Эпасхошка 2

1Ткъа шу хІетахь делла дара, шайн зуламаш а, къинош а бахьана долуш. 2Цхьана хенахь, и къинош тІехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тІедевлла а, хІаваан ницкъийн элана тІаьхьахІиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хІинца а муьтІахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо. 3Цхьана хенахь вай массо а Іийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догІмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгІазло тІеян дезаш дерш дара вай. 4Амма инзаре боккха къинхетам болуш волчу Дала, боккхачу безамца вай Шена дезарна, 5къинош а летийна, делла хилла долу вай, Ша леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дендина. Делан доккхачу диканца кІелхьардаьхна ду шу. 6Вай Цуьнца, ден а дина, стигалшкахь охьаховшийна Дала, Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларехула. 7Цо иза дина, тІейогІун йолчу заманашна Шен диканан башха долу хьал гайтархьама. Ткъа Шен доккха дика Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайга болчу безамехь гойтуш ду. 8Іийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кІелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгІат ду. 9Аша дика гІуллакхаш дина хиларна делла дац иза, цундела шух цхьаммо а дозалла ма де. 10Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гІуллакхаш вайга кхочушдайтархьама. 11Цундела дагахь латтаде: кхечу къаьмнех схьадевлла долу шу цхьана хенахь Делан нахана юкъа ца догІура. Шух «сунтбаза нах» олура «сунтбинарш» цІе йолчу наха, ткъа уьш сунтбар адамийн куьйгашца дина ма дара. 12Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дІакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогІучу чІагІонийн а декъахь а дацара шу. КІелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Іеса адамаш дара. 13Шаьш Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хилар бахьана долуш, цхьана хенахь генара хилла долу шу хІинца Цуьнан цІийца гергара хилла. 14Іийса вайна юкъахь Бартбийриг ву, шина халкъах цхьаъ а дина. Боькъуш болу пен санна долу мостагІалла вайна юкъара дІадаьккхина Цо, 15Шен дегІ сагІина дІадаларца. Цу тайпана, товрат тІехь долу тІедехкинарш а, парзаш а кхочушдар эрна дира Цо, шина халкъах Шеца доьзна долу цхьа керла халкъ кхоллархьама, царна юкъахь барт а беш. 16ЖІарах дІатохар бахьана долуш, цхьана дегІа чохь и ши халкъ Делаца тайтира Иза, ткъа церан мостагІалла дІадаьккхира Цо. 17Ван а веана, шуна, генарчарна а, уллорачарна а, бартах болу хаза кхаъ кхайкхийра Іийсас, 18хІунда аьлча вайн шина а халкъан цхьаъ долчу Делан Синца Іийсагахула Дена тІекхочийла долу дела. 19И бохург ду, шу хІинца вовшашна хийра а дац, тІедаьхкинарш а дац, ткъа Делан нехан махкахой а ду, Делан доьзалхой а ду. 20Векалийн а, пайхамарийн а бух тІехь хьалахІиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Іийса Ша са болу коьрта тІулг бу. 21Иза бахьана долуш, и ерриге а гІишло тайна цхьаьнатухуш ю, Везачу Элана лерина долу Деза цІа цунах хьала а хІоттош. 22Иза бахьана долуш, шу а дІахІиттош ду, Дела Шен Синехула Іаш волу меттиг хилийтархьама.

will be added

X\