IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Іебархошка 9 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Хьалха бинчу бертан Далла Іамалъяран бакъонаш а, лаьтта тІехь долу Делан цІа а дара.   2  Дина, дІахІоттийнера деза четар. Цуьнан хьалхарчу, «еза чоь» олучу декъехь стогар а, даздина баьпкаш тІехь долу стол а яра.   3  ШолгІачу декъехь кирхьанна тІехьа «уггар еза чоь» цІе йолу чоь яра.   4  Хаза хьожа йогІу хІума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тІорказ а дара цу чохь. ТІорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегІа а, маргІалш хецна хилла йолу АхІаронан Іаса а, бартбаран экъанаш а яра.   5  ТІорказна тІехула тІемаш а даржийна, къинош дІадохучу меттехь сийлаллин каруб-маликаш дара лаьтташ. ХІинца и дерриг а ма-дарра дуьйцийла яц вайн.   6  Цу кепара динчу четаран хьалхарчу цІа чу Далла Іамал ян динан дай боьлху гуттар а.   7  ШолгІачу цІа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цІий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тІера даьккхина долу.   8  Цу хІуманца Делан Сино гойту Делан четар чу боьду некъ схьабиллина цахилар, хьалхара четар лаьтташ мел ду.   9  И четар хІинцалерчу заманан билгало ю: совгІаташа а, сагІанаша а Далла Іибадат дечун дог цІандан ца тарло,   10  уьш даарш а, маларш а кхехьарца а, дегІан меженаш тайп-тайпана йиларца а доьзна бен цахиларна. И дерриг а парзаш, Дала массо а хІума нисдаран зама тІеяллалц, тІедиллина дара.   11  Дала леррина Къобалвинарг веара, хІинца хуьлучу диканийн динан коьрта да а волуш. Адамаша дина а доцуш, тоьллачу а, сов кхачаме а долчу четарх чекхвелира Иза (и четар кху дуьненара дац).   12  Гезарийн а, эсийн а цІий доцуш, Шен цІий а Іанийна, цкъа Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргІатдовлар даьккхина Цо.   13  Нагахь эсийн а, гезарийн а цІийно а, дагийначу шинарин чимо а, шайна уьш тІетоьхча, товрат-хьехамаша ма-бохху, бехбинарш цІанбеш хилча,   14  цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагІа доцучу сагІина дІавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цІийно мел чІогІа цІандийр ду вай Іожалла тІейоуьйтучу гІуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Іамал яйтархьама.   15  Цундела Дала леррина Къобалвинарг Дала нахаца бинчу керлачу бертан Юкъарлонча ву, хьалхара барт бинчу хенахь наха летийна къинош дІадаха Цо тІеэцна Іожалла бахьана долуш, Дала лур ду аьлла дакъа нахе кхачийтархьама.   16  Нагахь весет делахь, иза диначун кхалхар а дІагайта дезаш ду,   17  хІунда аьлча весет стаг веллачул тІаьхьа бен лелош дац. Иза бакъо йолуш дац, нагахь весет динарг дийна велахь.   18  Цундела хьалха бина барт а цІийца чІагІбина бара.   19  Товрат-хьехам тІера парзаш дерриг а халкъана хьалха дІа а дешна, хица эдина долу эсийн а, гезарийн а цІий а, цІен тІаргІа а, ярийн курс а, схьа а эцна, товрат-хьехаман тептарна а, халкъана а тІе цинцаш туьйхира Мусас.   20  Цо элира: «Дала кхочушбе аьллачу бертан цІий ду хІара».   21  Иштта Делан четарна а, Далла Іамал ечу хенахь мел лелочу пхьегІашна а тІе цІийн цинцаш туьйхира цо.   22  Товрат-хьехаме хьаьжжина, дерриг а ала мегар долуш хІума цІийца цІандеш ду, цІий ца Іанийча, гечдар ца хуьлу.   23  Стигалахь долчух тардина кхоьллинарг иштта цІандан деза. Ткъа стигалахь дерг ша а хІокхарал а тоьллачу сагІанашца цІандан деза.   24  ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цІа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хІинца вайн дуьхьа Далла хьалха хІотта.   25  Дукхазза а Ша сагІина дІавала ца ваьлла Иза стигала хьала, хІора шарахь а шен доцу цІий а оьций, Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу воьду динан коьрта да санна.   26  Иза иштта хилча, дуьне кхоьлличхьана а дуьйна дукхазза а бала хьега дезар дара Дала леррина Къобалвинчун. Ткъа Иза тІаьхьарчу заманахь цкъа веана Шех даьккхинчу сагІанца адамийн къа дІадаккха.   27  ХІора адамна, цкъа вала а велла, юха кхелана хьалха хІоттар тІехь ма-хиллара,   28  иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагІина дІавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тІеэцархьама. Ткъа Иза шолгІа, къинош дІадаха а ца вогІуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кІелхьардахар тІеэцархьама вогІур ву.