IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Якъуба 5 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  ЛадогІалаш аша, хьалдолчара: делхалаш, тийжалаш, хІунда аьлча бохамаш бу шуна тІехІуьттуш.   2  Шун хьал, телхина, дІадаьлла, шун духарш нецано диина.   3  Шун деши а, дети а мекхадоьлла. Церан мекха шуна дуьхьал тоьшалла деш хир ю, цо, цІаро санна, дагор ду шун дилха. Ткъа аша дуьненан тІаьххьарчу деношкахь шайна хазна гулйина.   4  Шун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дІа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду.   5  Шу, хьал а долуш, даьхна дуьнен тІехь, зовкх а хьоьгуш. Шаьш дарстийна аша, сагІа даккха кечдина бежанаш санна.   6  Аша, кхел а йина, бехк боцурш байира. Цаьрга шуна дуьхьало ца яло.   7  Вежарий, собаре хилалаш, Веза Эла схьаваллалц. Латта лелош волчо безачу стоьме сатуьйсийла хаьий шуна? Иза собарца хьоьжу хьалхара а, тІаьхьара а догІа даре.   8  Иштта шу а чІогІа собаре хилалаш, шайн дегнаш чІагІделаш, хІунда аьлча Веза Эла вар гергакхочуш ду.   9  Вовшашна аьрзнаш ма делаш, вежарий, шайна кхел ца яйтархьама, хІунда аьлча Кхелахо неІарехь лаьтташ ву.   10  Баланаш а ловш, собаре хиларан масална Везачу Элан цІарах дуьйцуш хилла болу пайхамарш схьаэца, сан вежарий.   11  Собарца баланаш хьегнарш декъалбинарш лору вай. Шуна хезна Аюба лайначу халонех лаьцна. Ткъа Везачу Эло цунна эххар а динарг а хаьа шуна, хІунда аьлча Веза Эла чІогІа къинхетаме а, стагах дог лозуш а ву.   12  Уггар хьалха, сан вежарий, стигалх а, лаьттах а, я кхечу хІуманах а чІагІонаш ма елаш, амма шун «хІаъ» «хІаъ» хила деза, «хІан-хІа» «хІан-хІа» хила деза, шу бехке ца хилийтархьама.   13  Шух цхьаъ бала хьоьгуш велахь, цо доІа дан деза, самукъадаьлла велахь, хастам баран йиш лакха еза.   14  Шух цхьаъ цомгуш велахь, цо Іийсах тешачийн тобанан куьйгалхой кхайкха беза. Цара доІа дан деза цунна тІехь, Везачу Элан дуьхьа цомгушчунна деза даьтта а хьокхуш.   15  Тешаран доІано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тІе хІоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду.   16  Шайгара даьллачу къинойх лаьцна даре а деш, вовшех лаций доІа де, шайна гІоле хилийта: Делан лаамехь волчо динчу доІано дуккха а дан тарло, цуьнгахула ницкъ баларна.   17  ЭлияхІу вай санна стаг вара. Цо, догІа ма даийта аьлла, чІогІа доІа дича, кхаа шарахь а, ялх баттахь а лаьтта тІе догІа ца деара.   18  Юха цо доІа дича, стигалара догІа а деара, лаьтто шен стом а белира.   19  Вежарий, нагахь шух бакъдолчун новкъара ваьлларг цхьаммо нисвахь,   20  цунна дІахаийла, харц новкъара къа латийнарг нийсачу новкъа ваьккхинчо лечуьра са кІелхьар а доккхур ду, дуккха а къинош дІа а къовлур ду.