Ковлусихошка 1

1Делан лаамца Цо леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала а, динан вашас Тимапис а яздо 2Ковлуси-гІалахь бехачу Дала базбинчу а, Далла тешамечу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна а болчу динан вежаршка. Вайн Да волчу Делера долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. 3Шуна тІера доІанаш а деш, оха даим хастамаш бо вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Да волчу Далла. 4ХІунда аьлча Дала леррина къобалвинчу Іийсах шун тешар хиларх а, массо а Делан долахь берш шуна безарх а лаьцна хезна тхуна. 5Шу иштта лела, стигалшкахь шайна кечдина долчуьнга шаьш сатуьйсуш долу дела. Цунах лаьцна хазачу кхоан билггал бакъдолчу дашехула хьалха а хезнера шуна. 6Шу долчу кхаьчна болу и хаза кхаъ дерриг а дуьнен тІехь шен стом луш а, дІасабаьржаш а бу, Делан дика баккъалла а муха хуьлу шуна хезначу а, шу кхеттачу а дийнахь дуьйна, шуна юкъахь и кхаъ иштта лелаш ма-хиллара. 7И хаза кхаъ вайна везаш волчу Эпарпис бовзийтинера шуна. Вайца цхьаьна Далла гІуллакх деш ву иза, ткъа шун дуьхьа иза Дала леррина Къобалвинчун тешаме ялхо а ву. 8Делан Сино шуна беллачу безамах лаьцна тхоьга хаам бинарг а иза вара. 9Цундела тхайна и хаам бинчу дийнахь дуьйна, шуна тІера даим доІанаш деш ду тхо. Оха доьху, Делан Сино мел луш долчу хьекъалца а, кхетамца а Делан лаам бовзарх шу дузийтар. 10Иза иштта хилахь, массо а хІуманна тІехь Делан лаамехь дерг а деш, Везачу Элана хьалха хьакъ долуш лелар ду шу. Аша деш долчу муьлххачу а дикачу гІуллакхаша стом а лур бу, Дела вовзарна тІехь кхиамаш а бохур бу аша. 11Цуьнан нуьцкъалчу сийлалле хьаьжжина, шу чІагІдина хуьлийла, массо а хІума собарца ловш шу хилийтархьама. Даккхийдерца 12стигаларчу Дена хастамаш бойла аша. Серлонан олаллехь Шен долахь болчарна лур ду аьллачун декъашхой шух хилийта, шуна хьуьнар Делларг Иза ма ву. 13Вай, боданан олаллех кІелхьара а даьхна, Шен везаш волчу КІентан олалле даьхна Цо. 14Цуьнгахула вай паргІатдахархьама мах а белла, вайн къиношна гечдина Дала. 15Дала леррина Къобалвинарг – гуш воцучу Делан гуш долу васт ду. Цуьнан дуьххьарлера Доьзалхо ву Иза, кхоьллина мел долчу хІуманал тоьлуш а волуш. 16Стигалшкахь а, лаьттахь а гуш долу а, гуш доцу а массо а хІума Цо кхоьллина ду: стигалийн паччахьаш, я олахой, я хьаькамаш, я куьйгалхой хуьлийла уьш. И дерриг а Цо кхоьллина а ду, Цунна кхоьллина а ду. 17Иза долуш долчу дерригенал а хьалха вара, Цо массо а долуш дерг шен-шен меттехь лоттуьйту. 18Иза динан массо а тобанан Корта бу, ткъа и тоба Цуьнан дегІ санна ю. Оцу тобанан дахаран хьоста ду Иза. Беллачарна юкъара дуьххьара денвелларг а Иза ву, массо а хІуманна тІехь хьалхе йоккхуш Иза хилийтархьама. 19ХІунда аьлча Далла тамехь дара Шен мел йолу амал кхоччуш Цуьнгахь хилар. 20Далла лиира Цуьнгахула стигалахь а, лаьттахь а долу дерриг а хІума Шеца тайта. ЖІара тІехь Іанийначу Шен КІентан цІийгахула царна а, Шена а юкъахь барт бира Цо. 21Аша дечу вочу гІуллакхаша гойтура, цхьана хенахь шу а Далла херадевлла хилар. Шайн кхетамехь Делан мостагІий дара шу. 22Ткъа хІинца, Ша леррина Къобалвинчун дегІан даларехула, Дела шуьца тайра, Шена хьалха шу даздина а, цІена а, ала хІума доцуш а дІахІитторхьама. 23Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тІехь шеконаш а йоцуш, чІагІ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дІа ца хадийтахь а. Стигал кІел болчу массаьрга а дІахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахІалах. 24Со воккхавеш ву айса шун дуьхьа хІинца баланаш хьегарх. Аса сайн дегІа чохь кхочушдо Дала леррина Къобалвинчунна тІаьхьахІиттинчара Цуьнан дегІан дуьхьа хьега дезаш диснарг. Цуьнан дегІ – Іийсах тешачу массеран а тоба ю. 25Дала суна тІедиллина шун дуьхьа оцу тобанан гІуллакхдархо хилар. Цо со къобалвинера Шен дош шуна дуьззина довзийта. 26Оцу Делан дашна чохь цхьа къайле ю. И къайле бІешерашкахь дуьйна массо а адамийн гаранашна дІакъевлина яра. Ткъа хІинца иза Шен долахь болчарна дІайовзийтина Дала. 27Делан лаам бу Шен къайленан хьал мел сийлахь ду Шен долахь болчарна дІахаийтар. Массо а къаьмнех болчеран дуьхьа ю и къайле: Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь ву, цундела шун сатуьйсийла ду Делан сийлалле. 28Дала леррина Къобалвинарг вай дІакхайкхаво, хІора адам, массо а тайпана хьекъалца кхета а деш, Іама а деш, иза, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна а долуш, дуьззина кхочуш а дина, дІахІотторхьама. 29Сайна чохь болх беш болчу Цуьнан ницкъаца оцу Іалашонна къахьоьгуш ву со.

will be added

X\