1 Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара. 2 И Дош юьхьанца Делехь дара. 3 Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хІумма а ца кхоьллина. 4 Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара, и дахар адамашна серло а яра. 5 И серло боданехь къега. Бодано и серло эша а ца йина. 6 Дала цхьа стаг ваийтира, цуьнан цІе Яхьъя яра. 7 Иза цу Серлонах тоьшалла дан веанера, цуьнгахула цу Серлонах массо а адам тешийтархьама. 8 Яхьъя ша Серло яцара, ткъа иза Серлонна тоьшалла дан ваийтина вара. 9 И бакъйолу Серло дуьнен чу йогІуш яра, Цо муьлхха а адам серла а доккху. 10 Дуьненна юкъахь а дара и Дош, Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера, амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира. 11 Шен махка веара Иза, ткъа шечара а И тІе ца ийцира. 12 Ткъа, Ша тІе а эцна, Шех тешаш болчарна Делан бераш хила бакъо елира Цо. 13 Уьш я цІийх а, я дегІан лаамца а, я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу. 14 Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Іаш а дара. ТІаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КІантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара. 15 Яхьъя, Цунах лаьцна тоьшалла а деш, кхайкхадо: «ХІара ву ас шуна вийцинарг: „Сол тІаьхьа ВогІург, сол лакхара а хилла, дІахІоьттина, хІунда аьлча Иза сол хьалха а волуш вара“». 16 Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. 17 ХІунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула деана ду. 18 Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КІанта беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш. 19 Ярушалаймера динан куьйгалхоша бахкийтинчу динан дайша а, Леви цІе йолчу тайпанан, Делан цІа чохь болх беш болчу наха а Яхьъяга хаттар дира: «Хьо мила ву?» – аьлла. 20 Яхьъяс иштта тоьшалла дира, шен дашна тІера юха а ца волуш, ма-дарра дІа а олуш: «Со Дала леррина Къобалвинарг вац». 21 Цуьнга юха а хаьттира: «Ткъа хьо мила ву? ЭлияхІу-пайхамар вуй хьо?» «И вац со». «Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?» «Вац», – аьлла, жоп делира Яхьъяс. 22 ТІаккха цара элира Яхьъяга: «Ткъа хьо мила ву, дийцахьа тхуна, тхаьш хьуна тІе хьовсийначаьрга жоп далархьама. Хьайх лаьцна хІун олу ахь?» 23 Яхьъяс жоп делира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаран дешнашца: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со: „Везачу Элана хьалхара некъ нисбе“». 24 Ткъа Яхьъяна тІебахкийтинарш парушхойх бара. 25 ТІаккха цара хаьттира Яхьъяга: «Хьо я Дала леррина Къобалвинарг а ца хилча, я ЭлияхІу а, я билггала ван веза пайхамар а воццушехь, нах хих чекх хІунда боху ахь?» 26 Яхьъяс жоп делира цаьрга: «Ас шу хих чекхдоху. Амма шуна юкъахь лаьтташ Хьенех ву, шуна вевзаш воцу. 27 Иза сол тІаьхьа вогІуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ долуш вац». 28 И дара Йордан-хин дехьа агІор йолчу Бет-ХІина олучу меттигехь, Яхьъяс нах хих чекхбохучохь. 29 ШолгІачу дийнахь, шена тІевогІу Іийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХІара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тІе а лаьцна, уьш дІадахьа баийтина Іахар бу. 30 ХІара ву ас Шех лаьцна аьлларг: „Сол тІаьхьа вогІуш волу Стаг сол а лакхара ву, хІунда аьлча Иза сол хьалха волуш вара“. 31 Суна а билггала ца вевзара Иза. Амма Иза исраилхошна вовзийтархьама, веанера со, нах хих чекхбохуш». 32 Яхьъяс, тоьшалла а деш, элира: «Суна Делан Са гира кхокханан суьртехь стигалара доьссина, и Са Цунна тІехь дисира. 33 Цкъа хІинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тІехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“. 34 И суна ган а гира, ас тоьшалла а до Иза Делан КІант хиларх». 35 И хиллачу шолгІачу дийнахь Яхьъя юха а лаьтташ вара шен мурдех волчу шинца. 36 ТІехволучу Іийсага а хьаьжна, Яхьъяс элира: «ХІара бу Дала баийтина Іахар». 37 Цуьнан и дешнаш а хезна, Яхьъян ши мурд Іийсана тІаьхьахІоьттира. 38 Юха а хьаьжна, и ши мурд Шена тІаьхьавогІу а гина, Іийсас хаьттира цаьрга: «Шуна хІун оьшу?» Цара элира: «Рабби!», (Иза «Устаз!» бохург ду), «Хьо мичахь Іаш ву?» 39 Іийсас оцу мурдашка элира: «Соьца дІа а дуьйлий, хьовса». Мурдаш Цуьнца бахара. Царна гира И мичахь вехаш ву. И де Іийсаца даьккхира цара. ДоьалгІа сахьт даьллера цу хенахь. 40 Яхьъян дешнаш а хезна, Іийсана тІаьхьахІоьттинчу шиннах цхьаъ Іандар вара. Иза вара ШамІа-Кипин ваша. 41 Іандара, цу сохьта шен ваша ШамІа схьа а лехна, элира цуьнга: «Тхуна Машахь карийна». (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду.) 42 Іандара шен ваша ШамІа Іийсана тІевалийра. Іийсас, ШамІе а хьаьжна, элира: «Хьо Юнусан кІант ШамІа ву-кх. Хьох хІинца „Кипа“ эр ду». (Иза « тарх» бохург ду.) 43 ШолгІачу дийнахь Іийсана Галилай-махка ваха лиира. Іийсас, Пилап схьа а лехна, цуьнга элира: «Суна тІаьхьахІотта». 44 Пилап а вара Іандар а, Кипа а схьаваьлла волчу Бет-Саида-гІалара. 45 НатунаІил схьа а лехна, Пилапа элира цуьнга: «Мусас товрат тІехь бинчу хьехамашкахь а, пайхамарша яздинчу тептарш тІехь а вийцина Хилларг карийна тхуна. Иза ву Юсупан кІант Іийса, Ша Назарт-гІалара схьаваьлла волу». 46 Ткъа НатунаІила элира: «Назартера цхьа а дика хІума дала а даьллий те?» Пилапа жоп делира: «ГІой, хьо-хьуо хьажа», – аьлла. 47 Шена тІевогІу НатунаІил а гина, Іийсас элира: «ХІара ву-кх шеца мекарло а йоцу бакъволу исраилхо». 48 НатунаІила хаьттира Іийсага: «Со мичахула вевза Хьуна?» Іийсас жоп делира цуьнга: «Хьо инжиран дитта кІел Іаш волуш, Пилап хьоьга кхайкхале дуьйна а, Суна хьо гуш а вара, вевзаш а вара». 49 НатунаІила элира Іийсага: « Рабби! Хьо Делан КІант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь». 50 Іийсас элира цуьнга: «Ас хьо инжиран дитта кІел гина аларна тийши хьо Сох? Кхин а, цул тІех гІуллакхаш а гур ду хьуна». 51 Кхин а элира Іийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ДІаеллаелла стигалш а, Адамийн КІант волчу Суна тІе охьадуьссуш а, хьаладуьйлуш а Делан маликаш а гур ду шуна».