Яхьъя 11

1Бет-ХІина олучу юьртахь Іаш вара, ЛаІзар цІе а йолуш, цхьа хьенех. Иза чІогІа цомгуш вара. И Бет-ХІина олу юрт яра Марем а, цуьнан йиша Марта а ехаш йолу меттиг. 2Ткъа и Марем яра, Везачу Элана тІе хаза хьожа йогІу деза даьтта а доьттина, Цуьнан когаш шен коьртан месашца бакъон берг. Ткъа и цомгушниг Мареман ваша ЛаІзар вара. 3Цу йижарша хабар дахьийтира Іийсана тІе: «Эла, хІара Хьуна везаш верг цомгуш ву», – аьлла. 4И хаам Шена хезча, Іийсас элира: «И цамгар Іожаллина яц, амма цуьнгахула Делан КІентан сийлалла гайтархьама ю». 5Іийсана езара Марта а, цуьнан йиша а, ЛаІзар а. 6Ткъа ЛаІзар цомгуш ву аьлла Шена хезна доллушехь, кхин а ши де даьккхира Іийсас оцу Ша волчу меттехь. 7Цул тІаьхьа Іийсас Шен мурдашка элира: «Юха а ЯхІуд-махка гІо вай». 8Ткъа мурдаша элира Цуьнга: « Рабби ! Дукха хан ма яц яхІудхоша Хьуна тІулгаш детта дагахь Хьо лехна. Ткъа Хьо юха а ваха воллу?» 9Іийсас жоп делира: «Шийтта сахьт дац денна чохь? Дийнахь лелаш верг гал ца волу, хІунда аьлча цунна кху дуьненан серло го. 10Амма буьйсанна лелаш верг галволу, хІунда аьлча цуьнца серло ца хуьлу». 11Иза а аьлла, юха а тІетуьйхира Іийсас: «Вайн доттагІа ЛаІзар наб еш ву, ткъа Со иза самаваккха воьду». 12Мурдаша элира Цуьнга: «Эла! Нагахь цунна наб кхеттехь, толур ма ву иза». 13Амма Іийсас ЛаІзаран валарх дуьйцура, ткъа мурдашна моьттура Іийсас ЛаІзарна наб кхетта боху. 14ТІаккха Іийсас дуьххьал дІаэлира цаьрга: «ЛаІзар дІакхелхина. 15Ткъа цигахь цахиларна воккхавеш ву Со шун дуьхьа, шу Сох тешийтархьама. Ткъа хІинца гІо вай и волчу». 16ТІаккха ТІамас, шех Шалавинарг олуш волчо, элира вукху мурдашка: «Вай а доьлху цига, Цуьнца цхьаьна далархьама». 17Схьакхаьчначу Іийсана диъ де хьалха дуьйна къуббанна чохь Іуьллуш карийра ЛаІзар. 18Бет-ХІина олучу гІалина а, Ярушалаймана а юкъахь кхо чаккхарма хиллал некъ бара. 19Дукха яхІудхой баьхкинера Мартина а, Маремна а тІе церан ваша ЛаІзар кхалхар бахьана долуш кадам бан. 20Іийса вогІуш ву аьлла хезна, Марта Цунна дуьхьалъяхара. Ткъа Марем цІахь йисира. 21ТІекхаьчча, Мартас Іийсага элира: «Эла, нагахь Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша. 22Амма суна хІинца а хаьа-кх Ахь Деле мел дехнарг Дала Хьуна лург хилар». 23Ткъа Іийсас элира цуьнга: «Денлур ву хьан ваша». 24Мартас элира Іийсага: «Нах денлур болчу тІаьхьарчу дийнахь иза а денлур вуй хаьа суна». 25Іийсас элира цуьнга: «Со ву адамаш ден Дийриг а, адамашна дахар Лург а. Сох тешаш волчун, нагахь и велча а, цкъа а хедар доцу дахар хир ду. 26Муьлхха а, и хедар доцу дахар а долуш, Сох тешаш верг цкъа а лийр вац. Теший хьо оцунах?» 27Мартас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла! Со теша Хьо Дала леррина Къобалвинарг а, дуьнен чу ван везаш волу Делан КІант а вуйла». 28Иза а аьлла, яхана шен йиша Марем схьа а кхайкхина, цуьнга къайлаха элира Мартас: «Устаз кхузахь ву, Хьоьга кхойкху Цо». 29И хезча, Марем, сихха хьала а гІаьттина, Іийсана тІеяхара. 30Іийса хІинца а юьрта чу кхачаза вара. Иза хІинца а Марта Шена дуьхьалкхетта хиллачу меттехь лаьтташ вара. 31ТІаккха Марем, сихха хьала а гІаьттина, араяьлча, цунна синтем беш баьхкина болчу яхІудхошна иза къуббанна тІейоьдуш ю моьттира, цигахь елхархьама. Уьш Маремана тІаьххье бахара. 