Яхьъя 10

1«Баккъалла а боху Ас шуьга: милла а, уьстагІийн кертан кевнехула а ца волуш, кхечу некъахула чувериг, къу а, талорхо а ву. 2Ткъа кевнехула чувериг цу уьстагІийн Іу ву. 3Ков лардеш волчу стага цунна ков дІадоьллу, ткъа уьстагІаша цуьнан озе ла а дугІу. ТІаккха, шен уьстагІийн цІераш а йохуш, уьш арадоху цо. 4Шен дерриге а уьстагІий арадаьхча, иза царна хьалхаваьлла воьду, ткъа уьстагІий цунна тІаьхьахІуьтту, шайна цуьнан аз девза дела. 5Хийрачунна тІаьхьа ца доьлху уьш, амма цунах къехка, шайна цу хийрачун аз ца девза дела». 6И хьекъале дустар далийра Іийсас парушхошна. Амма уьш ца кхийтира Цо шайна дийцинчун маьІнах. 7ТІаккха юха а элира Іийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Со уьстагІашна дина долу ков ду. 8Сол хьалха мел баьхкинарш берриш къуй а, талорхой а бара. Амма уьстагІаша цаьрга ла ца дуьйгІира. 9Со ков ду. Милла а Сох чуваьлларг кІелхьарвоккхур ву. Иза ладогІарца чу-ара а вер ву, цунна дежийла а карор ю. 10Къу лачкъорхьама а, верхьама а, хІаллакдархьама а бен ца вогІу. Ткъа Со шун дахар хилийта а, и дахар шортонца хилийта а веана. 11Со дика Іу ву. Дикачу Іуьно шен са а дІало шен уьстагІийн дуьхьа. 12Ткъа йолах волу Іу, и уьстагІий шен долахь ца хиларе терра, борз йогІуш шена гича, жа а дуьтий, дІаводу. Еанчу барзо и уьстагІий хІаллак а до, уьш дІай-схьай а даржадо. 13И Іу дІаводу, ша йолах Іу волу дела а, шен оцу уьстагІийн бала а боцу дела а. 14Со дика Іу ву, цундела Суна сайнаш а бевза, сайчарна Со а вевза. 15Дена Со вовзаре терра, Суна а вевза Да. Сайн са а дІало Ас уьстагІийн дуьхьа. 16Кхин а уьстагІий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагІий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугІур ду Сан озе, тІаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Іу а хир ву. 17Аса Сайн са, юха а схьаэцархьама, дІало дела, Сан Дена Со веза. 18Цхьаммо а дІадоккхур дац Соьгара Сан са, амма Аса-Айса дІалур ду иза. Сан йиш ю Сайн са дІадала а, иза юха схьаэца а. И весет Ас Сайн Дегара схьаэцна». 19Юха а, Іийсан и дешнаш бахьана долуш, нахана юкъахь къовсам белира. 20Дукхахболчара олура: «Цунна чохь харц жин доллу, Иза хьераваьлла. Цуьнга ла а хІунда дугІу аша?» 21Вукхара олура: «И дешнаш жинаша хьийзош волчу стеган дац. Харц жине дІаделлалур дуй бІаьрзечун бІаьргаш?» 22Іай Ярушалайм-гІалахь даздеш долу «Карладаккхар» олу деза де тІедеара. 23Делан цІийнан кертара Сулим-паччахьан цІарах йолчу меттехь лелаш вара Іийса. 24Кхузахь Іийсана гонах гулбеллачу наха элира Цуьнга: «Дукха латтор дуй те Ахь тхо духе ца кхиош? Хьо Дала леррина Къобалвинарг велахь, дуьххьал схьаалахьа тхоьга». 25Іийсас жоп делира цаьрга: «Ас элира шуьга, амма шу ца теша Сох. Сайн Ден цІарах Ас деш долчу гІуллакхаша тоьшалла до Сох. 26Амма шаьш Сан уьстагІех доцу дела, ца теша шу Сох. 27Сан уьстагІашна Сан аз а хеза, Суна а уьш девза, уьш Суна тІаьхьа а догІу. 28Ткъа Аса царна Дела волчохь хедар доцу дахар ло, уьш цкъа а хІаллак а хир дац, цхьаммо а Сан карара уьш лачкъор а дац. 29Уьш Суна делла волу Сан Да массарал а воккха ву. Сан Ден куьйгара цхьаьнгге а лачкъалур дац уьш. 30Со а, Сан Да а – Тхо цхьаъ ду». 31ТІаккха юха а наха тІулгаш схьаийцира, Іийсана деттархьама. 32Іийсас жоп делира царна: «Сайн Дегара дуккха а дика гІуллакхаш гайтира Ас шуна. Царах муьлханиг бахьана долуш тІулгаш детта гІерта шу Суна?» 33Наха жоп делира Іийсана: «Ахьа дина дика гІуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тІулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку». 34Іийсас юха а жоп делира царна: «Яздина дац ткъа шун товрат хьехамаш тІехь а: „Ас аьлла, шу деланаш ду“? 35Нагахь Делан дош дІакхаьчначарех а деланаш аьлла хилча (ткъа Делан Йозанашца къийса йиш ма-яц), 36тІаккха хІинца а эр ду те аша, оцу стигаларчу Дас къобалвина кху дуьнен чу Ваийтинчуьнга: „Ахь Іеса къамел до“, – Ас шайга: „Со Делан КІант ву“, – аларна? 37Нагахь Ас Сайн Дас до гІуллакхаш деш дацахь, Сох ма тешалаш. 38Амма, нагахь Ас и гІуллакхаш деш хилча, шаьш Сох ца тешахь а, Ас дечу гІуллакхех теша. ТІаккха мукъана а кхетар хир ду шу, Сан Да Соьца а, Со Цуьнца а – тхо цхьаъ дуйла». 39ТІаккха юха а лийхира цара Іийса, схьалаца дагахь, амма Иза церан карара велира. 40Юха а Йордан-хин вукху агІор йолчу, хьалха Яхьъяс нах хих чекхбаьхначу меттиге вахара Іийса. Цигахь висира Иза. 41Дукха нах баьхкира Іийсана тІе. Цара бохура: «Яхьъяс тамашийначу гІуллакхийн цхьа а билгало ца гайтина, амма цо Кхунах лаьцна аьлларг дерриг а бакъ хилла». 42Цигахь дукха нах тийшира Іийсах.

will be added

X\