Іебархошка 8

1Вай дуьйцуш долчунна юкъахь коьртаниг хІара ду: стигалшкахь Веза Воккхачун гІантана аьтту агІор Іаш динан коьрта Да ву вайн. 2Адамо дина а доцуш, Везачу Эло динчу Делан бакъдолчу четар чохь динан коьрта Да ву Иза. 3Динан муьлхха а коьрта да тайп-тайпана сагІанаш даха дезаш ву, цундела вайн динан коьртачу Ден а хила деза сагІина схьадан хІума. 4ХІинца Иза лаьтта тІехь вехаш хилча, Иза динан да хир вацара, хІунда аьлча кхузахь болуш бу, товрат-хьехамо ма-бохху, сагІанаш дохуш болу динан дай. 5Цара Далла деш долу гІуллакх кхузарчу четар чохь бен ца хуьлу. И четар стигалахь долчун кепах тера бен дац, цуьнан ІиндагІ бен дац. Ткъа Мусага аьлла дара, иза Делан четар дан волавелча: «Ларлолахь, хьайна лам тІехь гайтинчун кепах тера делахь дерриг а». 6Кхечу динан дайшка деллачул а Іийсага делла динан гІуллакх лакхара хиларе терра, Цуьнан юкъарлонца Делаца бина керла барт а ширачу бартал гІолехь бу, иза тоьллачу чІагІонашна тІехІоттийна болу дела. 7Нагахь санна хьалха бина барт кхачамбацар доцуш хиллехьара, шолгІаниг оьшур а бацара. 8Амма, нахана бехк а буьллуш, пайхамаро боху: «ТІекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан цІийнаца а, ЯхІудан цІийнаца а керла барт бен долу. 9Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза. ХІунда аьлча цара и Сан барт лар ца бира, цундела со дІавирзина царна тІера, – боху Везачу Эло. 10Иштта барт бийр бу Аса Исраилан халкъаца, хІара денош дІадевлча, – боху Везачу Эло. – Айса тІедуьллург церан кортош чу дуьллур ду, церан дегнаш тІехь яздийр ду Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду. 11ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а хьоьхур дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш. ХІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву. 12Цаьргара даьллачу вочунна Со къинхетаме хир ву, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». 13Цу бартах «керланиг» а аьлла, хьалха хилларг шира хилар гайтина Цо, ткъа ширделларг кестта дІадолу.

will be added

X\