IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Векалийн 6 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Цу деношкахь, мурдаш сов болучу хенахь, царах грекахойн мотт буьйцу жуьгтий Іебархойн мотт буьйцучу жуьгташна аьрзнаш дан буьйлабелира. Цара бохура денна йоькъучу хІуманан дакъа шайн бисина Іачу зударшна ца кхочуьйту.   2  ТІаккха шийтта векало, берриг а мурдаш вовшах а тоьхна, элира: «Делан дош дІакхайкхор а сацийна, тхо хІума екъа хІиттича, нийса хир дац.   3  Цундела, вежарий, аша шайна юкъара ворхІ стаг харжа веза. Уьш Делан Са а, хьекъал а шайца хиларца гІарабевлла хила беза. Вай и гІуллакх царна тІедуьллур ду.   4  Ткъа оха тхешан ерриге а хан доІанаш дарна а, Делан дош кхайкхорна а хьажор ю».   5  Векалша аьлларг мурдашна тайра. Цара хаьржира Делан Синах а, Делах тешарх а вуьзна волу Тапа а, Пилап а, Прохор а, Никанор а, Тимон а, Парман а, жуьгтийн дин тІеэцна волу Антиохера Никлас а.   6  И нах цара векалшна хьалха дІахІиттийра. Векалша, доІа а дина, царна тІе куьйгаш дехкира.   7  Делан дош дІасадаьржаш дара, Ярушалаймехь мурдаш алсамбовлуш бара. Дуккха а динан дай Іийсах долчу тешарна муьтІахь хилира.   8  Делан къинхетам а, ницкъ а шеца болу Тапа нахана юкъахь тамашийна Іаламаташ а, билгалонаш а гойтуш вара.   9  Къуринара а, Искандарера а, Киликера а, Асиара а жуьгтий шена чубогІучу, «паргІатбевлларш» аьлла цІе йолчу жуьгтийн гуламан цІийнера цхьаболу нах Тапица къийса бевлира.   10  Амма цуьнан къамелехь долчу хьекъална а, цуьнца долчу Делан Синан доьналлина а дуьхьало ца ялора цаьрга.   11  ТІаккха цара къайлаха нах кечбира дІахаийта: «Цо Далла а, Муса-пайхамарна а дуьхьал Іеса къамел деш хезира тхуна», – аьлла.   12  Адам а, Іелам нах а, баккхийнаш а карзахбехира цара. Тапа, схьа а лаьцна, коьртачу кхеташоне валийра.   13  Харц тоьшалла дан нах дІахІиттийра. Цара бохура: «ХІара стаг гуттар а езачу меттигна а, товратна а дуьхьал къамел деш ву.   14  Тхуна хезира кхо бохуш: „Назартарчу Іийсас хІара еза меттиг а йохор ю, Муса-пайхамаро вайна делла гІиллакхаш а хуьйцур ду“».   15  Леррина Тапе хьоьжучу кхеташонехь болчу нахана гира, маликан санна, цуьнан серлаяьлла юьхь.