1 Иштта, Пасахьан деза де тІекхача ялх де дисича, Бет-ХІина олучу гІала веара Іийса. Іийсас веллачуьра денвина волу ЛаІзар а вара цигахь вехаш. 2 Цигахь суьйренан пхьор кечдинера Іийсана. Марта а яра гІуллакхаш деш. И ЛаІзар а вара Іийсаца пхьор дуучаьрца. 3 ТІаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Іийсан когаш тІе доьттира. Цул тІаьхьа шен коьртара месашца Іийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цІа хаза хьожа йогІучу даьттанан хьожанах дуьзира. 4 ТІаккха Іийсан мурдех цхьаммо, ЯхІуд-Искархочо, тІаьхьа Іийсана ямартло ен волчо, элира: 5 «И деза даьтта кхо бІе динари ахчанах дохка а доьхкина, мискачарна дІа хІунда ца дийкъира вай?» 6 И ша аьлларг ца элира цо мискачу нехан бала кхаьчна, ткъа ша къу хиларна элира. Шегахь мурдийн ахча Іалашдеш лелош болу тІоьрмаг болу дела, наггахь цу чу тосучу ахчанах хІума схьаоьцура цо шена. 7 ТІаккха Іийсас элира: «Йита и зуда. Шена ца хуъушехь, Со дІавуллун волчу денна Іалашдина хилла цо и даьтта. 8 ХІунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуьца, ткъа Со даим хир вац шуьца». 9 Дукхах болчу яхІудхошна хиира Іийса цигахь вуйла. Іийса гархьама хилла а ца Іаш, Цо веллачуьра денвина волу ЛаІзар ган а баьхкинера уьш. 10 Ткъа динан коьртачу дайша ЛаІзар а вен сацам бира. 11 ХІунда аьлча ЛаІзар бахьана долуш баьхкина дукхах болу яхІудхой, динан куьйгалхойх дІа а къаьстина, Іийсах тийшира. 12 ШолгІачу дийнахь Пасахь даздан баьхкинчу дукхачу нахана хезира, Іийса Ярушалайме вогІуш ву аьлла. 13 Уьш, хурманийн диттийн гаьннаш карахь а долуш, Іийсана дуьхьалбаьхкира. Цара аз айдина маьхьарий деттара: «ХІашанна! Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш волу Исраилан Паччахь!» 14 Ткъа Іийса, цхьа къона вир карийна, цунна тІе хиира, Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: 15 «Ма кхералахь, Цийонан йоІ! ХІара хьан Паччахь вогІу, къоначу вира тІе а хиъна». 16 Цуьнан мурдаш юьхьанца ца кхийтира цунах. Амма, тІаьхьа, Іийсан сийлалла кхочушхилча, кхийтира уьш, и дешнаш Цунах лаьцна яздина хиларх а, и дерриг а Цунна дина хиларх а. 17 Хьалха Цо ЛаІзар къуббанна чуьра схьакхайкхинчу хенахь а, Цо иза веллачуьра денвинчу хенахь а Іийсаца хиллачу наха цунах тоьшалла дора. 18 Іийсас оцу тамашийнчу гІуллакхан билгало яр хезна, Цунна дуьхьалбаьхкира нах. 19 Парушхоша вовшашка бохура: «Гой шуна, вай-м хІумма а дан ца ларий? Ткъа дерриг дуьне а Цунна тІаьхьахІуттуш ма лаьтта!» 20 Пасахьан дезачу дийнахь Далла Іамал ян баьхкинчарна юкъахь грекахой а бара. 21 Галилай-махкара Бет-Саида-гІалара волчу Пилапана тІебахара уьш. Цара, дехарш деш, элира Пилапе: «Олахо, тхуна Іийса ган лаьа». 22 Цунах лаьцна Пилапа Іандаре дІаэлира. ТІаккха Іандара а, Пилапа а, вахана, Іийсага дІадийцира грекахошна луург. 23 Іийсас, жоп луш, элира цу шинга: «ТІекхаьчна Адамийн КІентан сийлалла дІагойту сахьт. 24 Баккъалла а боху Ас шуьга: нагахь кІен буьртиг лаьтта боьжча, хІаллак ца хилахь, иза ша буьсур бу. Ткъа нагахь иза ша хІаллакьхилахь а, дуккха а стом лур бу цо. 25 Шен са дезачо иза хІаллакдо. Ткъа кху дуьненахь шен са ца дезачо, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачархьама, Іалашдийр ду иза. 26 Милла а Суна гІуллакх деш верг Суна тІаьхьахІуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гІуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву». 