Іебархошка 4

1Дала, Ша синтем лун болчу метте кхачор ду аьлла, йина чІагІо хІинца а йолуш ю, цундела ларлойла вай шух цхьаъ тІаьхьа ца висийта. 2Исраилхошна санна, вайна а бовзийтина Делан хаза кхаъ . Амма иза хезначара цу тІе тешар ца тоьхна, цундела царна пайда ца бина хазачу кхоо. 3Цу хазачу кхоах тешна долу вай кхочур ду Дала синтем лучу метте, хІунда аьлча Цо аьлла: «Цундела Сайн оьгІазаллица Ас чІагІо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». Цо иза аьлла, дуьне кхолладеллачу хенахь дуьйна Шен болх чекхбаьлла боллушехь. 4Делан Йозанашкахь цхьана меттехь ворхІалгІачу дийнах лаьцна иштта аьлла: «Цу дийнахь, Ша мел динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, Дала садаьІира». 5Кхин а аьлла Цо хьалха хьахийначу меттехь: «Синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш». 6Иштта, цхьаберш Дала лучу синтеме кхочур бу, ткъа хаза кхаъ хьалха хезна болу вуьш цига кхочур бац, шаьш ла ца догІарна. 7Цундела Дала кхин цхьа де билгалдаьккхина, ткъа цунах Цо олу «тахана». Дуккха а хан яьлча, Даудехула Цо аьллера, лакхахь аьлла ма-хиллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш». 8Нагахь санна ЮшаІа цу синтеме уьш кхачийнехьара, кхечу дийнах хІумма а аьлла хир дацара. 9Делан халкъана ворхІалгІачу дийнан синтем хІетте а буьсу. 10ХІунда аьлча Дала лучу синтеме кхаьчнарг шен гІуллакхех паргІатваьлла, Дела Шен гІуллакхех паргІат ма-валлара. 11Иштта оцу синтеме кхача хьовсур вай, цхьа а, вочу масалх пайда а эцна, ла ца догІарна Делах ца къастийта. 12Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агІор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьІахкех тІум а дІа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо. 13Чохь са долу хІума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бІаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай. 14Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КІант Іийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай. 15ХІунда аьлча вайн динан коьрта Да кхетар ву вайгара йийлинчу ледарлонех: Иза лаьтта тІехь волчу хенахь, вай санна, массо а тайпана зуьйш хилла, Цо къа ца латийнехь а. 16Іийса вайн динан коьрта Да волу дела, вай майрра Делан паччахьан гІантана улло даха йиш йолуш ду, Цуьнгара къинхетам а, дика а схьаэца, оьшучу хенахь ваьшна гІо дайтархьама.

will be added

X\