Іебархошка 10

1Товратан хьехамаш хин долчу диканийн ІиндагІ ду, церан билггал долу васт а доцуш. Цундела хІора шарахь гуттар а дохучу сагІанашкахула цу товрат-хьехамийн Далла гергабогІу нах кхоччуш хилийта ницкъ ца кхочу. 2Кхечу тайпана хилча, цара и сагІанаш дохур дацара, хІунда аьлча цкъа къинах цІан а белла, кхин шайн къинош туосалур дацара царна. 3Амма сагІанаш дахарца хІора шарахь а къинош дагадохкуьйту. 4ХІунда аьлча стерчийн а, бежалойн а цІийно къинош дІадохур дац. 5Цундела дуьнен чу вогІучу хенахь Дала леррина Къобалвинчо элира: «СагІанаш а, совгІаташ а ца дийзи Хьуна, амма Суна дегІ кечди Ахьа. 6Дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагІанаш ца тайна Хьуна. 7ТІаккха Ас элира: „Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тІехь суна лерина яздина ду. Хьан лаам кхочушбан вогІу Со, Дела“». 8Цкъа хьалха Цо боху: «Я сагІанаш а, совгІаташ а, я дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагІанаш а Хьуна деза а ца дийзи, тан а ца тай» (товрат-хьехамаша иза тІедуьллуш делахь а). 9Цул тІаьхьа Цо тІетуху: «Хьан лаам кхочушбан вогІу Со». Хьалхарниг дІадоккху Цо шолгІаниг чІагІдархьама. 10Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дегІ цкъа гуттаренна а сагІина даларна. 11Муьлхха а динан да хІора дийнахь Далла Іамал еш ву, цкъа а къинош дІадахалур доцу цхьатерра сагІанаш мосуьйттазза а дохуш. 12Ткъа Иза, гуттаренна а къинойх цхьа сагІа а даьккхина, Далла аьтту агІор охьахиъна, 13Шен когашка Шен мостагІий Дала охьабахккалц, хьоьжуш. 14Цкъа даьккхинчу сагІанца Цо гуттаренна а кхачаме бина базбеш берш. 15Цунах лаьцна Делан Сино а тоьшалла до вайна кху дешнашца: 16«Иштта барт бийр бу Аса цаьрца, хІара денош дІадевлча, – боху Везачу Эло. – Айса тІедуьллург церан дегнаш чу дуьллур ду, церан кортош тІехь яздийр ду Аса». 17ТІаккха Цо тІетуху: «Церан къинош а, харцонаш а кхин дага а йохкуьйтур яц Аса». 18Ткъа къиношна гечдина хилча, царах сагІанаш даха кхин ца оьшу. 19Иштта, вежарий, Іийсан цІий бахьана долуш Делан стигалахь йолчу цІийнан уггар езачу чоьнна доьналла долуш чудаха аьтто бу вайн. 20Іийсас, Шен дегІ сагІина дІадаларца, керла некъ схьабиллина вайна цига. Дийна волу Іийса Ша бу и некъ, ткъа и некъ Делан цІийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долчу кирхьанах чекхболуш бу. 21Иштта, сийлахь динан коьрта да стигалахь долчу Делан цІенна тІехь хІоттийна ву вайн. 22ЦІеначу дагаца, чІогІачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тІелацарх цІан а дина, вайн догІмаш цІеначу хица а дилина. 23Ваьш сатуьйсург чІогІа лардан деза вай, хІунда аьлча ваІда Динарг тешаме ву. 24Вовшийн терго йойла вай, безамна а, дикачу гІуллакхашна а ваьш иракара а хІиттош. 25Вешан гуламаш дІатосуш ма хуьлийла вай, цхьаболчара иза ма-дарра. Цул а вовшашна гІо дойла вай, Везачу Элан де гергакхочуш хилар шайна мел ги, алсам а деш. 26Вай, бакъдолчух дерг а хиъна, къинош ма-луъу летош хилча, къинах даккха сагІа кхин ма ца дуьсу вайн. 27Дуьсург цхьаъ ду: хинйолу кхел а, Делан мостагІий дІакхоллу йолу цІе а тІеяре кхерамца хьежар. 28Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш талхийнарг къинхетам боцуш вуьш ву, нагахь шиъ я кхоъ теш велахь. 29Ойла ел, мел чІогІа таІзар дийр ду Делан КІант емалвинчунна, Делаца бина барт чІагІбина а, ша вазвина а долчу цІийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна? 30Вайна хаьа, хІара дешнаш Хьан аьлла: «Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду». Кхин а: «Везачу Эло Шен халкъана кхел йийр ю». 31Мел кхераме ду дийначу Делан буйна вахар! 32Дагадахкийта шайн хьалхалера денош, Дала шуна серло еллачул тІаьхьа, шу, чІогІа баланаш а лайна, чекхдевлира. 33ЦкъаццІа шу а сийсаздарца я ницкъ барца нахана хьалха дІахІиттош хилла. ЦкъаццІа шаьш санна ницкъ ловш цхьаьна бала хьоьгуш хилла шу. 34Чубоьхкинчу нахах къахеташ а хилла шу, шайн долахь дерг дІадаьккхича, хазахеташ а лелла шу, хІунда аьлча шуна хаьара стигалахь дикаха а, цкъа а дІаер йоцу а хазна шайн юйла. 35Иштта шайн доьналлех ма доха, хІунда аьлча цунах шуна доккха совгІат лур ду. 36Шуна собар оьшу, Делан лаам кхочуш а бина, шайна лур ду аьлларг схьаэца. 37ХІунда аьлча: «Йиснарг кІезиг хан бен ма яц, тІаккха и ван везаш верг вогІур ма ву – иза хьелур вац. 38Амма Аса бакъвинарг Сох тешарца вехар ву, ткъа иза юхавалахь, Со цунна реза хир вац». 39Юха а девлла, хІаллакьхуьлучарах дац вай, тешарца кІелхьардохучарах ду.

will be added

X\