оллийна, Шен са дІаделира Цо. 31И дерриг пІераскан дийнахь хиларна, догІмаш жІарана тІехь дита ца лаьара динан куьйгалхошна, хІунда аьлча тІедогІуш Далла лерина шоьтан де дара. Ткъа цу шоьтан дийнахь доккха деза де долу дела, цара Пулате дийхира, жІарах дІатоьхна болчеран настарш каг а йина, жІараш тІера церан догІмаш дІадахийтахьара аьлла. 32Иштта тІемалоша, схьа а баьхкина, Іийсана цхьацца агІор дІатоьхначеран настарш кегйира. 33Ткъа Іийсана тІебахча, Иза дІакхелханий а гина, Цуьнан настарш ца кегйира цара. 34Ткъа тІемалойх цхьаммо шегара гоьмукъ туьйхира Іийсан агІонах, пІендаршна юккъе. Цу сохьта цІий а, хи а охьадахара. 35И хилларг гиначо тоьшалла дина, шу а цунах тешийтархьама. Ткъа цуьнан тоьшалла бакъ а ду, цунна ша бакъдерг бохий а хаьа. 36Иза хилла дІахІоьттира, Делан Йозанаш тІехь яздина дерг кхочушхилийтархьама: «Цуьнан цхьа а даьІахк кагйина хир яц», – аьлла. 37Делан Йозанийн кхечу меттехь кхин а аьлла ду: «Шаьш дегІах гоьмукъ чекхбаьккхиначуьнга хьовсур бу уьш». 38Цул тІаьхьа Рамат цІе йолчу гІалара а волуш, динан куьйгалхойх ша ца вахьарна, Іийсан къайлаха мурд а волуш волчу Юсупа Пулате дийхира, Іийсан дегІ жІара тІера схьадаккха шена бакъо ялар. Пулата и дан бакъо елира Юсупна. ТІаккха цо, вахана, и дегІ жІара тІера схьадаьккхира. 39Хьалха, буьйсанна Іийса волчу а оьхуш, Цуьнца къамел дина волу Нукха-Деми веара Юсупца цига. Нукха-Демис шеца кхузткъе итт герка гергга хаза хьожа йогІу деза хьакхарш а, сарап олу молха а, цхьаьна а тоьхна, схьадеанера. 40Цара, Іийсан дакъа схьа а эцна, Иза хаза хьожа йогІу хьакхарш хьаькхна долчу кІади юкъа хьарчийра, жуьгтийн Іедалехь стаг дІавуллуш ма-дарра. 41Іийса жІарах дІатоьхначу меттигна юххехь беш яра. Цу бешахь яьккхина, шена чу хІинца а цхьа а виллаза къубба яра. 42И дерриг а жуьгташа шоьтан денна кечам беш долу пІераскан дийнахь долу дела а, и къубба генахь йоцу дела а, Іийса цу чу виллира.

will be added

X\