Яхьъя 18

1Шен доІа дина а ваьлла, Іийса Шен мурдашца Кхидрун-хин тогІина дуьхьал агІор йолчу беша дІаволавелира. Цу беша бевлира Іийса а, Цуьнан мурдаш а. 2Ткъа Іийсана ямартло еш волчу ЯхІудана а евзара и меттиг, хІунда аьлча Іийса а, Цуьнан мурдаш а кест-кестта гуллора цигахь. 3Иштта ЯхІуд а веара цига, шеца римхойн тІемалойн тоба а, динан коьртачу дайша а, парушхоша а хьовсийна гІаролхой а балош. Церан карахь стогарш а, цІераш латийна хаьштигаш а, герз а дара. 4Ткъа хьалххе дуьйна а Шех хин дерг хууш волчу Іийсас, хьалха а ваьлла, элира цаьрга: «Аша мила лоьху?» 5Цунна жоп делира: «Назартера Іийса лоьху», – аьлла. ТІаккха Іийсас элира: «Со ву-кх Иза». Ткъа баьхкинчаьрца лаьтташ Іийсана ямартло еш волу ЯхІуд вара. 6Іийсас «Со ву Иза» аьлча, уьш берриш, юха а бевлла, лаьтта охьаийгира. 7ТІаккха Іийсас юха а хаьттира цаьрга: «Аша мила лоьху?» Цара жоп делира: «Назартера Іийса», – аьлла. 8Ткъа Іийсас элира: «Ас элира шуьга, Со ву И, аьлла. Нагахь аша Со лехахь, хІорш, Іадбитий, дІабахийта». 9Иштта кхочушхилира Іийсас аьлла дешнаш: «Ахь Суна беллачех Ас цхьа а ца вайина». 10ТІаккха шегахь тур долчу ШамІа-Кипас, иза баттара а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочунна тур а тоьхна, цуьнан аьтту лерг тІерадаьккхира. Оцу ялхочун цІе Малх яра. 11Іийсас Кипе элира: «Батта чу дилла хьайн тур. Сайн Дас мала аьлла белла баланийн кад ца молуш Іийр вара ткъа Со?» 12Цул тІаьхьа тІемалоша а, церан коьртачу хьаькамо а, динан куьйгалхоша схьабахкийтинчу гІаролхоша а Іийса, схьа а лаьцна, дІавихкира. 13ТІаккха Іаннина тІевигира цара Іийса, Іанна цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбан стунда хиларна. 14Ткъа Кайба вара динан куьйгалхошка, халкъан дуьхьа цхьа стаг валар гІоле ю аьлла, хьехам бинарг. 15Іийсана тІаьхьахІоьттина воьдуш вара ШамІа-Кипа а, кхин цхьа мурд а. И мурд динан коьртачу дена вевзаш вара, цундела иза Іийсаца цхьаьна динан коьртачу ден керта чу велира. 16Ткъа Кипа кертан кевнал арахьа лаьтташ вара. ТІаккха оцу динан коьртачу дена вевзаш волчу вукху мурдо, ара а ваьлла, кертан кевнехь гІарол дечу зудчуьнга а аьлла, Кипа чоьхьа ваьккхира. 17ТІаккха оцу кевнехь лаьттачу зуда-ялхочо Кипе элира: «Хьо а вац хІокху Стеган мурдех?» Кипас элира: «Вац». 18Цигахь шийла хиларна, кІора багош, бохлуш лаьтташ леш а, гІаролхой а бара. Цаьрца вохлуш лаьтташ Кипа а вара. 19Динан коьртачу дас мурдех а, Цо бечу хьехамех а лаьцна хаьттира Іийсага. 20Іийсас жоп делира цуьнга: «Аса, хьул ца деш, дерриг дІадийцира дуьнене. Гуттара а гуламан цІеношкахь я Делан цІа чохь, вайн массо нах гуллучохь, хьехамаш бора Аса. Аса къайлаха хІумма а ца дуьйцура. 21Ахьа Соьга хІунда хоьтту и? Хезначаьрга хатта, Аса шайга хІун дуьйцура. Царна хаьа хьуна, Аса хІун аьлла». 22Іийсас и аьлча, юххехьа лаьттачу гІаролхочо, Іийсан юьхь тІе тІара а тоьхна, элира Цуьнга: «Иштта жоп лур дара Ахьа динан коьртачу дега?» 23Іийсас жоп делира цуьнга: «Ас цхьа хІума нийса ца аьллехь, схьаала, иза иштта дац аьлла. Аса нийса аьллехь, Суна хІунда етта ахь?» 24ТІаккха Іийса, вихкина а волуш, динан коьрта да волчу Кайбана тІехьажийра Іаннас. 25Ткъа ШамІа-Кипа хІинца а вохлуш лаьтташ вара. ТІаккха элира цуьнга: «Хьо-м вац те Цуьнан мурдех?» «Вац», – аьлла, дІахадийра Кипас. 26Кипас лерг даьккхинчун гергара волчу, динан коьртачу ден ялхойх цхьаммо элира: «Хьо вацара Цуьнца цхьаьна бешахь суна гинарг?» 27Иштта Кипас юха а элира: «Вацара». Ткъа цу сохьта нІаьна кхайкхира. 28Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гІишлона чу вигира Іийса. Цу хенахь Іуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гІишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама. 29ГІишло чуьра араваьллачу Пулата динан куьйгалхошка хаьттира: «Кху стагана дуьхьал баккха хІун бехк балабо аша?» 30Цара, жоп луш, элира: «Цо зулам ца динехьара, хьан кара дІавелла хир вацара оха Иза». 31ТІаккха Пулата элира цаьрга: «Аша, Иза дІа а эций, шайн Іедало ма-бохху, кхел е Цунна». Динан куьйгалхоша элира: «Тхуна цхьанна а веран кхел яр кхочушдан ца магадо». 32Иза хилира Іийсас Шен валар муха хир ду дІахоуьйтуш аьлла долу дешнаш кхочушхилийтархьама. 33ТІаккха Пулата, юха а гІишло чу а вахана, Іийса шена тІе а кхайкхина, хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» 34Іийсас жоп делира: «Хьайгара боху те ахьа иза, я кхечара аьлла те хьоьга Сох лаьцна?» 35Пулата, жоп луш, элира: «Жуьгти ву ткъа со? Хьан халкъо а, динан коьртачу дайша а схьавелла-кх Хьо сан кара. Ахь хІун дина?» 36Іийсас жоп делира: «Сан Пачхьалкх кху дуьненара яц. Нагахь Сан Пачхьалкх кху дуьненара елахьара, Сан ялхой, Со динан куьйгалхойн кара ца вахийта, Сан дуьхьа летар бара. Ткъа хІинца Сан пачхьалкх кхузара яц». 37ТІаккха Пулата элира Іийсага: «Хетарехь, Хьо хІетте а Паччахь ву-кх?» Іийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугІу Сан озе». 38Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хІун ду?» Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тІевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хІума ца го суна. 39Пасахьан дийнахь гуттара а деш цхьа хІума ма ду шун: тутмакхех цхьаъ паргІатвоккхуьйтуш. Иштта, ас хІара жуьгтийн къоман Паччахь дІахеца лаьий шуна?» 40Цара маьхьарий хьаькхира: «ХІара ма хеца, Барраб схьахеца», – аьлла. Ткъа Барраб талорхо вара.

will be added

X\