IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Іебархошка 13 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Шайн динан вежаршка болу безам даим латтабе.   2  Хьаша тІеэцар а диц ма де, цхьаболчара шаьш долчохь маликаш тІе ма оьцура, уьш муьлш бу а ца хууш.   3  Дагахь латтабе набахти чохь берш, шаьш цаьрца цхьаьна долуш санна. Дагахь латтабе Іазапехь бохкурш, шайн догІмашкахь шаьш баланаш хьоьгуш санна.   4  Массара а майрачун-зудчун юкъаметтиг ларъе, шаьш дІадуьйшу мотт сийсаз ма баккха. Дала кхел йийр ю сийсазалла лелочарна а, нахаца лелачарна а.   5  Ахчанна тІаьхьадовлий ма лела, шайн долчух тоам бе. Дала Ша ма-аьлла: «Ас цкъа а вуьтур вац хьо, хьох къаьстар а вац Со».   6  Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гІоьнча, со хІуманах а кхоьрур вац. ХІун дийр дара суна стага?»   7  Делан дош шайна довзийтина болу шайн куьйгалхой дагахь латтабе. Церан дахаро кхиадиначуьнга хьовса, церан санна тешар хилийта.   8  Дала леррина къобалвина Іийса селхана а, тахана а, массо а хенахь а Ша Верг ву.   9  Тайп-тайпанчу а, хийрачу а хьехамашка ма марзло. Делан диканца шайн дегнаш чІагІдар гІоле ю, хІума яаран парзаш кхочушдарал. Уьш кхочушдечарна пайда ца хуьлу.   10  Вайн сагІа доккху кхерч бу, цу тІера хІума яа бакъо яц кху дуьненахь долчу Делан цІа чохь гІуллакх деш болчеран.   11  Къинах долчу сагІина дайинчу дийнатийн цІий динан коьртачу дас Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу хьо, ткъа церан чархаш меттаматтал арахьа ягайо.   12  Иштта Іийсас а, Шен цІийца нах базбархьама, гІалин кевнал арахьа бала лайра.   13  Меттаматтал арахьа Иза волчу арадовлийла вай, Цуьнан сийсазвар тІе а лоцуш.   14  Кхузахь вайн гуттар а лаьтташ йолу гІала яц, вай хин йолу гІала лоьхуш ду.   15  Іийсагахула гуттар а Далла лерина хасторан сагІа доккхийла вай, я, кхечу тайпана аьлча, Цуьнан цІе хастош болу вешан бертан стом лойла вай.   16  Диц ма делаш диканиг дан а, вовшашна оьшург шайна юкъахь декъа а, хІунда аьлча иштта сагІанаш Далла тамехь ду.   17  Шайн куьйгалхоша бохург а де, царна муьтІахь а хила, хІунда аьлча уьш массо а хенахь шун гІайгІа беш бу, Далла хьалха шайн шух жоп дала деза дела. Шаьш деш дерг хазахетарца дойла цара, даккхий синош а ца дохуш. Иза иштта ца хилахь, шуна цхьа а пайда бац.   18  Тхох лаций доІанаш де. Тхо тешна ду тхайн дегнаш цІена хиларх, хІунда аьлча массо а хІуманна тІехь хьанал хила гІерта тхо.   19  Къаьсттина доьху шуьга доІа дар, Дала со сиха шайна тІе юхаверзорах лаций.   20  Шен цІийца гуттар а болу барт чІагІбина волу вайн Веза Эла Іийса, уьстагІийн сийлахь Іу, веллачуьра денвинчу, синтем болчу Дала,   21  Шен лаам кхочушбархьама, муьлхха а дика хІума лойла шуна. Дала леррина къобалвинчу Іийса-Элехула Шен тамехь дерг вайна чохь кхуллийла Цо. Сийлалла хуьлийла Цуьнан ерриге а хенахь. Амин.   22  Ас доьху шуьга, динан вежарий, хІокху иракарахІотторан даше собарца ладогІар, яздинарг башха дукха а дац.   23  Цхьа кхаъ бу шуна: вайн ваша Тимапи паргІатваьккхина. Иза кестта схьавагІахь, цуьнца цхьаьна суна шу гур ду.   24  Шайн массо а куьйгалхошка а, берриге Делан нахе а маршалла ло. Италерчу динан вежаршкара маршалла ду шуьга.   25  Делан дика хуьлда шуьца массаьрца а.