IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Эпасхошка 5 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Иштта, Далла дезна долу бераш шу хиларна, Делах тера хилалаш.   2  Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогІучу сагІина а, Далла тамехь долчу гІурбанна а дІаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна.   3  Нахаца лелар а, боьха лаамаш а, бІаьрмециг хилар а – и хІуманаш, шу Делан долахь долу дела, ур-атталла цІе йоккхуш а ма хуьлийла шуна юкъахь.   4  Иштта маьттаза къамелаш а, эрна хабарш а, эргІада дийцар а ма хилийта. Мелхо а, Далла баркалла алар гІоле ду шуна.   5  ХІунда аьлча хІара хаалаш: цхьа а нахаца леларг, я боьха лаамаш берг, я бІаьрмециг верг (иза цІушна Іамал йийриг ву) Дала леррина Къобалвинчун а, Делан а пачхьалкхехь хиндолчу абаде дахаран декъахь хир вац.   6  Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча уьш бахьана долуш тІейогІу муьтІахь ца хуьлучу нахана Делан оьгІазло.   7  Ма хилалаш ишттачу адамашца бертахь.   8  Цхьана хенахь шу бода санна дара, ткъа хІинца шу, Везачу Элаца долу дела, серло ю. Цундела, серлонан бераш санна, лелалаш.   9  ХІунда аьлча дикалла а, бакъахьара лелар а, билггал бакъдерг а серлоно кхиадо.   10  Везачу Элана тамехь дерг хІун ду те бохуш, зуьйш хилалаш.   11  Стом ца лучу боданечу гІуллакхашна юкъа ма гІерталаш, мелхо а, уьш гучудахалаш.   12  ХІунда аьлча цара къайлаха лелош дерш дийца а эхь долуш ду.   13  Ткъа нагахь и дерриг а серлонга даккхахь, церан бакъйолу амалш гучуевр ю.   14  Гучудолуш долу дерриге а серло хуьлу. Цундела аьлла ма ду: «ХьалагІатта, вижина Іуьллург, беллачарна юкъара денло, тІаккха Дала леррина Къобалвинчо хьо серлавоккхур ву».   15  Варелаш, леррина хьовсалаш шаьш муха лела. Хьекъалалла доцурш санна а доцуш, хьекъалалла долуш дерш санна хилалаш.   16  Мел хуьлучу таронах пайда эца, хІара зама мекара йолу дела.   17  Цундела кхетам боцуш ма хилалаш. Везачу Элан лаам муха бу хаа гІерталаш.   18  Сийсаза лелар долуьйту чагІар тІех дукха ма мийлалаш, амма Делан Синах дуьззина хилалаш.   19  Назманашна а, эшаршна а, динан иллешна а тІера эцна долчу дешнашца вовшашка дистхила. Везачу Элана лерина назманаш а ала, эшарш а лекха, шайн дегнаш чохь Цунна хастамаш а беш.   20  Даим а, массо а хІуманна а Да волчу Далла баркаллаш баха, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчу Іийсан цІарах.   21  Дала леррина Къобалвинарг шаьш ларарна, вовшашна муьтІахь хилалаш.   22  Зударий, шайн майранашна, Везачу Элана санна, муьтІахь хилалаш.   23  ХІунда аьлча майра зудчун корта бу, Дала леррина Къобалвинарг Шен дегІ долчу динан ерриге а тобанан корта хиларе терра. И тоба КІелхьарйоккхург ма ву Иза.   24  Дала леррина Къобалвинчунна динан ерриге а тоба муьтІахь хиларе терра, иштта зударий а массо а хІуманна тІехь шайн майранашна муьтІахь хила беза.   25  Майранаш, шайн зударий безалаш, динан ерриге а тоба Дала леррина Къобалвинчунна езаре терра. Цуьнан дуьхьа Шен са а дІаделла Цо.   26  Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цІан а йина, иза язъярхьама а,   27  динан ерриге а тоба цхьа а томмагІа, я цхьа а сакхт доцуш, я кхин тайпана долу хІума а доцуш, амма цІена а, бехказа а йолуш, Шена хьалха сийлаллехь дІахІотторхьама.   28  Иштта, майранаш, шайн догІмаш ма-деззара, шайн зударий безаш хилалаш. Шен зуда езачунна билггал ша-шена веза.   29  ХІунда аьлча цкъа а цхьа а хилла вац шен дегІ ца дезаш. Мелхо а, шен дегІ цо кхаба а кхобу, Іалаш а до, Дала леррина Къобалвинчо массо а тешаш болчеран тоба санна.   30  Вай Цуьнан дегІан меженаш ма ю.   31  «Цундела стаг, шен да а, нана а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду», – Делан Йозанаша ма-бохху.   32  Цхьа доккха бакъдерг хьулдина ду цу дешнаш чохь. Аса боху, уьш Дала леррина Къобалвинчуьнца а, динан ерриге а тобанца а доьзна ду.   33  Амма и дешнаш шуьга а ду: шух хІоранна а шен зуда, ша-шена ма-веззара, езаш хила еза, ткъа зудчо шен майра лара веза.