27 «Ткъа хІинца Сан са карзахдаьлла. ХІун ала те Ас? „Дада, кІелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со. 28 Дада! Гучуяккхахьа Хьайн цІеран сийлалла!» ТІаккха стигалшкара аз хезира: «Ас Сайн цІеран сийлалла гайта а гайтина, ткъа хІинца кхин а гойтур а ю», – аьлла. 29 Цигахь лаьтташ болчу, иза хезначу наха бохура: «Иза стигал къовкъар дара». Ткъа вукхара бохура: «Малико къамел дира Цуьнца». 30 Цара аьллачунна дуьхьал Іийсас элира: «Сан дуьхьа даийтина дацара и аз, амма шун дуьхьа даийтина дара иза. 31 ХІинца кху дуьненна кхел хуьлуш ю. Кху дуьненан эла дІаэккхор ву хІинца. 32 Со лаьттара хьалаваьккхича, массо адам Сайна тІеозор ду Ас». 33 Иза Іийсас элира, Шен валар муха хир ду хаийтархьама. 34 Наха Іийсага элира: «Тхуна хезна товрат-хьехам тІехь, Дала леррина Къобалвинарг даим а вехар ву аьлла, дуйла. Ткъа Ахь муха боху: „Адамийн КІант хьалаваьккхина хила везаш ву? Мила ву и Адамийн КІант?“» 35 ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «ХІинца а кІеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дІа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа. 36 И серло шуьца йолччуьра, теша цу серлонах, тІаккха серлонан кІентий хир ду шух». Иза а аьлла, Іийса, дехьа а ваьлла, къайлавелира царах. 37 Оццул дукха тамашийнчу гІуллакхийн билгалонаш гайтира Іийсас нахана, хІетте а тешаш бацара уьш Цунах. 38 Иза дара ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро аьлла хІара дешнаш кхочушхилийтархьама: «Веза Эла, мила тийшира тхоьгара хезначух? Хьанна хааделира Везачу Элан нуьцкъала куьг?» 39 Цу нехан тешийла а дацара, ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро кхидІа а иштта аьлла дела: 40 «Дала церан бІаьргаш бІаьрзе бинера, церан дегнаш а шога динера, церан бІаьргашна са ца гайта а, церан дегнаш тІаьхьа ца кхиийта а, уьш шайна гІо дайтархьама Шена тІе ца бахийта а. – Ас уьш то а бийр бара!» 41 Иштта аьллера ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро, шена Іийсан сийлалла гича. Иза Іийсах лаьцна аьллера цо. 42 Ур-атталла куьйгалхошна юкъара а дукхахберш тийшира Іийсах. Амма шаьш парушхойх кхерар бахьана долуш, цара ца хаийтира шаьш тешний. Уьш кхоьрура шаьш гуламан цІийнах дІакъасторах. 43 ХІунда аьлча шайна адамашкара долу сийдар Дала сийдарал а сов дезарна. 44 ТІаккха Іийсас дІакхайкхадира нахе: «Сох тешаш верг, Сох тешна а ца Іаш, Со Ваийтинчух а теша. 45 Со гуш волчунна Со Ваийтинарг а го. 46 Серло санна веана Со кху дуьнен чу, Сох тешнарг цхьа а боданехь ца витархьама. 47 Нагахь санна цхьаммо Сан дешнаш шена хезча, уьш ца лардахь а, Ас цунна кхел йийр яц. ХІунда аьлча Со дуьненна кхел ян веана вац, амма дуьне кІелхьардаккха веана ву. 48 Со юхатухуш а, Сан дешнаш тІе ца оьцуш а волчун шен кхел ю. Ас аьллачу дашо йийр ю цунна кхел тІаьххьарчу дийнахь. 49 ХІунда аьлча Аса Сайгара ца боху, амма Со ваийтинчу Сан Дас весет дина Соьга, Аса хІун ала а, хІун дийца а деза олуш. 50 Суна хаьа, Делан весето Ша волчохь хедар доцучу дахаре валавой. Цундела Айса бохург, Сайн Дас ма-аллара, боху Ас».