Векалийн 4

1Кипас а, Яхьъяс а нахаца къамел дечу хенахь царна тІе динан дай а, Делан цІийнан гІаролхойн хьаькам а, динан тобанан садукъой цІе йолу нах а баьхкира. 2Уьш чІогІа реза бацара Кипас а, Яхьъяс а нахана хьоьхуш хиларна а, Іийса веллачуьра денвелла бохуш кхайкхам барна а. 3Цара и шиъ, схьа а лаьцна, ларвайта гІароле дІавелира, хІунда аьлча тІееана суьйре а яра, хан а яьллера. 4Ткъа цу шиннан хьехамашка ладоьгІна болу дукхахберш тийшира цара дийцинчух, цундела Іийсах тешнарш пхи эзар гергга хилира. 5ШолгІачу дийнахь хьаькамаш а, баккхий нах а, Іелам нах а Ярушалаймехь цхьаьна гулбелира. 6Динан коьрта да Іанна а, иштта Кайба а, Яхьъя а, Искандар а, динан коьртачу ден доьзалхой а, кхиболу гергара нах а бара цигахь. 7Кипий, Яхьъяй юккъе а ваккхийтина, цаьрга барт хатта буьйлабелира уьш: «Муьлхачу ницкъаца а, хьенан цІарах а дара аша динарг?» – бохуш. 8Делан Синах вуьзна волчу Кипас жоп делира: «ЛадогІалаш, халкъан тхьамданаш а, баккхий нах а! 9Нагахь санна цомгуш волчу стагах бинчу къинхетамах аша тахана тхоьгара жоп дехахь, 10дІахаалаш шуна а, дерриг Исраилан халкъана а: аша, жІарах дІа а тоьхна, вейтинчу, Дала веллачуьра денвинчу, Назартарчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа товина волу хІара стаг шуна хьалха лаьтташ ву! 11Іийса – Иза, „гІишлошъечу пхьераша дІа а кхоьссина, сонан йисте дІахІоьттина болу тІулг“ бу. 12Кхин цхьаьнггахь а кІелхьардовлар дац, хІунда аьлча стигал кІелахь кхин цІе яц адамашна кІелхьардовла елла». 13Барт хоттуш берш цецбевллера Кипин а, Яхьъян а доьналлех. ХІара шиъ дешна а воцуш, мискачу нахах ма вара. Юха кхелахошна хиира хІорш Іийсаца хиллий. 14Амма царна уллохь лаьтташ товина стаг а гуш, дуьхьал ала хІума дацара кхелахойн. 15Юха векалшка, коьртачу кхеташонера арадовла аьлла, омра а дина, барт бан хІиттира уьш. 16«ХІун де вай оцу нахана? – бохура цара. – Ярушалайман бахархошна гина цара дина тамашийна хІума. Вайга иза дайалур дац. 17Амма хиллачух лаьцна хабар нахана юкъахь ца даржийта, вай дехка деза царна Іийсан цІарах хьехам бар». 18Юха а Кипий, Яхьъяй чу а валавайтина, омра дира цара, Іийсан цІе а ма яккха, Цунах лаьцна хьехамаш а ма бе аьлла. 19Амма Кипас а, Яхьъяс а жоп делира: «Ойла ейша шаьш а, нийса дуй Далла хьалха, Делал хьалха шуьга ладогІар? 20Цундела тхайна гинарг а, хезнарг а ца дуьйцуш тхо Іалур дац». 21Ткъа вукхара, кхерамаш а тийсина, дІахийцира Кипий, Яхьъяй, кхарна хІун таІзар дийр ду а ца хиъна. Хиллачунна Далла хастамаш беш дара дерриг а халкъ. 22ХІунда аьлча и тамашийна дарба хиллачу стеган шовзткъа сов шо дара. 23Шаьш дІахецча, Кипас а, Яхьъяс а, шайн накъостий болчу а веана, шайга динан коьрта дайша а, баккхийчу наха а баьхнарг дІадийцира. 24И дерриге а шайна хезча, Делах тешаш берш цхьаьний аз айдина доІа дан хІиттира: «Хьалдолу Эла! Ахьа стигал а, латта а, хІорд а, царна чохь мел дерг а кхоьллина! 25Ахьа аьлла Хьайн ялхо волчу тхан ден а Даудан багахула Делан Синца: „Хийрачу мехкашкара нах карзах хІунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хІунда лаьцна? 26Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара“. 27Билггала, хІокху гІалахь ХІарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Іийсана кхел ян. 28Ахьа Хьайн лаамца а, куьйгаца а тІедиллинарг кхочушдира цара. 29ХІинца а, Веза Эла, хьажахьа цара туьйсучу кхераме. Тхуна, Хьайн ялхошна, ницкъ лохьа ерриге а майраллица Хьан дош кхайкхо, 30ткъа Ахьа Хьайн Везачу Ялхочун Іийсан цІарах дарба дан а, тамашийна хІуманаш а, инзаре гІуллакхаш а гайта а кховдадо Хьайн куьг!» 31Цара доІа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тІаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош. 32Делах тешнарш дегнашца а, хьекъалца а цхьаьна бара. Цхьаммо а ца бохура шен долахь дерг шен бен дац. Шайн мел дерг юкъахь доькъура цара. 33Векалша боккхачу ницкъаца тоьшалла дора Іийса-Эла денваларх лаьцна. Дала а къобалбора уьш. 34- 35Латта а, цІенош а долчу наха, уьш дІа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора. 36Масала, Кипр-гІайре тІера Юсуп цІе йолчу, Леви тайпанах волчу стага (векалша цунах Бар-Нааб а олура, ткъа иза «синтеман кІант» бохург ду) 37шен латта дІа а доьхкина, схьадеана ахча векалийн когашка охьадиллира.

will be added

X\