Якъуба 1

1Делан а, Цо леррина къобалвинчу Іийса-Элан а лай волчу Якъубера дуьнен чухула дІасадаьржинчу шийтта тайпане маршалла ду. 2Сан вежарий, доккха хазахетар санна ларалаш тайп-тайпана зераш шайна тІе мосазза хІуьтту. 3Шуна-м хаьа шайн тешар зерах чекхдаларо собар кхиош дуйла. 4И собар кхачаме хилла дІахІотта деза, шу, цхьа а дерт а доцуш, дуьззина кхачамалла долуш хилийта. 5Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду. 6Амма иза тешарца а, шеко йоцуш а деха деза, хІунда аьлча шеко йолуш верг мохо ловзочу тулгІенах тера ву. 7Иштта волчу стага, Везачу Элера цхьаъ тІеоьцур ду алий, дог а ма даха. 8Шалха ойланаш йолу стаг ма ву иза, ша дечу хІуманна тІехь чІагІо а йоцуш. 9Таро йоцу динан ваша синан лакхарчу хьолах воккхавеван веза, 10ткъа таро йолуш верг синан лахарчу хьолах воккхавеван веза, хІунда аьлча иза дІавер ву дуьнен чуьра, бецан зезаг санна. 11Малх хьала а гІоттий, йовхо йогІу. Йовхоно буц якъайо, бецан зезаг дужу, хазалла а дІайолу. Иштта хьалдолу стаг а, шен гІуллакхаш а деш, дІаволу. 12Декъалвина ву зенашна садеттарг, хІунда аьлча иза зийначул тІаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло. 13Ша зуьйш волчу хенахь стага ма баха: «Дала со зуьйш ву». Вочу хІуманца Дела зелур вац, ткъа Цо Ша цхьа а ца зоь. 14Амма хІора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Іеха а вой, дІалоцу. 15Стаг харц лаамца цхьаьнакхеттачул тІаьхьа, цу харц лаамо къа кхуллу, ткъа къино, кхачаме схьа а кхаьчна, Іожалла кхуллу. 16Шаьш Іеха ма дайта, сан хьомсара вежарий. 17Муьлхха а дика а, кхачаме а совгІат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догІу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац. 18Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме хилийта. 19Сан хьомсара вежарий, муьлхха а стаг ладогІарна сихвала веза, ткъа шен хабарна а, оьгІазаллина а собаре хила веза, 20хІунда аьлча адаман оьгІазалло стаг Далла хьалха бакъ ца хуьлуьйту. 21Цундела муьлхха а хьарам хІума а, вон мел лелар а дІадаккха. Далла муьтІахь а хуьлуш, шайга кховдийна а, шаьш кІелхьардаха тарлуш долу а Делан дош тІеэца. 22Делан дош кхочушдеш болчарах хилалаш, цуьнга ладугІурш бен а ца хилла, шаьш Іехочарах тар а ца луш. 23ХІунда аьлча, Делан даше ла а дугІуш, иза кхочуш ца деш волу стаг шен билггал йолчу юьхье куьзгана чу хьоьжучух тера ву. 24Шега а хьаьжна, иза юьстахволу, ткъа цу сохьта шен юьхьсибат цунна дицло. 25Амма Делан кхачаме болчу а, паргІато лучу а хьехаме леррина а хьожуш, цуьнан кхидІа а тидам а беш, вицлуш волу ладогІархо а воцуш, и хьехам кхочушбийриг ша мел дечу гІуллакхашна тІехь декъалвина хир ву. 26Нагахь цхьаммо, ша суьпа а хеташ, шен маттана дуьрста ца йоллахь, цо ша-шен Іехаво, цуьнан суьпа хилар а даьсса ду. 27Да волчу Далла хьалха цІена а, бехдалаза а суьпалла иштта ду: байшна а, бисина Іачу зударшна а гІо дар а, дуьнен чохь долчу вочуьнга ша бех ца вайтар а.

will be added

X\