Галатахошка 1

1ХІара кехат яздо шуьга аса, векал волчу ПахІала. Цхьанна а тобано я цхьанна а адамехула къобалвина вац со. Векал а вина, со дІахьажийнарш бу Дала къобалвина волу Іийса а, Иза веллачуьра денвина волу вайн Да волу Дела а. 2Аса а, соьца болчу массо а динан вежарша а маршалла доуьйту шуьга, Галата-махкарчу Іийсах тешначу нехан тобанашка. 3Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, машар а хуьлда шуна. 4Вайн къинош бахьана долуш Ша дІавелла Цо, вайн Да волчу Делан лаамца кху зуламечу заманах вай кІелхьардахархьама. 5Сийлалла хуьлийла Цуьнан массо а заманахь. Амин. 6Со цецвуьйлу шух! Дала леррина Къобалвинчун маьхза долу дика бахьана долуш Дала шу Шена тІе ма озийна! Ткъа шу, иштта сиха Цуьнгахьара дІа а дирзина, кхечу хьехамна тІаьхьахІитта дохку. 7Ткъа иза-м кхин тайпа хаза кхаъ бац, амма цхьаболу нах бу шун дегнаш чу шеко а тосуш, шуна Дала леррина Къобалвинчо беана хаза кхаъ харцахьабаккха лууш. 8Ткъа оха шуна беанчу хазачу кхоана метта я оха а, я стигаларчу малико а кхин кхаъ бахьахь, Делан неІалт хуьлийла царна. 9Айса хьалха ма-аллара, хІинца юха а боху ас: нагахь аша тІеэцна болчу кхоана дуьхьал цхьаммо кхин кхаъ беанехь, Делан неІалт хуьлийла цунна тІехь. 10Ткъа хІинца нахана хьалха диканиг хилар лоьху те ас я Далла хьалха дика хилар лоьху те? Адамашна хьалха диканиг хилар лоьхий те ас? Нагахь аса адамашна хьалха со дика хетар хІинца а лехахьара, Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх деш верг хир вацара со. 11Аса дІахоуьйту шуьга, динан вежарий, йижарий, ас шуна кхайкхийна хаза кхаъ адамашкара боцийла. 12ХІунда аьлча аса и хаза кхаъ адамашкара тІеэцна а бацара, амма Дала леррина къобалвинчу Іийсас и кхаъ суна бовзийтина хилар бахьана долуш, ас и кхаъ тІеийцира. 13Шуна хезна-кх сох лаьцна, хьалха бакъволу жуьгти хилла леллачу хенахь со муха вара. Шуна хаьа, мел къиза тІаьхьаваьллера со Іийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанашна, уьш хІаллак а еш. 14Сайн тайпанара болчу жуьгтийн нийсархошна юкъахь, сайн дайша лелийна Іадаташ лардар тІехь хьалхе йоккхуш стаг вара со. 15Со дуьненна тІе а валале, со къастийначу Дала, Ша суна динчу диканца, 16суна хьалха Шен КІант дІахІоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а, 17я Ярушалайм-гІала а ца вахара со, сол хьалха векалш хилла болчарна тІе. Амма со Іаьрби-махка а вахана, тІаккха Дамасакх-гІала юхавирзира. 18Цул тІаьхьа, кхо шо даьлча, ШамІа-Кипа вовзархьама Ярушалайм-гІала вахара со. И волчохь аса пхийтта де даьккхира. 19Ткъа кхечу векалех, Везачу Элан ваша Якъуб воцург, цхьа а ца гира суна. 20Ас шуьга яздийриг бакъ хиларх Дела теш ву. 21ТІаккха Сири-махка а, Килик-махка а вахара со. 22Ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш болчу жуьгташна со юьхь тІера ца вевзара. 23Царна хезнера, наха олуш: «Хьалха вай хІаллакдан тІаьхьаваьлла волу стаг ша бухенца дІадаккха гІиртина долу дин хІинца кхайкхош лелаш ву», – аьлла. 24ТІаккха суна тІера цара Далла хастамаш бора.

will be added

X\