Якъуба 4

1Къийсамаш а, девнаш а мичара ду шун? Шун меженашкахь вовшашца тІом бечу а, дуьненан хІума тІех дезачу а лаамех схьадуьйлуш дуй те уьш? 2ХІума деза шуна, амма иза ца хуьлу шуна. Адам дел чІогІа хьагІ хуьлу шуьца, амма дезачуьнга ца кхачало шу. Вовшашца а къуьйсу, девнаш а доху аша, амма дезарг ца хуьлу шуна, хІунда аьлча аша, Деле доьхуш, доІа ца до. 3Дехча а, ца хуьлу шуна иза, хІунда аьлча аша дикачу хІуманна ца доьхуш, дуьненан хІума тІех дезачу шайн лаамийн дуьхьа доьху. 4Тешам боцурш! ХІара дуьне дезар Делаца мостагІалла хилар дуйла ца хаьа шуна? Дуьненах шена доттагІа хила лууш верг Делан мостагІа хуьлу. 5Шуна моьтту хир ду Делан Йозанашкахь эрна аьлла: «Дала вайна чохь Іан деллачу Синна вай Шен хила лаьа»? 6Амма Дала кхин а доккха дика дина вайна. Цундела аьлла ду: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо». 7Цундела Далла муьтІахь хила, иблисана дуьхьалдовла, тІаккха иза шух додур ду. 8Далла улло гІо, Иза а шуна улло вогІур ву. Къинош летийнарш, шайн куьйгаш дила, шалхончаш, шайн дегнаш цІанде. 9Халахета, делха, тийжа. Шун деларх делхар хуьлийла, хазахетарх сингаттам хуьлийла. 10Везачу Элана муьтІахь хила, Цо ойур ду шу. 11Вежарий, лен ма ле вовшашна. Шен ваша вон вуьйцуш, я цунна кхел еш волчо Делан хьехамна кхел а йо, иза вон а буьйцу. Нагахь хьо Делан хьехамна кхел еш велахь, хьо иза кхочушбеш вац, ткъа цуьнан кхелахо ву. 12Хьехам Белларг а, Кхелахо а цхьаъ ву, Цо кІелхьарваккха а, хІаллакван а тарло. Ткъа хьо мила ву кхечунна кхел ян? 13Ткъа хІинца аша ладогІалаш, хІара къамел дийраш: «Тахана я кхана оцу гІала а дахана, цигахь цхьана шарахь Іийр ду вай, мах а лелийна, пайда бийр бу вай». 14Шуна ца хаьа, кхана хІун хир ду. ХІун ду шун дахар? КІеззигчу ханна деана а, юха дІадолу а дохк ду иза. 15«Везачу Элана лаа а лиъна, вай дийна дисахь, хІара я кхин дийр ду вай», – аларан метта, 16шу дозаллаш деш ду, шаьш дегала долу дела. Ткъа муьлхха а иштта дозалла вониг ду. 17Цундела, дан дезаш долу диканиг а хууш, и ца деш волчунна къа хир ду.

will be added

X\