1 Цхьана стага шен бахам дІабоьхкира. Цу стеган цІе Хьанас яра, цуьнан зудчун цІе Шаппира яра, 2 Амма шена кхаьчначу ахчанах цхьа дакъа цо дІалачкъийра. Цуьнан зудчунна а хаьара иза. Диснарг, схьа а деана, векалийн когашка охьадиллира цо. 3 Кипас элира цуьнга: «Хьанас, мича бахьанина йиллина иблисо хьан даг чу ойла, Делан Синна аьшпаш а боьттина, айхьа, латта а доьхкина, схьаэцначу ахчанах цхьа дакъа хьайна дита аьлла? 4 Ахьа дІадохкале а и латта хьан ма дара, ткъа цунах схьаэцна ахча а ма дара хьан. ХІунда дира ахьа иза? Ахьа и аьшпаш нахана ца боьттина, Далла боьттина». 5 И дешнаш хезча, Хьанас, охьа а воьжна, велира. ЧІогІа кхерам тесира и хезначийн массеран а кийра. 6 Схьабаьхкинчу кегийчу наха дакъа, дІа а хьарчийна, дІа а даьхьна, дІадоьллира. 7 Цул тІаьхьа, кхин кхо сахьт даьлча, цига Хьанасан зуда еара. Цунна ца хаьара хилларг. 8 Кипас хаьттира цуьнга: «Алал соьга, хІокху мехах доьхкирий аша латта?» Зудчо элира: «ХІаъ, оцу мехах». 9 Кипас элира цуьнга: «Муха даьхьира шуьшиъ бартбан Делан Са зерхьама? НеІарехь когийн тата хезий хьуна? Хьан майра дІа а воьллина, чубогІу нах бу хьуна уьш. Хьо а дІахьур ю хьуна цара». 10 Цу сохьта, цуьнан когашка охьа а йоьжна, елира и зуда. Чубаьхкинчу кегийчу нахана и елла Іуьллуш гира. ДІаяьхьна, шен майрачунна улло дІайоьллира иза. 11 Іийсах тешначийн ерриг тоба а, и хилларг хезнарш а кхерамо бахьийнера. 12 Дала векалшкахула нахана дуккха а тамашийна билгалонаш а, инзаре хІуманаш а гойтура. Массо а, цхьа барт а болуш, Сулим-паччахьан цІарах йолчу меттехь гуллора. 13 Наха уьш лоруш белахь а, хийрачех цхьа а царна юкъа ваха ца хІуттура. 14 Амма Везачу Элах тешна болу божарий а, зударий а алсамбуьйлура царна юкъахь. 15 Наха шайн цомгуш берш маьнгешна а, гоьнашна а тІехь урамашка арабохура, тІехволучу Кипин ІиндагІ мукъана а царна тІедожийта. 16 Ярушалаймана гонахарчу гІаланашкара адамийн тобанаш оьхура. Цара шайн цомгуш болу а, жинаша хьийзош болу а нах балабора. Массарна а дарбанаш хуьлура. 17 Динан коьрта да а, динан садукъойн тобанах болу цунна уллоранаш а хьогІах буьзна бара. 18 Цара векалш, дІа а лецийтина, халкъана йина йолчу набахти чу бохкийтира. 19 Буьйсанна Везачу Элан малико, набахтин ков схьа а диллина, арабехира уьш. 20 Цо элира цаьрга: «Делан цІийнан керта а гІой, нахана хІокху керлачу дахарх лаций дийца», – аьлла. 21 Іуьйранна, шайга ма-аллара, Делан цІийнан керта а баьхкина, нахана хьехам бан хІиттира векалш. Ткъа динан коьртачу дас а, цуьнан уллорачара а Исраилан халкъан тхьамданаш коьртачу кхеташоне а кхайкхина, набахтера векалш схьабало шайн ялхой бахийтира. 