Яхьъя 14

1«Сингаттаме ма хуьлийла шун дегнаш. Делах а тешалаш, Сох а теша. 2Сан Ден цІахь дуккха ю чоьнаш. Со шуна меттиг кечъян воьду. Иза иштта дацахьара, Ас и эр дацара шуьга. 3Аса, ваха а вахана, шуна меттиг кечйина яьлча, тІаккха юха а веана, Со волчу дІадуьгур ду шу, шу а Со волччохь хилийтархьама. 4Со воьдучу метте болу некъ а бевза шуна». 5ТІаккха ТІамас элира Цуьнга: «Веза Эла, тхуна-м ца хаьа, Хьо стенга воьду, тхуна муха бевзар бу и некъ?» 6Цунна дуьхьал Іийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тІе, Соьгахула бен. 7Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара шуна. Ткъа хІинца дуьйна дІа Иза вовза а вевзина, ган а гина шуна». 8Пилапа элира Іийсага: «Веза Эла, гайтахьа тхуна Да, иза тоьар дара-кх тхуна тІаккха». 9Іийсас элира цуьнга дуьхьал: «Оццул дукха хенахь дуьйна ву Со шуьца, ткъа хІинца а ца вевза хьуна Со, Пилап? Со гиначунна Да а гина, ткъа ахьа и муха боху: „Гайтахьа тхуна Да“? 10Ткъа хьо ца теша, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а? Аса шуьга олу дешнаш Соьгара дац. Соьца хуьлуш волчу Сан Дас деш ду и Шен гІуллакхаш. 11Тешалаш Сох, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а. Ткъа шу цунах ца тешахь, Ас дечу гІуллакхашкахула мукъана а теша Сох. 12Бакъдерг боху Ас шуьга: и Ас дийриг Сох тешачуьнга а далур ду. Кхин а сов гІуллакхаш далур ду цуьнга, хІунда аьлча Со Сайн Да волчу воьду. 13ТІаккха аша Сан цІарах деххнарг Ас кхочушдийр ду, Ден сийлалла Цуьнан КІантехула гучуяккхархьама. 14Ткъа аша хІуъа а Сан цІарах дехахь, Ас кхочушдийр ду иза». 15«Нагахь шуна Со везахь, Ас шайна тІедиллина гІуллакхаш а кхочушде аша. 16Ткъа Аса Дега доьхур ду, тІаккха Цо кхин „гІо Дийриг“ лур ву шуна, Иза абаде кхаччалц шуьца хилийта. 17Билггал бакъдерг гойту Са лур ду шуна, дуьнене тІеэцалур доцу, шена Иза ган а ца го дела а, И довза а ца девза дела а. Ткъа шуна девза Иза, И шуьца долу дела а, шуна чохь И хир долу дела а. 18Байлахь дуьтур дац Ас шу. ВогІур ву Со шу долчу. 19Кестта дуьненна гур вац Со, амма шуна гур ву Со. Соьца дахар хиларна, шу а дехар ду. 20Цу дийнахь хуур ду шуна Со Сайн Деца хилар а, шу Соьца хилар а, Со а шуьца хилар а. 21Ас тІедиллина гІуллакхаш тІе а оьцуш, уьш кхочушдеш верг ву Со везарг. Ткъа Со везнарг Сан Дена а везар ву. Суна а везар ву иза, Аса Со гойтур ву цунна». 22Искархо а воцуш, кхечу ЯхІуда элира Іийсага: «Веза Эла! И хІун ду? Хьо тхуна хІунда гайта воллу Хьо, дуьненна а ца гойтуш?» 23Іийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гІур ду, ваьшна хІусам а йийр ю цигахь. 24Со ца везачо Сан дешнаш а тІе ца оьцу. Ткъа шуна хезаш долу дош Сан дац. Иза Со ваийтинчу Ден ду. 25ХІара Ас дийцира шуьга, Со шуьца а волуш. 26Ткъа шуна гІо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хІума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна. 27Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш. 28Шуна хезира-кх Ас шуьга аьлларг: „Со дІавоьду, юха а вогІур ву Со шу долчу“. Со шайна везахьара, хазахетар дара шуна Со Дена тІевоьдуш хилар, Сан Да Сол лакхара волу дела. 29ХІинца, хьалххе, и хилале, дІахоуьйту Ас шуьга, тІаьхьа и кхочушхилла даьлча, шу тешийтархьама. 30Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хІунда аьлча кху дуьненан эла схьавогІу, ткъа цуьнан Суна тІехь олалла дац. 31Амма дуьненна а Суна Сайн Да везий хаийта, Сайна тІедехкина гІуллакхаш, Цо ма-бохху, кхочуш до Ас. ХьалагІовтта. Кхузара дІадоьлху вай».

will be added

X\