Іебархошка 3

1Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Іийса дагахь латтавелаш. 2Ша ДІахІоттийначунна тешаме вара Иза, Делан цІентІехь Муса тешаме ма-хиллара. 3Іийса Мусан чул а боккха ларам болуш хилла, цІа дийриг ша дечу цІийнан чул боккха ларам бан хьакъ ма-хиллара. 4ХІунда аьлча муьлхха а цІа цхьаммо деш ду, ткъа дерриг а динарг Дела ву. 5Делан дерриге а цІийнехь тешаме ялхо санна вара Муса. Хинйолчу заман чохь эр долчух тоьшалла дора цо. 6Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цІентІехь куьйгалла деш волу тешаме КІант ву. Ткъа Цуьнан цІа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тІехь латтахь. 7Цундела, Делан Сино ма-аллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, 8дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара. 9Шун дайша Со зийра цигахь, шовзткъа шарахь Аса мел динарг шайна гиннашехь. 10Цундела, царна оьгІаз а вахана, Аса элира: „Гуттар а шайн дегнашкахь тилабелла бу уьш, Сан некъаш ца девзина царна“. 11Цундела Сайн оьгІазаллица Ас чІагІо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». 12Иштта, хьовсалаш, вежарий, шайна юкъахь цхьаннан а мекара а, тешар доцу а дог ма хилийталаш, дийна волчу Делах шаьш дІа ца къастийтархьама. 13Амма хІора дийнахь, вовшашна хьехамаш а беш, динехь чІагІлолаш, «тахана» ала йиш мел хуьлу, хьарамчу хІуманах Іеха а велла, шух цхьаннан дог юха ца далийта. 14Дала леррина Къобалвинчун декъахой ду вай, нагахь юьхьанца хилла долу шеко йоцуш хилар чекхдовллалц вайца хилахь. 15Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш, яьссачу арахь шаьш зуьйчу хенахь хамталла еш ма-хиллара». 16Делан аз хезнехь а, хамталла йинарш муьлш бара? Мусас Мисар-махкара массо а арабаьхначарна юкъахь бацара уьш? 17Хьанна оьгІазвахана вара Дела шовзткъа шарахь? Къинош а летийна, яьссачу арахь шайн даьІахкаш охьаехкинчарна ваханерий те Иза оьгІаз? 18Ла ца доьгІначарна бен, кхин хьанна дуьхьал аьлла Дала, уьш «синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац»? 19Иштта вайна го, шайн цатешар бахьана долуш, Дала лучу синтеме уьш кхочург цахилар.

will be added

X\