Якъуба 2

1Сан вежарий! Дала леррина къобалвинчу Іийсах, вайн сийлаллин Элах, а тешаш, озабезамца цхьаьнга ма хьажалаш. 2Нагахь шун гуламе, дашо мухІар а доьллина, деза духар дуьйхина хьалдолу стаг веача а, беркъа духар дуьйхина къен стаг веача а, 3аша, деза духар дуьйхина волчу стаге а хьаьжна, цуьнга ала мега: «Кхузахь дика хир ду хьуна, охьахаа», ткъа къечуьнга ала мега: «Хьо хьуьлла дІахІотта, я кхуза, сан когашка, охьахаа». 4Иштта дича, шайна юкъахь къестамаш кхуллий те аша? Харц-ойланаш йолу кхелахой хуьлий те шух? 5ЛадогІийша, сан хьомсара вежарий, дуьнен чуьра къен нах Дала ца хаьржина те? Тешарехь хьал долуш хилархьама а, Ша везачарна лур ду аьллачу олалле кхачийтархьама а Дала уьш ца хаьржина те? 6Ткъа аша къениг дІатеттина. Хьалдолу нах бац шуна ницкъ беш берш, уьш бац шу кхеле ийзош берш? 7Шуна елла сийлахь цІе сийсазъеш бац уьш? 8Нагахь Делан Йозанашна тІера болу паччахьан хьехам: «Хьайн уллораниг хьо санна веза», аша кхочушбахь, аша деш дерг нийса ду. 9Амма стаге озабезамца шу хьовсахь, аша къа латадо, товрат-хьехамо шу, зуламхой санна, бехкедо. 10Берриг а товрат-хьехамаш кхочуш а беш, цхьана хІуманна тІехь къалатийнарг массо а хІуманна тІехь а бехке хуьлу. 11«Нахаца ма лела», – Аьллачо аьлла: «Адам ма де», цундела, нагахь хьо нахаца лелаш вацахь, амма ахь адам дехь, хьо Дала тІедиллинарг дохош волу зуламхо ву. 12ПаргІато лучу хьехамашка хьаьжжина, Дала кхел ен йолчу наха санна, ала а ала, гІуллакх а де. 13ХІунда аьлча къинхетам боцу кхел хир ю шегара къинхетам ца гайтинчунна. Къинхетам кхелал а лакхара бу. 14ХІун пайда бу, сан вежарий, стага шен тешар ду баьхча, амма цо деш долчу гІуллакхаша иза гойтуш ца хилча? Ишттачу тешаро кІелхьарвоккхур вуй иза? 15Нагахь вешина я йишина тІеюху хІума а, кхача а эшахь, 16ткъа шух цхьаммо цаьрга алахь: «Маьрша дІагІо, дох а ло, дуззалц хІума а яа», амма царна оьшург ца лахь, хІун пайда бу цуьнан? 17Иштта ду тешар а, нагахь цуьнца цхьаьна деш гІуллакхаш дацахь, иза делла ду. 18Амма цхьаммо ала тарло: «Хьан тешар ду, ткъа сан гІуллакхаш ду». ГІуллакхашца доцуш долу хьайн тешар гайта суна, ткъа аса гІуллакхашца долу сайн тешар гойтур ду хьуна. 19Хьо теша Дела цхьаъ хиларх, иза дика ду. Ур-атталла жинаш а теша Иза хиларх – ткъа уьш кхерарна дегадо! 20Амма хаа лаьий хьуна, сонта стаг, гІуллакхашца доцу тешар эрна дуйла? 21Шен гІуллакхашца Далла хьалха бакъхилла вац вайн да ИбрахІим, шен кІант Исхьакх сагІа доккхучу меттиган тІулгашна тІе а виллина? 22Гой хьуна, цуьнан тешар гІуллакхашца цхьаьнадогІуш хилла, и гІуллакхаш бахьана долуш и тешар кхачаме хилла. 23Делан Йозанашкахь аьлларг кхочушхилла: «ИбрахІим тийшира Везачу Элах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира», цунах Делан доттагІа элира. 24Гой шуна, стаг Далла хьалха бакъхуьлу шен гІуллакхашца, тешарца хилла а ца Іаш. 25Иштта, нахаца лела Рахьаб ша дина гІуллакх бахьана долуш Далла хьалха бакъхилла, бахкийтина нах тІе а лаьцна, уьш кхечу новкъахула дІа а хьовсийна. 26Цундела, шена чохь са доцу дегІ делла ма-хиллара, гІуллакхашца доцу тешар а делла ду.

will be added

X\