Векалийн 7

1Юха динан коьртачу дас хаьттира Тапе: «Иштта дуй иза?» – аьлла. 2Тапас жоп делира: «Вежарий а, дай а! Доьху сайга ладогІар. Вайн да ИбрахІим Месопотамехь волуш, Олаллин нуьрехь Дела хІоьттира цунна хьалха. Цу хенахь ИбрахІим ХІаран-гІала дІавахаза вара. 3„Хьайн мохк а, гергарнаш а битий, Аса хьайна гойтун болчу махка дІагІо“, – элира Дала ИбрахІиме. 4Хашадхойн мохк дІа а тесна, ХІаран-гІала дІавахара ИбрахІим. Цул тІаьхьа, цуьнан да кхелхича, Дала иза хІинца шу Іаш долчу махка хьажийра. 5Дала цунна цхьа а бахам ца белира, ур-атталла коган айрин барамал латта а ца делира. Амма Дала чІагІо йира цунна, иза а, цуьнан тІаьхьенаш а хІокху мехкан дай хир бу аьлла. Ткъа ИбрахІим цу хенахь доьзалхо воцуш вара. 6Дала элира цуьнга: „Хьан тІаьхьенах берш хийрачу махкахь тІебаьхкина нах а хилла Іийр бу. Цу махкарчу бахархоша, деа бІе шарахь леш а бина, Іазапехь латтор бу уьш. 7Амма Аса таІзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тІаьхьа хьан тІаьхьенаш цу махкара ара а евлла, кху меттехь Суна корта бетташ хир ю“. 8Юха Дала ИбрахІимца барт бира, цу бертан билгало хилира боьрша нах хадор. ИбрахІима, Исхьакхан да ша хилча, борхІалгІачу дийнахь иза хадийра. ТІаьхьа Исхьакх Якъубан да хилира, ткъа Якъуб шийтта тайпанан дайн да хилира. 9Тхьамданаша, Юсупца хьагІ а лаьцна, иза Мисар-махка лай санна воьхкира. 10Амма цуьнца Дела вара, Цо иза массо а халонах кІелхьарваьккхира. Дала Юсупна хьекъал а делира, Мисаран паччахь, пирІун, кхунна тІе а тайтира. Цу паччахьо Юсуп берриг а Мисаран а, шен цІийнан а куьйгалхо вира. 11Юха Мисарахь а, КанаІанахь а мацалла хІоьттира. Иза йоккха хало яра. Вайн дай даа хІума доцуш бисира. 12Мисарахь кІа ду аьлла шена хезча, Якъуба цига шен кІентий бахийтира. Уьш цига дуьххьара боьлхуш бара. 13Уьш шолгІа баьхкича, Юсупа ша вовзийтира вежаршна. ПирІунна а хиира Юсупан гергарчу нахах лаьцна. 14Цул тІаьхьа Юсупа шен дега Якъубе а, гергарчу нахе а дІакхайкхира. Цуьнан гергарчех берриг а кхузткъе пхийтта вара. 15Якъуб Мисаре веара. Иза а, вайн дай а цигахь кхелхира. 16Церан декъий Шехеме схьа а деана, ИбрахІима, дато ахча а делла, Хьамуран кІенташкара эцначу Шехемехь йолчу къубба чу дехкира. 17Дала ИбрахІимна делла дош кхочушхуьлу хан тІекхочуш яра, Мисарахь долу вайн халкъ дикка алсамделира. 18Цул тІаьхьа Мисар-махкахь кхин паччахь дІахІоьттира. Цунна Юсупах лаьцна хІумма а ца хаьара. 19Иза вайн халкъ Іехош вара. Вайн дайн халкъана ницкъ бора, вайн бераш дІатуьйсуьйтура, уьш дийна ца дисийтархьама. 20Цу хенахь дуьнен чу Муса велира. Иза Далла хазахеташ вара. Хьалхарчу кхаа баттахь Муса шен ден хІусамехь кхобуш вара. 21Юха иза дІатесна витича, пирІунан йоІа, дІа а ваьхьна, шен кІант волуш санна кхиийра иза. 22Мусана Мисарахь долу дерриг а Іилманаш Іамийра. Иза дашна а, гІуллакхна а доьналла долуш вара. 23Шен шовзткъа шо кхаьчча, вежарий болу исраилхой болчу ваха дагадеара цунна. 24Цигахь волуш цунна гира мисархочо цхьана исраилхочунна ницкъ беш. Мусас, исраилхочуьнгахьа гІо а даьккхина, мисархо вийра. 25Цунна моьттура вежарий кхетар бу, Дала шаьш паргІатдаха ша хьажийна хиларх. Амма уьш ца кхийтира. 26ШолгІачу дийнахь Мусана гира вовшахлеташ волу ши исраилхо. Царна юкъахь бартбан гІоьртира иза: „Шу вежарий ма ду! ХІунда лета шу вовшах?“ 27Амма ницкъ беш волчо элира: „Тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а хьан хІоттийна хьо? 28Я айхьа селхана мисархо ма верра, со а вен-м ца гІерта хьо?“ 29И дешнаш хезча, Муса, ведда, Мадани цІе йолчу махка дІавахара. Цигахь, тІевеана стаг а хилла, ваха охьахиира иза. Ши кІант а вира цунна цигахь. 30Шовзткъа шо даьлча, Синай цІе йолчу лома уллохь яьссачу арахь Муса волчу йогучу куллан цІергахь малик деара. 