Векалийн 8

1Шаула къобалдора Тапин вер. Цу дийнахь Ярушалаймехь Іийсах тешаш болчийн тобане бала хІоттийра. ЯхІуд-махкахула а, Шамран-махкахула а дІасалаьхкира массо а, цхьа векалш боцурш. 2Тапа суьпачу наха дІавоьллира, цунах доккха белхар а хІоттош. 3Ткъа Шаул Іийсах тешаш болу нах хІаллакбан волавелира. Цхьана цІа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дІа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо. 4Ткъа шайн меттера дІалаьхкина болчу мурдаша Везачу Элан Дашах лаьцна хаза кхаъ кхайкхабора шаьш лелачохь. 5Пилап, Шамран-махкарчу коьртачу гІала чу а воьссина, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна кхайкхам беш вара. 6Массара а цуьнга дика ладугІура. Цо деш долу тамашийна хІуманаш а гора царна. 7Телхинчу дуккха а нахана чуьра жинаш маьхьарца арадуьйлура, меттахь биснарш а, заьІапнаш а толора. 8Цу гІалахь болу нах чІогІа самукъадаьлла бара. 9Цу гІалахь Іаш, ШамІа цІе а йолуш, бозбунчалла лелош, цхьа стаг вара. Цо лелочух Шамран-махкахь болу нах цецбуьйлура. Иза ша сийлахь-воккха ву бохуш вара. 10Леррина цуьнга хьоьжуш болчу хьалдолчу а, къечу а наха олура: «И стаг шех „Сийлахь ницкъ“ олучу Делан ницкъах лаьтташ ву». 11Халкъо къаьсттина тидам тІебахийтира цунна, хІунда аьлча цо дуккха а йолчу хенахь цецбохура уьш шен бозбунчаллашца. 12Амма Делан олаллех а, Іийса Дала къобалвина хиларх а хаза кхаъ кхайкхочу Пилапа шаьш тешийча, оцу гІалара божарша а, зударша а шаьш хих чекхбохуьйтура. 13ШамІас, теша а тешна, ша а хих чекхваккхийтира. Массанхьахула а Пилапана тІаьхьа а хІоьттина лелара иза, цо лелочу инзаречу хІуманех а, тамашийна гІуллакхех а цецвуьйлуш. 14Ярушалаймехь болчу векалша, Шамран-махкарчу наха Делан дош тІеэцна аьлла шайна хезча, цига Кипий, Яхьъяй вахийтира. 15Цу шиммо, схьа а веана, доІа дира, и дош тІеэцначарна Делан Са тІелацар доьхуш. 16ХІунда аьлча царна тІе цхьанна а Делан Са доьссина дацара. Уьш Іийса-Элан дуьхьа хих чекхбаьхна бен бацара. 17Кипас а, Яхьъяс а царна тІехула куьйгаш лецира, тІаккха Іийсах тешначарна Делан Са тІеийцира. 18Делан Са, векалша куьйгаш лаьцча, дуссуш хилар шена гича, ШамІас цаьрга ахча кховдийра: 19«Суна а лойша и бакъо, – бохура цо, – Ас куьйгаш тІехула лаьцначунна Делан Са лур долуш». 20Кипас элира: «Хьоьца цхьаьна хІаллакьхуьлийла хьан ахча, хІунда аьлча хьуна моьтту, Дала делла хьуьнар ахчанах эцалур ду. 21Оха дечу кху гІуллакхехь ахьа дакъалаца йиш яц, хІунда аьлча хьан дог Далла хьалха цІена дац. 22Хьайн къинна дохко а валий, Деле деха, Цо хьан дагахь хиллачунна гечдан а мега хьуна. 23ХІунда аьлча суна го, хьо дераллех вуьзна а, къинойн йийсарехь а хилар». 24ШамІас дийхира тІаккха: «Везачу Эле сох доІа дейша, аша аьлларг цхьа а суна ца хилийтархьама». 25Векалша, тоьшалла а деш, Везачу Элан дош кхайкхадора цигахь. Цул тІаьхьа уьш Ярушалайме юхабаьхкира, новкъахь Шамран-махкарчу дуккха а ярташкахь хаза кхаъ а кхайкхош. 26Везачу Элан малико элира Пилапе: «Хьала а гІаттий, къилбехь болчу, Ярушалаймера яьссачу арахула Іази-гІала боьдучу новкъа вала», – аьлла. 27ТІаккха Пилап дІавахара. Цунна дуьхьалкхийтира ваьІна волу эфиопхо. Эфиопин-пачхьалкхан Кхандакх цІе йолчу зуда-паччахьан цІийнехь лаккхарчу даржехь а волуш, цу паччахьан дерриг а жовхІарех жоп а луш, уьш лардеш вара иза. Ярушалайме Далла Іибадат дан а веана, 28хІинца цІа воьдуш вара и эфиопхо. Шен гІудалкха а хиъна, ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаран жайна а доьшуш, вогІура иза. 29Делан Сино элира Пилапе: «Цу гІудалкха тІе а гІой, улло а хІоттий, дІагІо», – аьлла. 30ГІудалкхана тІеваханчу Пилапна хезира цхьаммо ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам боьшуш. «Айхьа доьшучух кхетий хьо?» – хаьттира Пилапа. 31«Цхьаммо кхетош ца хилча, со муха кхетар ву?» – элира эфиопхочо. ТІаккха Пилапе, хьала а валий, шена юххе охьахаа аьлла, дийхира цо. 32Жайни тІехь цо доьшу дешнаш хІорш дара: «Урс хьакха буьгу уьстагІ санна, дІавуьгуш вара Иза, ша лоргучунна хьалха, Іахар санна, шена чуьра Іаь ца йолуьйтуш, тийна Іара Иза. 33Сийсазваьккхина вара Иза, ткъа нийса кхел Шена яйта Цуьнан бакъо яцара. Хьан дуьйцур дара Цуьнан тІаьхьенах лаьцна, хІинца Цуьнан дахар лаьттара дІахьош хилча?» 34ВаьІначо хаьттира Пилапе: «Алахьа соьга, хьанах лаьцна дуьйцу пайхамаро кхузахь, шех я кхечух?» 35ТІаккха Пилапа Делан Йозанан оццу декъа тІера вола а велла, ваьІначунна Іийсах лаьцна хаза кхаъ бовзийтира. 36Уьш схьабогІуш хи тІе кхечира. «Хьажахьа, хІара хи ду, – элира ваьІначо, – стен новкъарло йо суна хих со чекхваккхийта?» 38ВаьІначо омра дира, гІудалкх сацае аьлла. И ший а хи чу велира. Пилапа хих чекхваьккхира иза. 39Уьш хи чуьра хьалабевлча, Везачу Элан Сино Пилап цигара цІеххьана дІаийцира, ваьІначунна иза кхин ца гира. Самукъа а долуш, шен некъ кхин дІа а бира эфиопхочо. 40Пилап цул тІаьхьа Ашдод-гІала нисвелира. Массо а гІаланашкахь хаза кхаъ кхайкхабора цо, ша Кхесрине дІакхаччалц.

will be added

X\