Іебархошка 12

1Цундела, гонах тешийн бІо хиларна, ваьшна тІера массо а новкъарло а, ваьшна гонах хьаьрчаш долу къа а дІадоккхийла вай. Доьналла а долуш, ваьшна хьалха хуьлучу къийсаман новкъахула дІадовдийла вай, 2тешар кхоьллина а, кхочушдина а волчу Іийсана тІе а хьоьжуш. Цо Шена хин долчу хазахетаран дуьхьа жІара тІехь валар лайра, эхь тІе дар тергал а ца деш, нехан кхардам тидаме а ца оьцуш. Ткъа хІинца Иза Делан паччахьан гІантана аьтту агІор, баьрччехь, хиъна Іаш ву. 3Къинош летийначу нахера сел чІогІа къизалла Лайначун ойла ел аш, шаьш доьналла доцуш ца диса а, дог эшна ца хилийта а. 4Къинна дуьхьал а девлла, цІий Іаннол чІогІа латар ца хилла шун хІинца а. 5Делан кІентий долчу шуьга, шу иракарахІиттош, аьлла дешнаш диц-м ца делла шуна? «Сан кІант, Везачу Эло хьо нисварх ца вешаш ма хила, Цо хьайна дечу таІзарна гІайгІане а ма вожа. 6ХІунда аьлча Шена везаш верг, таІзар а деш, нисво Везачу Эло. Ша тІеоьцуш волчу кІантана етта а етта Цо». 7Шаьш нисдеш долу таІзар ла, хІунда аьлча оцу таІзар даро гойту, Далла шу кІентий санна хетар. ХІунда аьлча дас нисдеш долу таІзар даза кІант хир а вуй? 8Ткъа массо а кІантана деш долу таІзар шуна деш дацахь, шу кІентий дац, шу къотІалгІадина бераш ду. 9Нагахь вайна таІзар деш болу дуьнен чуьра дай вай лоруш хилча, синойн Дена кхин а чІогІа муьтІахь хила ца деза вай, дахар хилийтархьама? 10Вукхара шайна дика хетачу агІор кІезигчу ханна таІзар дора вайна, ткъа Кхо – вайна пайда хилийта, вайга Шен возаллехь дакъа лацийта до. 11Карарчу хенахь муьлххачу а таІзаро самукъадалар ца дахьа, сингаттам бен. Делахь а тІаьхьа цуьнгахула нисбеллачара машаре а, Делан лаамехь а долчу дахаран стом буур бу. 12Цундела хьалаайа шайн охьадахана куьйгаш, чІагІъе шайн малъелла голаш. 13Нийсачу новкъахула лела, астагІа лелхарш гал ца бовлийта, мелхо а тобалийта. 14Массо а адамца машаре хила, ткъа Далла гергахь цІена хила хьовса. ЦІеналла ца хилча, цхьанна а Веза Эла гур вац. 15Къаьсттина тидаме хила шайна юкъара цхьаъ Делан диканах дІа ца къастийта, «къаьхьачу орамех дІаьвше маргІал хьала а даьлла, цуьнга дуккха а нахана зен ца дайта». 16Шуна юкъахь, боьха хІуманаш лелош а, Іесаваьлла а стаг ца хилийта, Іесав санна, цкъа юучу хІуманах хьалха дуьнен чу ваьллачун бакъо дІалуш. 17Шуна хаьа, цул тІаьхьа Іесавана лиира дас ша декъалван, амма иза дІатесна хилира. Цуьнга хІумма а ца хийцаделира, воьлхуш, цо дехарш дича а. 18Шу герга ца даьхкина куьг Іоттал уллохь болчу а, цІе летта богучу а ламанна а, Іаьржачу боданна а, чІогІачу махана а, 19локхучу маІан озана а, деш долчу къамелана а. И къамел хезачара дехарш дора, кхин шайга дош ма алахьара бохуш. 20ХІунда аьлча цаьрга лан ца лора шайна тІедожош дерг: «Нагахь хьайба а ломах дІахьакхалахь, цунна тІулгаш кхисса деза, иза хІаллакьхиллалц». 21Царна гуш дерг сел буьрса хиларна, Мусас ша а элира: «Со кхоьруш а, вегош а ву». 22Амма шу тІедахана Цийон-ламанна, дийначу Делан гІала йолчу стигаларчу Ярушалаймана, эзарнаш маликийн 23самукъанечу гуламна, стигалшкахь цІераш дІаязйинчу Делан дуьххьарчеран леррина болчу гуламна, массеран Кхелахо волчу Далла, кхачамалле кхаьчначу Делан лаамехь болчеран синошна, 24керлачу бертан Юкъарлонча волчу Іийсана, Хьабулан цІийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тІехьорсучу цІийн цинцашна. 25Хьовсалаш, къамел Дечуьнгахьара дІа ма дерзалаш. Нагахь, Лаьтта тІехь къамел дечуьнга ла а доьгІна, уьш а кІелхьара ца бевллехь, вай муххале а кІелхьардевр дац, стигалара къамел Дечуьнгахьара дІадерзахь. 26Цу хенахь Цуьнан озо Латта дегийра, ткъа хІинца Цо боху: «Ас кхин цкъа а, Латта дегийна ца Іаш, стигал а егор ю». 27«Кхин цкъа а» бохучу дешнаша гойту дегалуш дерг (и ду кхоьллинарг) дІадаккхар, ца дегалуш дерг дисийтархьама. 28Цундела вай, егалур йоцу пачхьалкх тІеоьцу ерш, Далла баркалла олуш хила деза. Баркалла а долуш, Цунна товш йолчу кепара Далла Іамал ян еза вай, ларамах дуьзна а, кхоьруш а долуш, 29хІунда аьлча «вайн Дела массо а хІума дІахьулъеш йолу цІе ю».

will be added

X\