32Ткъа Марема, Іийса волчу дІакхаьчча, Иза а гина, Цуьнан когашка а йоьжна, элира: «Эла! Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша». 33Йоьлху Марем а, боьлху цуьнца баьхкина яхІудхой а гина, са карзахдаьлла, дог доьхна вара Іийса. 34Іийсас элира: «Мичахь охьавиллина аша иза?» Цара жоп делира: «ГІой, хьажахь, Эла!» 35Іийсан бІаьргех хиш деара. 36ТІаккха яхІудхоша бохура: «Ма везаш хилла Цунна иза!» 37Амма яхІудхойх цхьаболчара бохура: «Оцу бІаьрзечу стеган бІаьргаш схьабиллинчу Кхуьнан хІара стаг ца валийта а ницкъ ца кхечира те?» 38Іийса, юха а Шен дог доьхна а волуш, къуббанна тІевеара. Иза хьех яра, дуьхьал биллина тІулг а болуш. 39ТІаккха Іийсас элира: «ДІакарчабе и дуьхьалара тІулг». Веллачун йишас Мартас элира Іийсага: «Эла! Вон хьожа йогІу цунах, хІара доьалгІа де ма ду иза дІавоьллина». 40Іийсас элира цуьнга: «Хьоьга ца аьлла Аса, нагахь хьо тешахь, Делан сийлалла гур ю хьуна?» 41ТІаккха тІулг дІакарчийра. Ткъа Іийсас, бІаьргаш хьала а хьажийна, элира: «Дада! Баркалла боху Ас Хьуна, Со Хьуна дІахазарна. 42Суна-м хаьара, Хьуна гуттара а Со дІахезий. Амма кху гонах лаьттачу нехан дуьхьа элира Ас иза, Со Ахь ваийтина хиларх уьш тешийтархьама». 43Иза а аьлла, Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «ЛаІзар! Аравала!» – аьлла. 44ТІаккха и велла хилларг, куьйгех а, когех а йихкина кисин асанаш а йолуш, дІахьарчийна корта а болуш, къуббанна чуьра аравелира. Іийсас элира цаьрга: «ДІа а вастий, дІавахийта иза». 45ТІаккха Марем йолчу баьхкинчу яхІудхойх дукхахберш, Іийсас динарг а гина, тийшира Цунах. 46Ткъа царах цхьаберш парушхошна тІебахара. Іийсас динарг дийцира цара парушхошка. 47ТІаккха динан коьртачу дайша а, парушхоша а, коьртачу кхеташо а гулйина, элира: «ХІун дийр дара те вай? ХІунда аьлча хІокху Стага дукха тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш ма гойту? 48Нагахь вай Иза иштта витахь, массо а нах Цунах тешар бу. ТІаккха, римхой а баьхкина, цара вайн Делан цІа а, вайн халкъ а хІаллакдийр ду». 49Царах цхьаммо, цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбас, элира: «Шуна хІумма а ца хаьа, 50я шу кхета а ца кхета шайна гІоле йолчух. И цхьа стаг массо а халкъан дуьхьа валар гІоле ю, дерриг халкъ хІаллакьхуьлучул». 51Иза Кайбас ша-шегара ца элира. Амма ша цу шарахь динан коьрта да хиларна, цо Делера болу хаам бовзуьйтуш, аьллера, Іийса вайн халкъан дуьхьа лийр ву аьлла. 52Амма халкъан дуьхьа хилла а ца Іаш, дІасадаьржина долу массо а Делан бераш схьа а гулдина, уьш цхьаьнатохархьама а хила дезаш дара иза. 53Цу дийнахь дуьйна Іийса вен сацам бира цара. 54Цундела Іийсас Ша яхІудхошна юкъахь лелаш ца гойтура. Цигара дІа а ваьлла, яьссачу аренна гергахьа болчу махка вахара Іийса. Цигахь Эпрам олучу юьртахь сецира Иза Шен мурдашца. 55Ткъа тІедан герга дара жуьгтийн Пасахь олу деза де. И деза де тІекхачале, оцу махкара дукха адам деара Ярушалайме, дино ма-бохху цІандалархьама. 56Цу адамаша Делан цІийнан кертахь Іийса лоьхура. Цигахь шаьш лаьтташ, наха вовшашка хоьттура: «Шуна муха хета? ВогІур-м вац те Иза кху дезачу дийнахь?» 57Ткъа динан коьртачу дайша а, парушхоша а нахе омра дира, нагахь цхьанна Іийса мичахь ву хаалахь, И волу меттиг схьайийца аьлла, Иза лацархьама.

will be added

X\