Векалийн 3

1Кипий, Яхьъяй вара суьйренан ламазе Делан цІийнан керта воьдуш. 2Цу хенахь «Исбаьхьа» аьлла цІе йолчу кевнан йисте а валийна, охьахаийра вичхьана дуьйна а заьІап волу цхьа стаг. Иза хІора денна а, вала а вой, цигахь вуьтура, Делан цІийнан керта богІучу нахе цуьнга сагІа дехийтархьама. 3Кевнна хьалха Кипий, Яхьъяй а гина, цаьрга сагІа дийхира заьІапчу стага. 4ХІара шиъ леррина хьаьжира цуьнга. Юха Кипас элира: «Схьахьажал кхуза!» 5И стаг дІахьаьжира цаьрга, шена цхьаъ яларе са а тесна. 6ТІаккха Кипас элира: «Дети а, деши а дац соьгахь, амма сайн дерг ло ас хьуна. Дала леррина Къобалвинчу, Назартарчу Іийсан дуьхьа, хьала а гІаттий, дІаволало!» 7Цо, аьтту куьг схьа а лаьцна, хьалагІаттийра и стаг. ЦІеххьана заьІапчу стеган когаш а, голаш а то а елла, чІагІъелира. 8Иза, хьала а гІаьттина, дІаволавелира. ДІаволалуш, ирхкхиссалуш, Далла хастамаш беш, цаьрца Делан цІийнан керта вахара иза. 9Дерриг а адамна гира иза, Далла хастамаш а беш, ирхкхиссалуш, схьавогІуш. 10«Исбаьхьчу» кевнехь сагІадоьхуш Іийна стаг а вевзина, цуьнан товалар а гина, инзарбевлла бара нах. 11Товелла заьІап стаг, Кипиний, Яхьъяний тІаьхьара а ца волуш, вогІура. Инзардаьлла дедда догІу дерриг а адам царна тІаьххье Сулим-паччахьан цІарах йолчу лекхачу бІогІамех йинчу гІишлонна тІекхечира. 12ТІаьхьа богІу нах а гина, Кипас элира: «Исраилхой, хІокху гІуллакхах шу цец хІунда дуьйлу? Тхешан ницкъаца я суьпа хиларца товина-м ца моьтту шуна оха и стаг? 13ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Іийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дІа а къаьстина, цо Иза дІахеца сацам биннашехь а. 14Далла тешаме Верг а, Делан лаамехь Верг а тІе ца оьцуш, стаг вийна зуламхо кІелхьарваккха аьлла, дийхира аша. 15Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хІуманна тхо тешаш а ду. 16Іийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цІаро тешарехь чІагІвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Іийсас кхунна деллачу тешаро товина хІара стаг, шуна ма-гарра. 17Вуьшта, вежарий, суна хаьа, аша а, шун хьаькамаша а и гІуллакх шайна ца хаарна динийла. 18Амма Дала иштта кхочушдира, Шен массо а пайхамарехула хаийтина долу, Ша леррина Къобалвинарг баланийн хІордах чекхваккхар. 19ХІинца, шаьш лелийначунна дохко а довлий, Далла тІедерза, шайн къинош дІадахийтархьама. 20ТІаккха Дала шуна паргІат зама йоуьйтур ю. ТІаккха Цо шуна хІоттийна волу, Ша леррина Къобалвинарг воуьйтур вара. И Къобалвинарг Іийса ву. 21Амма Дала Шен пайхамаршкахула Ша дерриг а юхаметтахІоттор ду аьлларг тІекхаччалц йолчу ханна Іийса стигалахь хир ву. 22Муса-пайхамаро а ма аьлла: „Шун Везачу Дала, шун вежарех Пайхамар хІоттор ву шуна юкъахь, со санна. Цо бохучу массо а хІумане ладогІалаш. 23Цуьнга ла ца доьгІнарг массо а, шен халкъах дІа а къастийна, хІаллаквийр ву“. 24Цул сов, массо а пайхамаро, Шамъал-пайхамарна тІера дуьйна, хІара денош догІур ду аьлла ду. 25Ткъа пайхамарийн а, Дала шун дайшка динчу весетан а тІаьхьенаш шу ю. Дала аьлла ИбрахІиме: „Хьан тІаьхьенехула декъала хир ду дуьнен чуьра массо а халкъаш“. 26Шен Ялхо денвича, Дала уггар хьалха шуна тІеваийтира Иза, зуламечу гІуллакхех шух хІора а дІадерзош, къобалдархьама».

will be added

X\