Векалийн 28

1Берда тІехь кІелхьардевлча, тхуна хиира гІайренан цІе Мелита юйла. 2Цигарчу бахархоша чІогІа дика тІеийцира тхо. ДогІа а деана, шелъелча, цІе а латийна, цунна улло дохдала тІекхайкхира цара тхоьга. 3ПахІала цхьа цІов чІийш гулдира. Цо уьш цІерга кхиссича, йовхонах бедда лаьхьа, цунна це а тоьхна, куьйгах хьаьрчира. 4ПахІалан куьйгах кхозу и лаьхьа гича, цигарчу наха вовшашка элира: «Цу стага, билггала, цхьаъ вийна. ХІорда чохь иза ца веллехь а, хІинца Делан кхелаца дийна вуьсур вац иза». 5Амма ПахІална цхьа а тайпа лазош хІума ца хааделира, цо лаьхьа цІерга ластийра. 6Царна моьттура, я цуьнан куьг дестар ду, я иза цІеххьана велла охьавужур ву. Уьш бехха Іийра цуьнга хьоьжуш, амма ПахІална хІумма а ца хилира. ТІаккха шайн ойла хийцира цара, иза цхьа Дела ву аьлла. 7Цу меттигна гена боццуш Палаби цІе йолуш волчу гІайренан хьаькаман бахам бара. Тхо ша волчу а кхайкхина, кхаа дийнахь тхуна хьошалла лелош, комаьрша хІусамда хилира иза. 8Палабин да, дагар а деана, гай а лозуш, меттахь Іуьллуш вара. Цуьнга хьажа ваханчу ПахІала, доІа а дина, цомгушниг товира, тІе куьйгаш а дехкина. 9И хиллачул тІаьхьа гІайре тІера бисина болу цомгуш нах а богІура. Царна а дарба дора ПахІала. 10ГІайре тІера бахархоша чІогІа ларам бира тхан. Тхо дІадаха кечлуш, цара тхуна дерриг а оьшург деара. 11Цигахь кхо бутт баьккхинчул тІаьхьа, цу гІайре тІехь Іа доккхуш хиллачу, шех Диоскураш олучу Искандар-гІалара догІучу хІордкеманна тІехь дІадахара тхо. 12СуьракІоз-гІала а кхаьчна, цигахь кхо де даьккхира оха. 13Цигара дІадахча, Риги олучу гІала кхечира тхо. Цхьа де даьлча, къилбера мох хьаькхира. ШолгІачу дийнахь тхо Путола-гІала кхечира. 14Цигахь динан вежарий а карийна, церан дехарца кІира даьккхира оха цаьрца. Цул тІаьхьа тхо Рим-гІала даьхкира. 15Цигара динан вежарий, тхо догІу аьлла хезна, Аппи цІе йолчу майданахь а, хьешан кхо цІенош долчохь а дуьхьалбаьхкира тхуна. Уьш гича, Далла хастам а бина, дог иракарахІоьттира ПахІалан. 16Римехь ПахІална къаьстина Іе бакъо елира, амма тІемалочо ларвеш вара иза. 17Кхин кхо де даьлча, жуьгташна юкъара куьйгалхой гулбира цо. Уьш схьабаьхкича, ПахІала элира цаьрга: «Вежарий! Вайн халкъана а, цуьнан гІиллакхашна а дуьхьал ас хІумма а ца диннашехь, Ярушалаймехь, схьа а лаьцна, римхошка дІавелира со. 18Цара, барт а хаьттина, вел бахьана соьгара ца даьллий хиъча, со дІахеца сацам бира. 19Жуьгтий дуьхьал бара цу сацамна, цундела Рим-мехкан паччахье кхел е аьлла, дехар дан дийзира сан. Амма ас цхьана а хІуманна тІехь бехке ца до сайн халкъ. 20Цундела лиънера суна шу ган а, шух дагавала а, хІунда аьлча Исраилан халкъан сатийсам кхочушхиларх со тешарна тоьхна суна хІара гІоьмаш». 21Цара элира ПахІале: «ЯхІуд-махкара хьох лаьцна цхьа а кехат ца кхаьчна тхоьга. Цигара баьхкинчу вайн вежарех цхьаммо а хьох хаам а ца бина, я вониг а ца аьлла хьох лаьцна. 22Амма тхуна хьоьгара хаа лаьара хьуна хетарг, хІунда аьлча цу динан тобанах лаьцна массанхьа а дукха къийсамаш бу бохуш, хезнера тхуна». 23Цара цхьа де билгалдаьккхира. Дуккха а жуьгтий баьхкира ПахІал сецначу цІийне. Іуьйранна дІаволалой, сарралц дуьйцура цо царна Делан Олаллех лаьцна, ша Іийсах лаьцна аьлларг бакъ хилар тешо гІерташ, Муса-пайхамаран хьехамаш тІера а, пайхамарша дІаяздинчунна тІера а тоьшаллаш а далош. 24Цхьаберш тешара цо дуьйцучух, вукхарна и бакъ ца хетара. 25Вовшийн юкъахь барт а ца хилла, уьш дІабаха гІерташ болчу хенахь, ПахІала элира хІара тІаьххьара дешнаш: «Бакъдерг аьлла Делан Сино ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарехула шун дайшка: 26„Цу халкъана тІе а гІой, ала цаьрга: Шайн лергашца ладугІур ду аш, амма кхетар дац шу, шайн бІаьргашца хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. 27ХІунда аьлча дегнаш чІагІделла цу адамийн, лергашца халла хеза царна, бІаьргаш а къевлина ду церан. Цундела бІаьргашца ца гуш, лергашца ца хезаш, дегнашца ца кхеташ бу уьш. Суна тІебирзича, Ас дарба дийр дара царна“». 28«ДІахоуьйла шуна, Дала кІелхьардовларх болу Шен кхаъ кхечу къаьмнийн нахана хаийтина: царна хезар ду». 30Дийнна шина шарахь ша мах лучу цІенош чохь Іийра ПахІал. ПахІала шена тІебаьхкинарш берриш а тІеоьцура. 31Дуьхьало йоцуш а, майрра а Делан Олалла а кхайкхош, Дала леррина къобалвинчу Везачу Элах Іийсах лаьцна хьехам бора цо.

will be added

X\