Ковлусихошка 2

1Суна шуьга дІахаийта лаьа, мел чІогІа къахьоьгу аса Лаудикехь дехачу шун дуьхьа а, юьхь-дуьхьал со шайна гина а боцучу массеран дуьхьа а. 2Аса иза до, уьш, вовшашка болу безам а болуш, цхьаьнакхетта хилийтархьама а, церан дегнаш иракарахІитторхьама а. Суна лаьа, церан хьекъал кхачам боллуш чІогІа хила, Делан къайле царна йовзийтархьама. Ткъа Делан къайле Дала леррина Къобалвинарг ву. 3Цунна чохь къайлаяьккхина ю кІоргге долчу хьекъалан а, кхетаман а мел йолу хазна. 4Аса иза боху шуьга, цхьаннан а хазачу къамелах шу Іеха ца далийтархьама. 5ХІунда аьлча со, шуна гуш юххехь вацахь а, синца шуьца ву. Шун оьзда дахар а, Дала леррина Къобалвинчух шун чІогІа долу тешар а гуш, воккхавеш ву со. 6Дала леррина къобалвина Іийса шаьш Веза Эла санна тІеэцарна, Цуьнца доьзна а долуш, дахалаш. 7Шайн тешаран орамаш Цунах дІа а тасий, Цуьнца цхьаьна хьалакхиалаш. Шайна хьехначу тешарехь чІагІлолаш. Баркаллех дуьззина хилалаш. 8Варелаш, динан вежарий, вайн дайша даьхначу Іадатийн а, кху дуьненах лаьцна адамийн болчу кхетаман а бух тІехь долчу, шу ледан дуьйцучу даьссачу къамелийн йийсархой ма хилалаш. Иштта долу къамелаш Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дац. 9ХІунда аьлча адаман сибат тІеэцна волчу Цунна чохь Дела кхачам болуш Іаш ву. 10Шу а ду кхачам боллуш дуьзна, шу Цуьнца доьзна долу дела. Стигалийн мел болчу хьаькамел а, куьйгалхойл а коьрта ву Иза. 11Шу Цуьнца доьзна хиларна, адамийн куьйгашца дина доцу шун сунтдар кхочушдина. Дала леррина Къобалвинчо кхочушдинчу сунтдарехула шун хьарам лаамаш дІабаьхна. 12Хих чекхдовлучу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дІадоьхкина долу шу Цуьнца цхьаьна денделла, Иза веллачуьра денвинчу Делан ницкъах шун долчу тешарца. 13Шаьш къинош летийна дела а, кхечу къаьмнех шаьш схьадевлла дела а, хьалха шу делла дара. Ткъа хІинца Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шу денделла, Дала вайн массо а къиношна геч а дина. 14Цо дІадайина вайн декхар тІеяздина долу йоза. Оцу кехат тІехь вайна дуьхьал долу а, вай бехке озош долу а парзаш дара. ЖІарах дІа а тоьхна, Дала и кехат дІадаьккхина. 15Иза дарца жинийн хьаькамийн а, куьйгалхойн а карара олалла дІадаьккхина Цо. Іийса жІарах дІатохарехула царна тІехь толам а баьккхина, массарна а хьалха уьш юьхьІаьржачу хІиттийра Цо. 16ХІинца дуьйна йиънарг я мелларг бахьана долуш, къастийна долу а, я керла бутт болалуш долу а, я шоьтан деза долу а денош бахьана долуш цхьаммо а шу бехке ма дойла. 17ХІунда аьлча и дерриг а хиндолчун дегІан ІиндагІ ду, ткъа долуш дерг Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна ду. 18Харц кепара шу лахара хила а деза, аша маликашна Іамал ян а деза бохучо шу Іеха ма дойла, ша дуьйцург шена гиначу суьрташца тІе а чІагІдеш. Цхьа а бахьана доцуш, адамийн кура ойла хуьлу ишттачу стеган. 19ДегІан Корта болчу Дала леррина Къобалвинчунна тІе ца гІерта иза. И корта бахьана долуш, пхенаша а, меженаша а латтадеш цхьаьнатесна долу и дерриг а дегІ Делан лаамехь хьалакхуьуш ду. 20Нагахь санна Дала леррина Къобалвинчуьнца шу, дала а делла, кху дуьнен чохь долчу парзийн а, Іадатийн а долара схьадевлла хилча, хІунда гІерта шу, кху дуьненан долахь долуш санна, 21«хІокхунах ма хьакхалолаш», «хІара ма яалаш», «кхунах куьг ма Іотталаш» бохучу сацамашна тІе? 22Диина даьлча, телхина дІадер долчу хІуманех лаьцна дуьйцу оцу хьехамашкахь. Уьш адамаша даьхна парзаш а, хьехамаш а бен дац. 23ТІехьаьжча, иштта парзаш хьекъале ду мотта тарло: цаьрца ду шайн лаамца Іамал яр а, харцкепара шаьш лахара хетар а, шайн догІмашна тІехь ницкъ бар а. Делахь а, цара шайн хьарамчу лаамашна урхалла даре хьаьжжина, цу парзийн цхьа а мах бац.

will be added

X\