Яхьъя 15

1«Со кемсийн бакъйолу таьлланг ю, ткъа Сан Да кемсийн беш Лелорхо ву. 2Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дІахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цІандо, алссам стоьмаш хилийта. 3Ас шуна хьехначу дашехула хІинца шу цІена ду. 4Шу Соьца хила, ткъа Со Шуьца хир ву. Гаьнно, ша таьлланг тІехь ца хилча, ша-шегара стом ца кхиоре терра, иштта шу а хир ду, шу Соьца ца хилча. 5Со кемсийн таьлланг ю, ткъа шу гаьннаш ду. Муьлххачо а ша Соьца волчо а, Со шеца волчо а шортта стоьмаш кхиор бу. Со воцуш шуьга хІумма а далур дац. 6Милла а Соьца воцург кхоьссина дІа а вохуьйту, и га санна, иза вакъа а ло. ТІаккха и гаьннаш, гулдина, цІерга кхуьссу. Уьш цІергахь догу. 7Нагахь шу Соьца а хилахь, Сан дешнаш шуьца а хилахь, шайна луъург дерриге а деха, иза хир ду шуна. 8Шортта стом а луш, шу Сан мурдаш хилча, Сан Ден сийлалла гучуйолу. 9Сан Дена Со везаре терра, Суна шу а дезна. Хуьлийла шу а Сан безамехь. 10Аса шайна тІедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тІедехкинарш нийсса кхочушдина дела. 11ХІара элира Ас шуьга, Сайн хазахетар шуна чохь хилийтархьама а, и шун хазахетар дуьззина хилийтархьама а. 12ХІара ду Ас шуна тІедуьллург: „Дезийла шуна вовшийн, Суна шу дезадаларе терра“. 13Шен доттагІашна хьалхара шен са а дІадаллал болчу безамал сов безам цхьанна а хир бац. 14Шу Сан доттагІий ду, нагахь аша Ас тІедиллина гІуллакх кхочушдахь. 15ХІинца ца олу Ас шух ялхой, хІунда аьлча ялхочунна шен олахочо дийриг ца хаьа. Амма шух Ас доттагІий аьлла, Сайн Дегара хезнарг дерриге а Ас шуьга дІахаийтина дела. 16Аша Со ца хаьржина, амма Ас, харжа а хаьржина, дІахІиттийна шу. Ас шу къобалдина, шу дахханчохь, шуьга лаьттан стоьмаш кхиадайта. ТІаккха аш Сан цІарах хІуъа а Сан Дега деххнарг Цо шуна лур ду. 17Ткъа хІара тІедуьллу Ас шуна: вовшийн дезалаш». 18«Дуьненна шаьш ца дезалахь, хаалаш, шул хьалха Со а дуьненна ца везна хилар. 19Шу кху дуьненара делахьара, цу дуьненна шу, шайнаш санна, дезар дара. Амма шу кху дуьненан долахь дац. Ас шу дуьненна юккъера схьахаьржина долу дела, ца деза шу дуьненна. 20Дагахь латтаделаш Аса шайга аьлла дош: „Ялхо шен олахочул лакхара вац“. Нагахь Соьга халонаш хьегийтинехь, шуьга а хьоьгуьйтур ю. Нагахь Сан дош нийсса кхочушдеш хиллехь, шун дош а кхочушдийр ду. 21И дерриг а дийр ду шуна Сан цІе бахьана долуш, хІунда аьлча Со Ваийтинарг царна ца вевза. 22Нагахь Аса, веана, цаьрга ца дийцинехьара, уьш шайн къиношна бехке хир бацара. ХІинца шайн къиношна уьш бехказа бац. 23Со ца везачунна Сан Да а ца веза. 24Нагахь Ас кхин цхьаммо а дина доцу гІуллакхаш царна юкъахь ца динехьара, тІаккха царна тІехь къа а хир дацара. Ткъа хІинца, и гІуллакхаш шайна гина доллушехь, ца вийзира царна Со а, Сан Да а. 25Амма иза хилира, церан товрат-хьехамаш тІехь яздинарг кхочушхилийта: „Со ца веза бахьана дацара церан“. 26Ас воуьйтур ву шуна Сайн Дегара гІо Дийриг – Дегара схьадолу бакъдерг гойту Са доуьйтур ду шуна. Цо, деача, тоьшалла дийр ду Сох. 27Ткъа шаьш юьххьехь дуьйна а Соьца хиларна, аша а тоьшалла дийр ду Сох».

will be added

X\