IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Галатахошка 5 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Дала леррина Къобалвинчо вай паргІатонехь дахийтархьама елира вайна паргІато. Цундела чІагІлой Іе шайн паргІатонехь, шаьш цхьаьнгге а юха а лолла ца лацийта.   2  Аса, ПахІала, боху шуьга: нагахь аша шаьш сунтдайтахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнгахьара цхьа а пайда хир бац шуна.   3  Аса кхин а цхьа тоьшалла до хІора ша сунтвойтуш волчуьнга, цо товрат-хьехамаш тІера дерриге а гІуллакхаш кхочушдан деза аьлла.   4  И хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха бакъдар ду моьттуш долу шу, Дала леррина Къобалвинчух дІа а къаьстина, Дала луш долчу диканах девлла.   5  Ткъа тхо сатуьйсуш ду тхешан тешарехула Далла хьалха тхаьш бакъдаре. Тхо цунах тешна а ду, Цуьнан Сино тхайна чохь дийриг бахьана долуш.   6  ХІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсаца тхо хІинца цхьаъ хиларна, цхьа а маьІна дац я сунтваран а, я сунт ца варан а. Далла хьалха маьІна долу хІума цхьаъ ду: безаман гІуллакхаш хуьлуьйту тешар хилар.   7  Шу хаза догІуш дара. Ткъа хьан йира те шуна бакъдолчунна тІаьхьахІитта новкъарло?   8  Шу бакъдолчунна тІера дІадохуш болу кхетам шуьга Шена тІекхойкхучу Делера бац.   9  «КІеззигчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо».   10  Далла хьалха со тешна ву аша шайн кхетам хуьйцург ца хиларх, ткъа шун дегнаш чу шеко тосуш волчунна кхел хир ю, милла а иза велахь а.   11  Ткъа, динан вежарий, нагахь аса хІинца а сунтварах лаьцна кхайкхамаш беш белахьара, со хьийзо тІаьхьабевр барий суна? Иза иштта делахьара, сан жІарах лаьцна болчу хьехамаша цхьанна а вас йийр яцара!   12  Шу гІалатдохуш берш, шаьш сунтбина а ца Іаш, баьІна а хилахьара!   13  Ткъа шу, динан вежарий, Дала паргІатоне кхайкхина ду. Амма ма битийша меттиг и паргІато зуламна хилийта, шайн хьарам лаамаш кхочушбарца. Дейша гІуллакхаш вовшашка безам болуш.   14  ХІунда аьлча товрат-хьехамийн дуьззина долу маьІна хІокху дешнаш чохь ду: «Хьайна уллораниг, хьо санна, веза».   15  Амма, нагахь аша вовшашца къийсамаш а беш, шу вовшийн даа дуьйлалахь, хьовсалаш, баккъалла а шаьш а хІаллак ца хилийта!   16  Цундела боху ас шуьга, Делан Сино шаьш лела ма-дарра лела, тІаккха шайн хьарам лаамаш кхочушбийр бац аша.   17  Вайн хьарам лаамашна гуттара а лаьа Делан Синан лаамана дуьхьал дерг дан. Уьш гуттара а вовшашна дуьхьал хуьлу, шуьга шайна луург ца дайтархьама.   18  Ткъа Делан Сино шу лелош делахь, шу товрат-хьехамийн долахь дац.   19  Вайн хьарам лаамаш вайна бевзаш бу. Уьш бу: нахаца лелар, боьха лаамаш хилар, къилахь долу хІума дар,   20  цІушна корта беттар, бозбунчалла леладар, мостагІалла хилар, девнаш дахар, эмгаралла лелор, оьгІазъэхар, дагазаллаш хилар, барт ца хилар, декъадалар,   21  цабезам хилар, малар тІехдаккхар, лар тІера валар, иштта кхидолу а ца оьшу хІуманаш дар. Цунах лаьцна, айса хьалха а ма-аллара, хІинца а боху аса шуьга, и гІуллакхаш деш берш Делан Олалле кхочур бац.   22  Ткъа Делан Сино кхуллуш дерг хІара ду: безам, хазахетар, деган машар, доккха собар, вовшашца безамехь хилар, дикалла, тешаме хилар,   23  эсала хилар, чуьра ца валар. Ишттачу леларна дуьхьал цхьана а бакъонаша а вониг дойла дац.   24  Амма шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсан болчара шайн хьарам лаамаш, шайн боьхачу ойланашца, жІарах дІатоьхна.   25  Вайн дахар Делан Синца хилча, тІаккха Делан Сино ма-бохху лела вай.   26  Ца дер вай дозаллаш. Ца хир вай вовшашна оьгІазъоьхуш а, вовшашка хьагІ йолуш а.