Іебархошка 7

1Малки-ЦІадакъа Шалейм-гІалин паччахь а, Веза Воккхачу Делан динан да а вара. Паччахьашна тІехь толам а баьккхина, цІа вогІуш волчу ИбрахІимна дуьхьал а вахана, иза декъалвира Малки-ЦІадакъас. 2Ша тІамехь мел даьккхинчух уьтталгІа дакъа цунна дІаделира ИбрахІима. Малки-ЦІадакъин цІе ши маьІна долуш ю: цкъа-делахь, «нийсонан паччахь», шолгІа-делахь «Шалейман паччахь», ткъа иза «машаран паччахь» бохург ду. 3Делан Йозанаша хІумма а ца боху цуьнан дех а, ненах а, гергарчу нахах а, цуьнан дахаран доладаларх а, чаккхенах а лаьцна. Делан КІант санна, гуттаренна а динан коьрта да ву иза. 4Шуна го, шен тоьллачу хІонсах уьтталгІа дакъа ИбрахІима делларг мел сийлахь ву. 5Левин тІаьхьенах болчу динан дайн бакъо ю халкъера цуьнан пайданах уьтталгІа дакъа схьаэца, ИбрахІимах схьабевлла шайн вежарий уьш боллушехь. 6Малки-ЦІадакъас, ша Левин тІаьхьенах вацахь а, ИбрахІимера уьтталгІа дакъа схьа а эцна, Дала чІагІо йина волу иза декъалвира. 7Шеко яц цхьаъ декъалвеш верг ша декъалвечул а лакхара хиларан. 8УьтталгІа дакъа схьаоьцуш берш дуьнен чохь бехаш а, леш а болу нах бу, ткъа Малки-ЦІадакъах – иза дийна ву аьлла. 9Ала мегар ду, уьтталгІа дакъа схьаоьцуш волчу Левис ша а ИбрахІимехула и уьтталгІа дакъа делла. 10ХІунда аьлча дуьнен чу валаза волу Леви шен ден ИбрахІиман цІийца вара, Малки-ЦІадакъа цунна дуьхьалвеача. 11Левин тІаьхьенах болчу динан дайшкахула халкъо кхачамалла схьаоьцуш хилча (ткъа цуьнга хьаьжжина, товрат-хьехамаш халкъана дІабелла), Малки-ЦІадакъин даржехь кхин динан да стенна оьшура, АхІаронан даржехь а ца хуьлуш? 12Динан дайн тайпа хийцалуш хилча, Далла гІуллакх муха дан деза дуьйцу хьехам а хийцабала безаш бу. 13Вай Вуьйцург кхечу тайпанна юкъавогІуш ву, царах цхьа а сагІа доккхучу кхерчана уллохь гІуллакх деш ца хилла. 14Хууш ду, вайн Веза Эла ЯхІудан тайпанах схьаваьлла хилар. Ткъа Мусас хІумма а ца аьлла цу тайпанах болчу динан дайх лаьцна. 15Иза кхин а чІогІа билгалдолу, Малки-ЦІадакъин даржехь кхин динан да гучуваьлча. 16Адамийн схьадовлар муха хила деза гойтучу парзашца хилла вац Иза динан да, хедар доцучу дахаран ницкъаца хилла ву. 17ХІунда аьлча Цунах лаьцна иштта аьлла: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦІадакъин даржехь». 18Цхьана агІор хьалха тІедиллина хилла парз дІадоккху, иза ледара а, пайден доцуш а хиларна, 19(Мусас беллачу товрат-хьехамо цхьа а хІума кхачамалла йолуш ма ца дерзийна), вукху агІор хІинца вайна лучу дикачу сатийсамо вай Далла гергахьа кхачадо. 20Дала чІагІо ярца хилла ду и гІуллакх. Вуьш, цхьа а чІагІо ца еш, динан дай хиллехь а, 21Іийса чІагІо ярца хилла, Цунах лаьцна иштта олуш хилча: «Везачу Эло чІагІо йина, ткъа цунна тІера юха ца волу Иза: „Гуттаренна а динан да ву Хьо"». 22Цунах гуш ду Іийса тоьллачу бертан закъалт хилар. 23Динан дай дуккха а хилла, хІунда аьлча Іожалло кхидІа шайн гІуллакх ца дойтура цаьрга. 24Ткъа Іийса гуттар а хиларна, динан дас санна Цо Далла гІуллакх дар а хедар доцуш ду. 25Цундела Шегахула Далла тІевогІург Цуьнга кхоччуш кІелхьарваккхало, хІунда аьлча Иза гуттар а дийна ву, Цо доІанаш дийр ду Ша кІелхьарбохучарах. 26Иштта динан коьрта да вайна оьшуш а ву: веза а, бехк боцу а, цІена а, къинош летийначарах дІакъастийна волу а, стигалал лакха хьалаваьккхина волу а. 27Динан вукху коьртачу дайн санна, хІора дийнахь цкъа хьалха Шена тІера, юха нахана тІера сагІанаш даха ца деза Цуьнан, хІунда аьлча Цо гуттаренна а цкъа даьккхина сагІа, Ша дІа а велла. 28Товрат-хьехамца динан коьрта дай кху дуьненан нах хІиттабора, адамийн ледарлонаш церан елахь а. Ткъа товрат-хьехамал тІаьхьа еанчу дуйнан чІагІоно динан коьрта да хІоттийра гуттаренна а кхачаме вина волу Делан КІант.

will be added

X\