Галатахошка 2

1Цул тІаьхьа дейтта шо даьлча, со юха а Бар-Наабаца, сайца Тита а вуьгуш, Ярушалайме вахара. 2Со вахара, Дала, цига со ваха веза аьлла, сайна схьадиллина дела. ТІаккха айса кхечу къаьмнашна юкъахь кхайкхош болу хаза кхаъ цигахь болчу динан вежаршна а бовзийтира аса. Амма аса иза, массо а халкъана юкъахь доцуш, шун керла векалш болчуха лелачарна юкъахь дІабовзийтира, айса хьалха дина а, хІинца до а гІуллакх эрна ца хилар хаархьама. 3Ур-атталла соьца волу Тита а, грекахо воллушехь, сунтван ца дийзира. 4Ткъа сунтварах лаьцна дийца дийзира тхан. ХІунда аьлча цхьаболу харцвежарий къайлаха тхуна юкъабаьхкинера, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца хиларна тхан йолчу паргІатоне а хьаьвсина, юха а тхох леш дархьама. 5Оха цара бохург ца дира, хазачу кхоан тІехь долу бакъдерг шуьца хилийтархьама. 6Ярушалаймера тешаш болчу наха лоруш болчара а (уьш хьалха муьлш хиллехь а, суна-м бен а дац, хІунда аьлча Далла хьалха массо а адам цхьаъ а ду) сан хьехамна хІумма а тІе ца туьйхира. 7Цара мелхо а чІагІдира, хаза кхаъ кхечу къаьмнашна кхайкхор суна тІедиллина хилар, иза жуьгташна хьехар Кипина тІедилларе терра. 8ХІунда аьлча Кипех жуьгтийн халкъана векал Винчо, сох а вина кхечу къаьмнашна векал. 9Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Іийсах тешаш болчу наха шайн гІортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагІаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла. 10Деккъа цхьа дехар дира цара: мисканаш дагахь латтабар. Изза дан со а чІогІа гІертара. 11Ткъа Кипа Антиох-гІала веанчу хенахь, иза суна юьхь-дуьхьал волуш, со дуьхьалвелира цунна, и бехке волу дела. 12ХІунда аьлча, Якъуб волчуьра цхьаболу нах схьабахкале, Кипас яа хІума йоура кхечу къомах сунтбаза болчу нахаца цхьаьна. Ткъа Якъуб волчуьра и сунтбина болу нах баьхкича, царах ийзалуш, иза юьстахвуьйлура. 13Цуьнца цхьаьна кхиболу жуьгтий а буьйлабелира моттаргІанаш ян. Цундела ур-атталла Бар-Нааба а дІакхийтира моттаргІанаш лелочарех. 14Амма, уьш хазачу кхоан тІера бакъдолчуьнца нийсса лелаш ца хилар сайна гича, массарна хьалха аса Кипе элира: «Нагахь хьо, жуьгти воллушехь, жуьгтий санна а ца лелаш, кхечу къаьмнех берш санна лелча, ахьа муха гІертор бу уьш жуьгтийн Іадаташ тІе? 15Вайшиъ дуьнен чуволуш дуьйна а жуьгти ву. Шайна тІехь къинош долчу къаьмнашна юкъа ца вогІу вайшиъ. 16Амма вайна хууш ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешаро бен цхьа а адам Далла хьалха бакъ ца дойла. Товрат-хьехамаш кхочушбарца цхьа а Далла хьалха бакъвийр вац. Иштта вайшиъ Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешнера, товрат-хьехамаш тІера гІуллакхаш кхочушдарца а доцуш, амма ваьш Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарца Далла хьалха бакъхилийтархьама. ХІунда аьлча кху дуьненара цхьа а адам товрат-хьехамаш тІера бакъахьара гІуллакхаш кхочушдарца кІелхьардер дац. 17Нагахь, Дала леррина Къобалвинчуьнца хиларна, Далла хьалха ваьш бакъдар лоьххушехь вайшиъ а къинош летораш санна лелча, Дала леррина Къобалвинарг вуй те вайга къилахь долу гІуллакхаш дойтуш верг? Дера вац! 18ХІунда аьлча, цкъа хІаллакдинарг юха меттахІоттош хилча, аса товрат-хьехамашна дуьхьал а ваьлла, со зуламхо хилар гойту. 19Товрат-хьехамаша со хІаллаквина, цундела со оцу хьехамашна гергахь велла ву, Делан дуьхьа вхархьама. Со а, Дала леррина Къобалвинчуьнца жІарах дІатоьхча санна, велла. 20Бакъдерг аьлча хІинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дІавелла волчу Делан КІантах тешаш со вехаш хилар. 21Сайна Дала маьхза делла дика дІа ца тотту ас. ХІунда аьлча бакъвар товрат-хьехамо кхочушдеш делахьара, Дала леррина Къобалвинарг валар эрна хир дара!»

will be added

X\