IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Яхьъя 16 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  «ХІара элира Ас шуьга, шу тешар тІера юха ца довлийтархьама.   2  Гуламан цІенойх дІакъастор ду шу. Цул сов, тІекхочуш ю и зама, муьлххачунна а, шух цхьаъ ша вийча, ша Далла гІуллакх до моьттуш.   3  И гІуллакхаш лелор ду цара, шайна я Да а, я Со а ца вевзина дела.   4  ХІара элира Ас шуьга, и зама тІееача, шуна дагадаийтархьама оцу дерригенах лаьцна Ас шайга аьлларг». «ХІинццалц ца аьллера Ас шуьга иза, Со шуьца цхьаьна хилла дела.   5  Ткъа хІинца Со Ваийтинчунна тІевоьду Со. Шух цхьаммо а ца хотту Соьга: „Хьо стенга воьду?“   6  Амма Аса шайга и дІахаийтарна, шун дегнаш гІайгІанах дуьзна ду.   7  Ткъа Аса бакъдерг боху шуьга: „Со дІавахар гІоле ю шуна“. Нагахь Со дІа ца вахча, шуна гІо Дийриг вогІур вац, ткъа Со дІавахча, воуьйтур ву Ас Иза шуна.   8  Ша веача, Цо гучудоккхур ду дуьненна цуьнан къинойх а, бакъонцалеларх а, кхелах а лаьцна йолчу агІор дуьне тиладалар.   9  Цо гойтур ду дуьнено Сох цатешарна латийна къа.   10  ТІаккха Цо гойтур ду дуьне бакъонца цалелар, хІунда аьлча Со Дена тІе гІур ву. Со кхин гур вац шуна.   11  Ткъа цу Делан Сино гойтур ду Делан кхелах лаьцна дуьне тиладелла хилар, хІунда аьлча кху дуьненан элана кхел йина.   12  Кхин а дуккха дара Сан шуьга ала, амма цкъа хІинца кхетар дац шу.   13  Ткъа и бакъдерг гойтуш долу Са схьадеача, Цо билггал бакъболчу новкъа дохур ду шу, хІунда аьлча Цо Шегара бохур дац, амма Шена хезнарг дуьйцур ду, тІейогІучу хенахь хиндерг хоуьйтур ду Цо шуна.   14  Цо Сан сийлалла ойур ю, хІунда аьлча Соьгарчух дІа а эцна, Цо довзуьйтур ду шуна иза.   15  Ден мел долу хІума а Сан ду. Цундела элира Ас, Цо, Соьгарчух дІа а эцна, шуна довзуьйтур ду иза аьлла».   16  «Кестта Со гур вац шуна. ТІаккха юха а кестта гур ву шуна Со».   17  ТІаккха цхьаболчу мурдаша вовшашка элира: «И хІун ду те Цо вайга бохург: „Кестта Со гур вац шуна, юха а кестта Со гур ву шуна?“ Кхин а: „Со Сайн Да волчу воьду“?»   18  Иштта цара бохура: «И хІун ду те Кхо бохург: „Кестта“? Ца кхета-кх вай Кхо бохучух».   19  Ткъа Іийса кхийтира, Шега уьш хІун хатта лууш бу. ТІаккха Цо мурдашка элира: «Ас шайга аьлларг хІун ду те бохуш, вовшашка хоьттуш ду шу: „Кестта Со гур вац шуна, тІаккха юха а кестта гур ву шуна“?   20  Баккъалла боху Ас шуьга: Шу узарш деш а, доьлхуш а хир ду, ткъа дуьненна хазахетар ду. Шу халахетта хир ду, амма шун халахетар хазахетаре доьрзур ду.   21  Бер деш йолу зуда хуьлу гІайгІане, шен бер до хан тІекхаьчна дела, ткъа шен бер хилла даьлча, хазахетарна и гІайгІа йицло цунна, ша адам дуьнен чу даккхарна.   22  Иштта шу а хІинца гІайгІане ду, амма Суна юха гур ду шу, тІаккха хазахетар хир ду шун дегнашна. И шун хазахетар цхьаммо а дІадоккхур дац шуьгара.   23  ТІаккха цу дийнахь хІумма а хоттур дац аша Соьга. Баккъалла боху Ас шуьга: нагахь Сан цІарах цхьа хІума аша Дега дехахь, лур ду Цо шуна.   24  ХІинццалц хІумма а ца дехнера аша Сан цІарах. Ткъа хІинца деха, лур ду шуна, шун хазахетар дуьззина хилийтархьама».   25  «ХІара кицанашца элира Ас шуьга. Амма тІейогІуш ю и зама, Ас шуьга кхин кицанашца а ца дуьйцуш, ма-дарра Сайн Дех лаьцна шуна дІакхайкхош.   26  Цу дийнахь шаьш доьхур ду аша Сан цІарах. Ас ца боху шуьга, шун метта Ас деха дезар ду Дега.   27  ХІунда аьлча Дена Шена а деза шу, шуна Со везна дела а, Со Дех схьаваьлла хиларх шу тешна дела а.   28  Дех схьа а ваьлла, дуьнен чу веанера Со, ткъа хІинца, юха а хІара дуьне дитина, Дена тІевоьду Со».   29  ТІаккха Іийсан мурдаша элира: «ХІаъ, хІинца-м тхо кхетадеш схьабоху Ахь тхоьга, кицанашца а ца дуьйцуш.   30  ХІинца кхета тхо Хьуна дерриг хаьий, цхьаммо хаттарш а дале, уьш Хьуна девзий. Цундела теша тхо Хьо Делера схьаваьлла хиларх».   31  Іийсас жоп делира царна: «ХІинца теша шу?   32  Ткъа хІинца тІекхоччуш лаьтта, тІекхаьчна а даьлла и сахьт, шу дерриш а дІаса а даьржина, хІора а шайн-шайн цІа а вирзина, Со цхьа а вуьтуш. Амма Со цхьа вац, Соьца Сан Да волу дела.   33  ХІара элира Ас шуьга, Соьгахула шун машар хилийтархьама. Дуьненахь гІайгІа хир ю шун, амма доьналла долуш хилалаш! Со тоьлла дуьненал».