Эпасхошка 1

1Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала яздо, Дала леррина къобалвинчу Іийсана тешаме а болуш, Эпасехь бехачу Делан нахе. 2Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. 3Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Дела а, Да а. Цо Іийсаца декъалдина вай стигалшкахь массо а тайпана синан декъалдаршца. 4Дуьне а кхоллале, вай Іийсагахула къастийна дара Цо, Шена хьалха вай цІена а, деза а хилийтархьама. Шена вай деза дела, 5хаьржина Дала, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайх Шен бераш дархьама. Иштта яра Цуьнан Іалашо, иштта бара Цуьнан лаам. 6Цунна везаш волчу Цуьнан КІантехула Цо вайна деллачу сийлахьчу диканна вай хастамаш бойла Цунна. 7Іийсас, Шен цІий Іанорца мах а белла, вай паргІат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду. 8И дика тІех дукха делла вайна Дала мел хуьлучу хьекъалаллица а, кхетамца а. 9Шен къайлаха йолу Іалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Іалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю. 10Ткъа Делан Іалашо иштта ю: хенаш кхочуш хиллачу хенахь Цо стигалахь а, лаьтта тІехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Ша леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш. 11Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала вай Шен долахь хилийта хаьржира. Массо а хІума Шен лаамца а, сацамца а кхочушдеш Волчо, Шен Іалашоне хьаьжжина, билгалдаьккхинера иза иштта. 12Дала леррина къобалвинчу Іийсага хьалха дуьйна сатуьйсуш долчу вайга Делан сийлалла даздайта дина дара иза. 13Шаьш кІелхьардовларх лаьцна болу билггал бакъболу хаза кхаъ шайна хезча, шу а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьнатуьйхира. Цунах шу тешна дела, Дала шуна тІе Шен мухІар туьйхира, Ша лур ду аьлла долу Шен Деза Са даларца. 14Шен долахь берш кхоччуш паргІатбаххалц, Делан Са Дала вайна лур долчунна закъалтана делла ду. Дала иза Шен сийлалла вайга хастадайтархьама дина. 15И дерриге а бахьана долуш, Веза Эла волчу Іийсах шун долчу тешарх а, Делан долахь болчу массаьрга а шун болчу безамах а лаьцна сайна хезначхьана, 16сайн доІанашкахь, шу дага а лоьцуш, саццаза шуна тІера Далла баркаллаш боху аса. 17Вайн Веза Эла волчу а, Ша леррина къобалвинчу а Іийсан Дала, сийлаллин Дас, Шех дерг кІоргге хаийта шуна хьекъалаллин а, довзийтаран а Са лойла. 18- 19Шун дегнашна тІера пардо дІадоккхийла Цо, шу тІекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хІун ду а шуна хаийтархьама. И боккха ницкъ 20Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агІор охьахаийра Цо. 21Цо Иза охьахаийна, стигаларчу массо а хьаькамел а, куьйгалхойл а, ницкъел а, олахойл а лакхара а вина, муьлхха а кху заманчохь йоккхуш йолчу цІарал лакхара вина ца Іаш, массо а хин йолчу заманашкахь йоккхур йолчу цІарал лакхара а вина. 22Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хІуманна тІехь коьртаниг хилийта. 23Іийсах тешачийн ерриге а тоба – Дала леррина Къобалвинчун дегІ ду. И тоба Цунах кхоччуш юзуш ю. Ткъа Дала леррина Къобалвинчо массо а хІума массанхьа а Шеца дузадо.

will be added

X\