Яхьъя 13

1Пасахьан деза де тІекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тІеваха веза хан тІекхаьчний хаьара Іийсана. Дуьненара Шенаш безара Іийсана, ткъа хІинца Шен безам ма-барра кІорггера гайтира Іийсас царна. 2Суьйренан пхьор дуучу хенахь Іийсана ямартло ян дагатесира иблисо ШамІа-Искархочун кІантана ЯхІудана. 3Ткъа Іийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хІинца Далла тІевоьдий а. 4Иштта Іийсас, хьала а гІаьттина, Шен тІехулара бедар схьаяьккхира. ТІаккха гата схьа а эцна, иза Шен гІодаюкъах дихкира. 5Цул тІаьхьа теса чу хи доьттира Іийсас. ТІаккха мурдийн когаш била а буьлуш, уьш Шен гІодаюкъарчу гатанца бакъабан волавелира Иза. 6Иштта ШамІа-Кипина тІе а вахара Іийса, ткъа вукхо элира Цуьнга: «Веза Эла, Ахь буьлур бара сан когаш?» 7Іийсас жоп делира: «Ас дийриг цкъа хІинца хІун ду ца хаьа хьуна, амма тІаьхьа кхетар ву хьо». 8ТІаккха Кипас элира Цуьнга: «Буьлур бац Ахьа-м сан когаш цкъа а». Ткъа Іийсас жоп делира Кипе: «Ас уьш ца билахь, Сох доьзна хьан хІумма а хир дац-кх». 9ТІаккха ШамІа-Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, когаш билина а ца Іаш, сан куьйгаш а, корта а билахь!» 10Іийсас элира цуьнга: «Лийчиначун ши ког бен била ца оьшу, хІунда аьлча иза верриг а цІена ву. Шу а цІена ду, дерриш дацахь а». 11Іийсана-м вевзара Шена ямартло ен верг. Цундела элира Цо: «Шу дерриш цІена дацахь а», – аьлла. 12Мурдийн когаш билина а ваьлла, Шен бедар схьа а эцна, Іийса юха а Шен метте дІатевжира. Ткъа мурдашка Цо элира: «Хаьий те шуна Ас шайна динарг хІун ду? 13Аша Сох „Устаз“ а, „Веза Эла“ а олу, иза нийса олу аша, Со Иза ван а ву. 14Иштта, шун Веза Эла а, Устаз а воллушехь, Аса а шун когаш билча, аша а била беза вовшийн когаш. 15Аса масал гайтира шуна. ХІинца Ас шайна диннарг шуьга вовшашна а дайтархьама. 16Баккъалла а боху Ас шуьга: „Ялхо шен олахочул лакхара вац. Иштта вахийтинарг а ша ваийтинчул лакхара вац“. 17Иза шуна хаа а хаахь, и аша кхочуш а дахь, декъала хир ду шу. 18Шух массарах лаьцна ца боху Ас иза. Суна бевза Айса хаьржинарш. Амма кхочушхила деза Делан Йозанаш тІехь яздина долу: „Соьца бепиг дууш волчо Суна тІе куьг айина“, – боху дешнаш. 19ХІинца хьалххе дІахоуьйту Ас шуьга хиндерг, иза кхочушхилале, тІаккха и кхочушхилла даьлча, Со Со Верг хиларх шу тешийта. 20Баккъалла боху Ас шуьга: Ас Вохуьйтург тІеоьцуш волчо Со тІеоьцу, ткъа Со тІеоьцучо Со Ваийтинарг а тІеоьцу». 21И къамел дича, Іийсан са бІарзделлера. Цо, тоьшалла деш, элира: «Бакъдерг боху Ас шуьга, шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна». 22ТІаккха мурдаш, цецбевлла, вовшашка хьоьжура, Цо хьанах лаьцна боху ца кхеташ. 23Мурдех Іийсана къаьсттина везаш волу цхьаъ Цуьнан некха тІе тевжина Іаш вара. 24Оцу мурде ШамІа-Кипас хичаш йира, и Цо вуьйцург мила ву те, Іийсага хаттахь аьлла. 25Оцу мурдо, Іийсан некха тІе корта а биллина, хаьттира Цуьнга: «Веза Эла! Мила ву иза?» – аьлла. 26Іийсас жоп делира: «Аса хІара баьпкан юьхк, кеда чу а Іоьттина, дІакховдон ерг ву». ТІаккха Іийсас баьпкан юьхк, кеда чу а Іоьттина, ШамІа-Искархочун кІанте ЯхІуде дІакховдийра. 27ЯхІуда и баьпкан юьхк схьа-ма-ийцци, цу сахьттехь, цунна чу иблис дуьйлира. ТІаккха Іийсас элира ЯхІуде: «И хьо дан воллург сихха дей вала». 28Амма Іийсана юххехь дІатевжина Іаш болчех цхьа а ца кхийтира, Іийсас стенах лаьцна боху цуьнга. 29ЯхІудехь ахча долу тІоьрмаг хиларна, царах цхьаболчарна моьттира, Іийсас цуьнга: «Дезачу денна вайна оьшург эца», – я: «Мискачарна сагІа ло», – боху. 30Ткъа ЯхІуд, и баьпкан юьхк схьа а эцна, цу сахьтехь аравелира. Арахь буьйса яра. 31Иштта, ЯхІуд араваьлча, Іийсас элира: «ХІинца Адамийн КІентан сийлалла а гучуели, ткъа Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхи. 32Нагахь Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхича, тІаккха Дала а Шегахула Адамийн КІентан сийлалла гучуйоккху. Кестта Дала Цуьнан сийлалла гучуйоккхур ю. 33Бераш! ХІокхул тІаьхьа кхин дукха хир вац Со шуьца. Лоьхур ву аша Со. Амма Ас динан куьйгалхошка ма-аллара: „Со воьдучу шун догІийла яц“, иштта хІинца шуьга а боху Ас изза. 34ХІинца керла гІуллакх тІедуьллу Ас шуна: вовшийн дезаш хила. Суна шу ма-деззара, иштта шуна а дезийла вовшийн. 35Нагахь шун вовшашка безам хилахь, тІаккха хуур ду массарна а шу Сан мурдаш хилар». 36ШамІа-Кипас хаьттира Іийсага: «Веза Эла! Хьо стенга воьду?» Іийсас жоп делира цуьнга: «Со воьдучу цкъа хІинца валур вац хьо, амма тІаьхьо вогІур ву хьо Суна тІаьххье». 37Кипас хаьттира Іийсага: «Сан йиш хІунда яц те хІинцца Хьуна тІаьхьа ван? Сайн са а дІалур ду-кх ас Хьан дуьхьа». 38Іийсас жоп делира: «Хьайн са а дІалур ду боху ахь Сан дуьхьа? Бакъдерг боху Ас хьоьга: „НІаьна кхайкха а кхайкхале, кхузза Сох дІакъаьстар ву хьо“».

will be added

X\