Якъуба 3

1Сан вежарий! Шуна юкъара кІеззиг нах бен ма хила хьехархой. Шуна хаьа, вайна еш йолу кхел мел чІогІа хир ю, 2хІунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегІан дола дало. 3Вай говрийн бага гаьллаш йохку, уьш вайга ладугІуш хилийта, тІаккха церан догІмаш леладо вай. 4Масала, хІордкеманаш а, мел даккхий уьш делахь а, ондачу мехаша лелош делахь а, жимачу тІомаца дІадохуьйту хІордахочо шена луъучу. 5Иштта, матто а, кІезиг меже елахь а, доккхачу гІуллакхашна тІехь куралла йо. Хьажал, жимачу цІаро мел йоккха хьун ягайо! 6Мотт а цІе ю. Иза дегІан вукху меженашна юкъахь вон дуьне санна бу. Матто дерриг дегІ а бехдо, вайн дахаран некъ хьала а латабо. Ткъа ша жоьжахатин цІарах хьалалеташ бу иза. 7Муьлхха а экха а, олхазар а, текхарг а, хІордан дийнат а стага караІамадан тарло (баккъалла а, уьш караІамийна ду). 8Амма адамашка цхьаьнгге а мотт кара ца Іамало, иза саца ца луш долу вон ду. Мотт Іожаллин дІовшах буьзна бу. 9Цуьнца Веза Эла а, Да а декъалво вай, цуьнца Делан сибатехь кхоьллинчу адамна неІалт а олу вай. 10Цхьана багара схьадолу декъалвар а, неІалт алар а. Иштта хила йиш яц, сан вежарий. 11Цхьана хьостанах схьадер дуй мерза а, къаьхьа а хи? 12Сан вежарий, инжиран дитта тІе зайт-диттан стоьмаш а латор бац, кемсийн таьлланга тІе инжираш а латор яц. Иштта дуьрачу хьостано мерза хи лур дац. 13Ша хьекъал а, кхетам а болуш волчо шен оьздачу леларца а, хьекъалера схьадолчу эсалаллехь динчу гІуллакхашца а гайта ца деза иза? 14Амма шун даг чохь къаьхьа хьагІ а, шена пайда лехар а делахь, дозаллаш ма де, бакъдолчунна дуьхьал харцо ма лелае. 15Иза лакхара долу хьекъалалла дац, амма дуьненан, синан, жинийн хьекъалалла ду. 16ХІунда аьлча хьагІ а, шена пайда лехар а долчохь низам дохор а, мел долу вониг а ду. 17Амма лакхара долу хьекъалалла, цкъа-делахь, цІена ду, цул тІаьхьа, машаре а, оьзда а, къинхетамах а, дикачу стоьмех а дуьзна а, озабезам боцуш а, шалхо йоцуш а ду. 18Барт кхуллуш болчара бертахь дийначу хІух нийсонан ялта схьадолу.

will be added

X\