Галатахошка 4

1Амма аса боху шуьга: тІаьхьенах дакъа кхочун долу кІант пхийттара валале йолчу хенахь, ша массо а хьолан да воллушехь, цхьана а хІуманна тІехь лех къаста ца ло. 2Цу берана тІехь олалла а деш, цуьнан дола а деш, тІехьожуш хІоттийна ялхо хуьлу, цуьнан дас билгалъяьккхина хан тІекхаччалц. 3Иштта вай а дара, ваьш бераш долчу хенахь, кху дуьненах долчу парзийн а, Іадатийн а долахь. 4Ша билгалъяьккхина зама тІекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тІе ваьккхина волу Шен КІант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь, 5цу хьехамийн долахь берш паргІат а баьхна, вайх а Делан бераш дархьама. 6Ткъа хІинца шу Делан бераш хилар гойтуш, Дала Шен КІентан Са даийтина шун дегнаш чу, массо а Іийсах тешаш болчеран санна. Цу Сино Деле кхойкху: «Дада, Сан Да!» – бохуш. 7Цундела хьо хІинца, лай а воцуш, Делан кІант ву. Ткъа хьох, кІант хилча, хьо Делехула Цуьнан тІаьхьенах а ву. 8ХІетахь, Дела шайна ца вевза дела, шу баккъалла а деланаш боцучеран долахь дара. 9Ткъа хІинца, шайна Дела вевзича, цул сов Далла шу а девзича, юха а цхьа а ницкъ боцучу, ледарчу парзашна а, Іадаташна а тІе а дирзина, юха а церан леш хила лаьа те шуна? 10Цхьацца денош а, беттанаш а, заманаш а, шераш а лардо аша! 11Кхоьру со, аса шуьца мел хьегна къа эрна хиларна. 12Хилийша, вежарий, со санна! ХІунда аьлча со а ма хилира, шу санна. Аша хьалха-м цкъа а цхьа а вониг ма ца дира суна. 13- 14Шуна хаьа, со дуьххьара шуна хаза кхаъ кхайкхош веана волуш, со сайн дегІаца цамгар йолуш варий. Сох дог дала меттиг яьлла йоллушехь, шу ца даьшна дІа ца дирзира сох, амма аша со, Делан малик я Дала леррина къобалвина Іийса волуш санна, тІеийцира. 15Ткъа хІинца стенга дахана шун хазахетар? Со тешна ву, хІетахь, шайн йиш хиллехь, шайн бІаьргаш схьа а даьхна, уьш суна дала а шу кийча хилла хиларх. 16Ткъа хІинца, аса шуьга бакъдерг дийцича, сох шун мостагІа хилла? 17Суна хаьа и шаьш хаза кхаъ бахьа болчух леларш шуна верасалла дан гІертий. Уьш шу шайгахьа даха лууш бу. Амма цара шу дикане далор дац. Царна, шу тхох дІа а къастийна, шун озабезам шайгахьа хила лаьа. 18Гуттар а озабезамехь хилар дика ду, со шуьца волччу хенахь бен хилла а ца Іаш. 19Сан бераш! Бер дуьненна чу долуш ненан хуьлу лазарш санна, сан юха а хуьлу-кх и лазам шу бахьанехь. Иза иштта хир а ду, Дала леррина Къобалвинчун вастехь шу хиллалц. 20Лаьар-кха суна, хІинца шу долччохь а волуш, кхечу озаца шуьца дийца, хІунда аьлча со инзар а вуьйлу шух, со кхеташ а вац-кх шух. 21Алийша соьга, товрат-хьехамийн долахь хила лууш дерш, аша ла ца дугІу те цу тІехь долчуьнга? 22Цу тІехь яздина ма-ду, ИбрахІиман ши кІант хилла аьлла. Цхьаъ гІарбаш йолчу ХІажара винарг ву, важа паргІат йолчу ИбрахІиман зудчо винарг ву. 23ГІарбаш йолчо винарг массо бераш ма-хиллара вина ву. Ткъа ша паргІат йолчо винарг Дала чІагІо еш аьллачуьнца вина ву. 24Иза шен кхин маьІна долуш дустар ду. И ши зуда Дала бина ши барт санна хуьлу. Цхьаъ Синай олучу лам тІехь бина барт бу. Цу бартаца леш беш хиларна, иза лай вина йолу ХІажар санна хуьлу. 25Ткъа Іаьрби-махкахь болу Синай-лам «ХІажарца» боьзна бу. Иза хІинца а лаьттахь йолуш йолу Ярушалайм санна лору. ХІунда аьлча Ярушалайм а, Цуьнан бераш санна лоруш болу бахархой а лоллехь бу. 26Ткъа вайн нана санна лоруш йолу стигалшкара Ярушалайм паргІат ю. 27Яздина ма-ду: «Хазахета хьайна, бер ца хуьлуш ерг, цкъа а бер хилла а йоцург! Хазахетарца йоккхае, бер хуьлуш лазарша ца хьийзийнарг, хІунда аьлча йитинчун бераш сов ду, майра волуш йолчун чул». 28Ткъа шу, динан вежарий, Исхьакх а санна, Делан чІагІонца хилла бераш ду. 29ХІетахь стеган лаамца дуьнен чу ваьллачо Делан Са бахьана долуш ваьлларг эккхош хилла. Иза хІинца а ду иштта. 30Ткъа хІун боху Делан Йозанаша? «Эккхае и гІарбаш а, цуьнан кІант а, хІунда аьлча гІарбашо винчу кІанта паргІат йолчо винчу кІантаца тІаьхьадисинарг доькъур дац». 31Цундела, динан вежарий, вай гІарбашан бераш а доцуш, паргІат йолчун бераш ду.

will be added

X\