31Муса чІогІа цецваьллера и сурт гина. Дика хьажархьама иза уллохьа тІевахча, цунна Везачу Элан аз хезира: 32„Со – хьан дайн Дела ву, ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“. Муса кхеравелла вегош вара, бІаьрганегІар хьалаайа а ца ваьхьаш. 33Везачу Эло элира цуьнга: „Мачаш дІаяха хьайн когара, хьо лаьтта меттиг деза латта ду. 34Суна Сайн халкъана Мисарахь ницкъ беш а гина, цуьнан узарш а хезна. Со уьш паргІатбаха воьссина. ХІинца дІагІо, Аса Мисар-махка вохуьйту хьо“. 35Иза исраилхоша тІе ца эцна волу Муса вара. Цара цуьнга аьллера: „Хьо хьан хІоттийна тхуна тІехь хьаькам а, кхелахо а?“ Дала Ша вохуьйтуш вара иза хІинца хьаькам а, адам паргІатадоккхург а вина. Коканийн куллахь хиллачу маликехула динера Дала и гІуллакх. 36Оцу Мусас арадаьккхира шен халкъ Мисарера. Цо дукха тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а гайтира Мисарахь а, ЦІечу хІорда йистехь а, кхин шовзткъа шарахь яьссачу арахь а. 37И вара изза Муса, исраилхошка баьхна волу: „Дала шуна со санна волу Пайхамар воуьйтур ву шун халкъана юкъара“. 38Изза вара яьссачу арахь гулделлачу халкъе Синай-лам тІехь малико шега дийцинарг дІааьлларг. Мусас схьаийцира деза дешнаш вайга схьадалархьама. 39Амма вайн дай, цуьнга ла а ца доьгІна, иза дІа а тесна, шайн дегнашкахь Мисаре юхабирзира. 40Цара элира АхІароне: „Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хІун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дІадуьгун долу дела ве тхуна“. 41Цара эсанан суьртехь цІу а вина, цунна сагІа а доккхуш, шайн куьйгашца динчу цу гІуллакхна деза де хІоттийра. 42И бахьана долуш Дела дІавирзира царна тІера, уьш стигаларчу седарчашна Іибадат дан а битина. Пайхамарийн жайни тІехь яздина ма ду: „Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш даха ма ца дийзира хьан! 43Ахь Мулка-цІунна лерина четар а, хьайн Делан РамхІаран седа а, айхьа Іибадат динчу цІуйн суьрташ а лелийра. Ахь иза дарна, хьо махках а даьккхина, Бавелал дехьа эккхор ду Ас“. 44Вайн дайн яьссачу арахь Тоьшаллин Четар дара. Иза Дала Мусага де ма-аллара, Мусана гиначу кепехь дина дара. 45Вайн дайша ЮшаІна тІаьхьахІиттина, тІом а беш, шаьш схьабаьккхинчу махка деара и четар. Ткъа Дала цигахь хьалха Іийна халкъаш дІалаьхкира. Дауд паччахь хІотталц цу махкахь дара и четар. 46Дела реза вара Даудана, цундела Дауд Деле бакъо йоьхуш вара Якъубан тІаьхьенна Далла лерина гІишло ян. 47Амма Далла лерина цІа Сулим-паччахьо дира. 48Делахь а, Веза Воккханиг адамаша динчу цІа чохь Іаш вац. Пайхамаро цунах лаьцна аьлла: 49„Стигал Сан Іарш ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. ХІун цІа дийр дара аша Суна? – боху Везачу Эло. ХІун меттиг хир яра Суна садаІа? 50И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац?“ 51Дегнаш а, лергаш а хедоза аьрха нах ду шу! Гуттар а Делан Синна дуьхьал ду шу! Шайн дай ма-хиллара шу а ду. 52Цхьа а пайхамар хиллий, шун дайша эккхийна лелийна воцуш? Делан Лаамехьверг вогІур ву аьлларш бойура цара, ткъа аша хІинца, Цунна ямарта а девлла, Иза а вийна. 53Дала шуна маликашкахула товратан хьехам баийтира, амма аша и кхочуш ца бира». 54И дерриг а хезча, кхеташонехь берш, оьгІазбахна, Тапина цергаш хьекхо буьйлабелира. 55Тапа Делан Синах вуьзна вара. Иза стигала хьалахьаьжча, цунна Делан нур а, Далла аьтту агІор лаьтта Іийса а гира. 56«Хьовсийша, – элира цо, – суна еллаелла стигал а, Далла аьтту агІор лаьтта Адамийн КІант а го», – аьлла. 57ТІаккха вуьш, лергаш дІа а къевлина, цІогІанашца, маьхьаршца цхьаьний тІелетира цунна. 58Иза такхийна гІаланах ара а ваьккхина, цунна тІулгаш детта буьйлабелира уьш. Тешаша шайн тІехулара бедарш Шаул цІе йолчу жимачу стеган когашка охьакхийсира. 59Цара шена тІулгаш деттачу хенахь, Тапас доІа дира: «Іийса-Эла, дІаэцахьа сан са!» 60Цул тІаьхьа, гора а воьжна, чІогІа элира цо: «Веза Эла, къилахь ма ларалахь кхарна хІара гІуллакх!» Иза а аьлла, Тапа кхелхира.

will be added

X\