Іебархошка 5

1Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хІоттаво адамийн дуьхьа Далла Іамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагІанаш даха а. 2Динан коьрта да хІума ца хуучу а, галбевллачу а нахаца кІеда хила тарло, хІунда аьлча иза ша а ву ледарлонийн карахь. 3Цундела нахана а, шена а тІера даха деза цо сагІанаш шаьш летийначу къинойх. 4Цхьа а шен лаамца хІуттур вац динан коьрта да. Дала тІекхайкхина хила веза иза, АхІарон санна. 5Иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша тІе ца эцна динан коьрта да хиларан бакъо. Дала аьлла Цуьнга: «Хьо Сан КІант ву, тахана Хьан Да хили Сох». 6Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦІадакъин даржехь». 7Лаьтта тІехь долчу Шен дахарехь Іийсас чІогІачу белхарца а, бІаьрхишца а доІанаш а, дехарш а дора Ша Іожаллех кІелхьарваккха йиш Йолчуьнга. Далла дІахезира Цуьнан доІанаш, хІунда аьлча Іийсан Деле болу ларам боккха бара. 8Ша Делан КІант хиллехь а, ерриге а лайначу халонашкахула Іемина Иза Далла муьтІахь хила. 9Кхачаме хилла, дІахІоттийна вара Иза, гуттаренна а кІелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтІахь болчарна массарна а. 10Малки-ЦІадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дІакхайкхийра Иза Дала. 11Кхунах лаьцна кхин дуккха а дара дийца, амма хала ду шуна иза тида, хІунда аьлча шу хІуманах иштта меллаша кхета. 12ХІинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Іамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хІинца а шура оьшу, чІогІачу кхачанан метта. 13ХІинца а шура юуш верг бакъдерг а, харцдерг а къасторан хьехам бевзаш вац, хІунда аьлча иза бер долу дела. 14Делан дош довзарехь кхиъна болчу нахана лерина бу чІогІа кхача. Гуттара а шайн кхетамашца а, хьекъалца а лелаш, уьш Іемира дика а, вон а къасто.

will be added

X\