Векалийн 9

1Хьалха санна оьгІазаллех кхехкаш вара Шаул, Іийсан мурдаш хІаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара. 2Цо цуьнгара Дамасакх-гІаларчу жуьгтийн гуламан цІеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Іийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь. 3Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цІеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза. 4Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь?» 5«Хьо мила ву, Веза Эла?» – хаьттира Шаула. «Со Іийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, – элира Цо. 6ХІинца, хьала а гІаттий, гІала гІо, цигахь эр ду хьоьга ахь хІинца дан дезарг». 7Шаулна тІаьхьа богІу нах Іадийна лаьттара, аз а хезаш, амма цхьа а ган а ца гуш. 8Шаул лаьттара хьалагІаьттира, амма цо бІаьргаш схьабиллича, цунна хІумма а ца гора. Наха, куьг а лаьцна, валийра иза Дамасакхе. 9Кхаа дийнахь а, буса а бІаьрса дайна Іийра иза. Цо яа а ца йоура, мала а ца молура. 10Дамасакхехь Іаш Іийсан мурд вара, Хьанас цІе а йолуш. Цунна сурт хІоьттинчу хенахь, Везачу Эло цуьнга элира: «Ва Хьанас!» ТІаккха хІокхо жоп делира: «Эла, со кхузахь ву!» – аьлла. 11Эло цуьнга элира: «„Нийсаниг“ олучу урамехь долчу ЯхІудан цІа чу а гІой, Тарс-гІалара Шаул цІе йолу стаг хатта. Хьажалахь, иза хІинца доІанаш деш ву. 12Цунна сурт хІоьттина, Хьанас цІе йолчу стага, ван а веана, шен бІаьргаш тІе куьйгаш дохкуш, шен бІаьрса схьадаийта». 13Хьанаса элира: «Веза Эла, суна дукха нахера хезна оцу стагах а, цо Хьан безачу нахана Ярушалаймехь динчу вонах а лаьцна. 14Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу». 15Везачу Эло элира Хьанасе: «ДІавало! И стаг Ас хаьржина гІирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цІе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. 16Ас гойтур ду цунна, Сан цІе бахьана долуш шен мел баланаш лан деза». 17Хьанас, дІа а вахана, шега аьлла цІа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бІаьргаш тІе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогІуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Іийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а». 18Цу сохьта, пардо дІадаьлча санна, бІаьрса серладаьлла, са гира Шаулна. ХьалагІаьттинчул тІаьхьа цхьаммо хих чекхваьккхира иза. 19ХІума йиинчул тІаьхьа гІора деара цуьнга. Мурдашца масех де даьккхира Дамасакхехь Шаула. 20Шаул жуьгтийн гуламан цІеношкахь хьехам бан волавелира, Іийса Делан КІант ву бохуш. 21Цуьнга ладоьгІначара, цец а буьйлуш, хоьттура: «Иза вацара Ярушалаймехь Іийсага кхойкхуш берш хІаллакбан гІерташ? Кхуза а уьш, схьа а лоьцуш, динан коьртачу дайшна тІебига веана вац иза?» 22Шаул нахана хьехам барехь тІаьхь-тІаьхьа чІагІлуш вара. Дамасакхехь болчу жуьгташка цунна дуьхьало ца ялора, цо Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла тешийча. 23Дикка хан яьлча, жуьгташа барт бира Шаул вен. 24Шаулна хиира цара дагалаьцнарг. Жуьгташа дийнахь а, буса а гІалин кевнаш лардора иза верхьама. 25Амма цуьнан мурдаша буьйсанна гІалин гонахарчу пена тІехула тускар чохь чувоссийра иза. 26Ярушалайме а веана, Іийсан мурдех дІакхета хьаьжира Шаул, амма уьш, кхоьруш, ца тешара хІара а Цуьнан мурд хиларх. 27ТІаккха Бар-Нааба векалшна тІевалийра иза. Цо дийцира царна, Шаулна новкъахь Веза Эла гар а, Везачу Эло кхуьнца къамел дар а, Шаула Іийсан олаллин цІарах майрра Дамасакхехь хьехам бар а. 28Цаьрца мелла а хан яьккхира Шаула. Иза паргІат лелара Ярушалаймехь, Іийсан цІарах майрра хьехам а беш. 29Цо кест-кеста къуьйсура грекийн мотт буьйцучу жуьгташца. Эххар а хІара вен барт хилира церан. 30Иза хиъча, динан вежарша Шаул Кхесрин-гІала дІавигира, ткъа цигара Тарс-гІала дІакхетийра. 31ЯхІуд-махкахь а, Галилайхь а, Шамран-махкахь а Іийсах тешачийн тобанашна маьрша хан еара. Везачу Элан сийлаллех а кхоьруш, Делан Синан гІоьнца чІагІ а луш, алсамбовлуш бара Іийсах тешаш берш. 32Кипа махкахула ваьлла лелаш вара. Ша воьдучу новкъахь Лодди-юьртара беза нах болчу вахар сацийра цо. 33БархІ шарахь меттахь Іиллина волу Енай цІе йолуш цхьа стаг карийра цунна цигахь. 34Кипас элира цуьнга: «Енай! Дала леррина къобалвинчу Іийсас тово хьо. Хьала а гІаттий, хьайн мотт дІабаккха». Енай цу сохьта хьалагІаьттира. 35Лодди-юьртара а, Шарон-арара а нахана иза туовелла гича, уьш Везачу Элана тІебирзира. 36Іийсах тешаш а йолуш, Яппи-гІалахь Іаш Тавита цІе йолуш цхьа зуда яра. (Грекийн маттахь цуьнан цІе Дорка яра, иза «лу» бохург ду.) Тавита гуттар а диканиг деш а, мискачарна сагІа луш а стаг яра. 37Цу хенахь, цомгуш а хилла, елира иза. Цуьнан дакъа, лийча а дина, лакхарчу цІа чохь охьадиллира. 38Лодди-юрт Яппи-гІалина уллохь хиларна, Кипа Лодди-юртахь ву аьлла шайна хезча, и волчу ши стаг вахийтира мурдаша, цуьнга сихонца схьавола аьлла. 39Кипа цу нахаца схьавеара. Уьш схьакхаьчча, иза лакхарчу цІа чу вигира. Кипина гонах бисина Іаш болу зударий гулбелира. Белха а боьлхуш, Доркас шайца йолчу хенахь цо тегна йолу кучамаш а, кхин йолу хІуманаш а гойтура цара. 40Массо а чуьра ара а ваьккхина, гора а хІоьттина, доІа дира Кипас. Юха, еллачуьнгахьа дІа а вирзина, элира цо: «Тавита, хьалагІатта!» Зуда, бІаьргаш схьабиллича, Кипа а гина, кІегархиира. 41Кипас, куьг а лаьцна, гІо дира цунна когаш тІе ирахІотта. Юха Іийсах тешарш а, бисина Іаш болу зударий а схьа а кхайкхина, царна денъелла Тавита дІагайтира цо. 42Цу хІуманах лаьцна ерриг а Яппи-гІалахь хиира, тІаккха дуккха а адамаш Везачу Элах тийшира. 43Кипас кхин а гІеххьа хан яьккхира Яппи-гІалахь. Иза цІокаршна дабагІа дечу ШамІин цІа чохь Іаш вара.

will be added

X\