22 Набахте баьхкинчу эпсаршна цу чохь векалш ца карийра. Цара, юха а баьхкина, элира: 23 «Набахтин ков дика дІакъевлина ду, иза лардеш гІаролаш а ду, амма иза схьадиллича, чохь цхьа а кара-м ца ви тхуна», – аьлла. 24 Цаьрга ла а доьгІна, Делан цІийнан гІаролан хьаькам а, динан коьрта дай а инзарабевлла бара, «ХІара хІун ду?» – бохуш. 25 Юха цхьаммо, ван а веана, хаам бира: «Аша набахти чу боьхкинарш Делан цІийнан кертахь нахана хьехамаш беш бу», – аьлла. 26 ТІаккха гІаролан хьаькамо, эпсаршца ваха а вахана, векалш схьабалийра. Цара векалшна ницкъ ца бира схьабалочу хенахь, хІунда аьлча наха шайна тІулгаш деттарна кхоьрура уьш. 27 Векалш коьртачу кхеташоне чубалийра. Динан коьртачу дас элира цаьрга: 28 «Оха шуна чІогІа дихкинера, цу стеган цІарца ма хьеха аьлла, амма аша шайн хьехам ерриге а Ярушалаймехь дІасабаржийна. Цул сов, цу стеган цІий тхох хьарчадо аша». 29 Кипас а, кхечу векалша а жоп делира: «Наханачул а сов Далла муьтІахь хила деза тхо! 30 Амма дечигах хьала а оьллина, аша вийна волу Іийса вайн дайн а Дала веллачуьра денвина. 31 Амма Дала Иза, Эла а, кІелхьардохург а вина, Шен аьтту куьйга айира, Исраилан халкъ, дохко а даьлла, Далла тІедерзийтархьама а, цу халкъана гечдархьама а. 32 Тхо тешаш ду оцу дерригенна а. Ша бохург деш волчунна Дала делла Деза Са а ду оцунна теш». 33 И дуьйцург а хезна, динан коьрта да а, чохь берш а чІогІа оьгІазбахара. Векалш байа лууш бара уьш. 34 Наха лоруш а волуш, парушхо а волуш, цхьа Іелам стаг вара царна юкъахь. Цуьнан цІе Гамлиал яра. Кхеташона хьалха а хІоьттина, цхьана ханна векалш арабахийтира цо. 35 Цул тІаьхьа цо кхеташонан декъахошка элира: «Исраилхой, дика ойла елаш оцу нахана шаьш дан гІертачун. 36 Дукха хан йоццуш кхузахь, ша тхьамда ву аьлла, Тхьада цІе йолуш цхьа стаг гучувелира. Цунна тІаьхьа виъ бІе гергга стаг хІоьттира. Амма иза вийначул тІаьхьа, цуьнан накъостий дІасабевдира. ХІумма а доцург а хилла, дІаделира и гІуллакх. 37 Цул тІаьхьа Галилайра Яхьуд гучувелира. Нах дІаязбечу хенахь веанчу цо гІаттамана тоба вовшахтуьйхира. Иза а вийра, цунна тІаьхьахІиттинарш а дІасабевдира. 38 Цундела хІокху хІуманна тІедоьгІна сан хьехар ду шуна: и нах Іадбита, дІахеца уьш. Цара долийна хІума нахера делахь, иза, дайна, дІадер ду. 39 Нагахь и Делера делахь, шуьга иза сацалур дац. Шу шаьш а Далла дуьхьал девлларш хир ду». 40 Цо бохучуьнга ладуьйгІира цара. Векалш, чу а кхайкхина, царна етта а йиттина, Іийсан цІарах лаьцна кхин дийцар дехка а дихкина, дІахийцира цара. 41 Векалш кхеташонера арабевлира, Іийсан дуьхьа шаьш сийсазбан хьакъ хиларна баккхий а беш. 42 ХІора денна Делан цІийнан кертахь а, цІеношкахь а ца хеддаш хьехамаш а беш, Дала леррина къобалвинчу Іийсах лаьцна нахе хаза кхаъ кхайкхабора цара.