IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Ковлусихошка 4 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Элий, шайн лешца бакъо а, нийсо а лелош хилалаш. Диц ма делаш, шайна тІехь цхьа Эла хилар: стигалшкахь волу Веза Эла.   2  Сема а долуш, Далла баркалла а олуш, леррина доІанаш делаш.   3  Иштта тхуна тІера а доІанаш де Деле, Цуьнан дош дІакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дІайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дІакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь.   4  Дехалаш Деле, и къайле дІакхайкхо еззачу тайпана дІакхайкхо суна хаийта алий.   5  Арахь болчаьрца хьекъале хилалаш. БегІийла меттиг шайна нисъелча, хьехамаш бан пайденна хилийталаш.   6  Шун дистхилар а хаза хила деза, дуьйцург сингаттаме ма хилийта, хІоранга а жоп муха дала деза а хууш.   7  Сох лаьцна шадерг ТихІака дуьйцур ду шуна. Тхоьца цхьаьна Везачу Элана гІуллакх деш волу, тешаме къахьоьгуш волу, вайн хьоме динан ваша ву иза.   8  Тхоьгахь хІун хьал ду шуна хаийта а, шун дегнаш иракарахІитто а воуьйту аса иза шу долчу.   9  Шу долчуьра тешаме а, хьоме а волу динан ваша Онисам а ву цуьнца. Цара кхузахь долчу дерригенах а лаьцна дуьйцур ду шуна.   10  Шуьга маршаллаш доуьйту соьца цхьаьна набахтехь волчу Арестаха а, иштта Бар-Наабан шичас Марка а. (Цунах лаьцна олуш, аса тІедиллинера шуна, нагахь иза шу долчу кхачахь, цунна хьошалла дар.)   11  Иштта маршаллаш доуьйту шуьга ЮшаІа а. (Кхечу тайпана Юст олу цунах.) И кхоъ сунтбинчех ву. Уьш бен бац соьца Делан Олаллина лерина къахьоьгуш болу сунтбинарш. Сан чІогІа догъоьцура цара.   12  Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай волчу шун Эпарпис а. Цо даим а дакъалоцу шуна тІера дечу доІанашкахь, шайн тешарна тІехь шу кхоччуш кхиийтархьама а, Делан лаамехь долчух шу дуьзна хилийтархьама а.   13  Лаудика-гІалахь а, ХІерапал-гІалахь а долчу шуна Эпарпис чІогІа къахьоьгуш хиларх тоьшалла до аса.   14  Маршалла ду шуьга хьомечу лоьрера Лакера а, Демера а.   15  Маршаллаш ло Лаудикехь болчу динан вежаршка а, Нумпате а, цуьнан цІерачу динан тобане а.   16  ХІара кехат шаьш долчохь дешна даьлча, Лаудикерачу динан гуламехь дІадешийта, ткъа Лаудикехь дерг шайн гуламехь аша а деша.   17  Арихупе иштта дІаала: «Варелахь, Везачу Элаца волуш айхьа тІелаьцна долу деза гІуллакх кхочушделахь».   18  Аса сайн куьйгаца яздо шуьга хІара тІаьххьара долу маршалла. Со набахтехь хилар диц ма делаш. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а.