IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Іебархошка 1 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула,   2  ткъа кху тІаьхьарчу деношкахь Шен КІантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КІант ву дІахІоттийна. Цуьнгахула массо хІума а кхоьллина.   3  КІант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цІандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агІор охьахиина Иза.   4  Цунна тиллина цІе маликашна тиллинчул лакхара хиллал, царал лакхара ву Иза.   5  ХІунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КІант ву, тахана Сох Хьан Да хилла»? Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву, Иза Сан КІант а хир ву?»   6  Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьІийла».   7  Маликех лаьцна Цо аьлла: «Дала Іаьнарх Шен маликаш до, цІеран алунех Шен ялхой бо».   8  КІантах лаьцна Цо аьлла: «Хьан олаллин гІант, Дела, абаденналц лаьтта, Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.   9  Хьуна бакъдерг дезна, ткъа харцо ца езна, цундела Дала, Хьан Дала, къобалвеш тІедутту даьтта санна, Хьан накъосташна чул Хьуна алсам хазахетар делла».   10  Кхин а аьлла Дала: «Веза Эла, Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигал а йина.   11  Уьш дІадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Дерриг а тишлур ду, бедар санна.   12  ТІеюху хІума санна, Ахьа дІахьарчор ду уьш, тІаккха уьш, бедар санна, хуьйцур ду. Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац».   13  Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агІор, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц»?   14  Далла гІуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кІелхьардовлар кхочун долчарна гІуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?