Векалийн 27

1Тхан Итали даха деза аьлла, сацам хиллачул тІаьхьа ПахІал а, кхин цхьацца болу тутмакхаш а Юлай цІе йолчу тІеман хьаькаме дІабелира. Иза Рим-мехкан паччахьан цІарахчу эскаран декъан эпсар вара. 2Асиа-махка доьдучу Адрамитти-гІалин хІордкеманна тІе а хевшина, новкъадевлира тхо. Тхоьца Арестах цІе йолу Тассалник-гІалара македонхо а вара. 3ШолгІачу дийнахь тхо ЦІадан-гІалахь охьадевлира кеманна тІера. Юлай ПахІале ларам болуш хилира. Цо цунна бакъо елира оьшучунна тІехь гІо дийр долу накъостий болчу ваха. 4Цигара хІорда тІе арадевлла, мох кІезиг болчу агІор, Кипр-гІайре йолчухьа дахара тхо, дуьхьал хьоькхуш мох хиларна. 5Киликана а, Пампилна а дуьхьал болчу хІордал дехьа а девлла, Ликин-махкарчу Мир-гІала кхечира тхо. 6Цигахь Искандар-гІалара Итале-махка догІу хІордкема а карийна, цу тІе ховшийра тхо тІеман хьаькамо Юлайс. 7Масех дийнахь меллаша дІадоьлхуш дара тхо. Мох дуьхьал хьоькхуш хиларна, Кинад-гІалина дуьхьал нисделча, цу агІор кхидІа даха а ца делла, Крит-гІайренна улло дахара тхо, Салмон цІе йолчу берда юххе а теІаш, цигахь мох кІезиг болу дела. 8Халла цунна уллохула тІех а девлла, Ласи-гІалина гена йоцучу, шех Дика дІахІуттийла олучу метте кхечира тхо. 9Дуккха а хан яьллера тхо новкъа девлла. КхидІа даха кхераме дара, хІунда аьлча гуьйренан чаккхе яра, жуьгтийн халкъ къинойх цІиндаларан деза де а чекхдаьллера. ПахІала, хьехар деш, бохура: 10«ЛадогІийша! Со гуш ву хІара некъ кхераме хирг хилар, кеманна а, цу тІерачу кирана а хилла ца Іаш, вайн дахарна а». 11Амма хІорш эцна воьду тІеман хьаькам хІордкема долахь долчух а, и дІадохуьйтуш куьйгалла деш волчух а алсам тийшира, ПахІала дуьйцучул а. 12Кхеран кема дІахІоьттина меттиг Іа даккха пайденна яцара, цундела дукхахберш Крит-гІайре тІехь йолчу Пиника-гІала хІордахула дІабаха лууш бара. Къилба-малхбузера а, къилбаседа-малхбузера а мехашна дуьхьал йолчу цу меттехь Іанера бовла лаьара царна. 13Къилбера байн мох хьаькхча, царна моьттира иза шайна оьшург ду. Кема сацориг хьала а яьккхина, Крит-гІайре йистехула дІабахара уьш. 14Амма дукха хан ялале гІайре йолчу агІорхьара шех къилбаседа-малхбалера олу чІогІа мох хьаькхира. 15ХІорд ловзабаьллачу юккъе а нисделла, мохана дуьхьал ца дахалора хІордкема. Мохо шена луъучу агІор дІасакхуьссура тхо. 16Кавда цІе йолчу жимачу гІайре тІе, мох кІезиг болчу агІорхьа, даьхьира тхан кема, цигахь дукха хала дІатесира оха пийсакаш хьокху жима кема. 17Иза, хьала а даьккхина, стаммий машшашца дІа а доьхкуш, хІордкема чІагІдира оха. Хинан кІоргалла жима йолчохь, Суьрти цІе йолчу меттигехь бохам хиларна кхоьруш, кеманан гата охьа а дахийтина, хІорда тІехула дІахецаделира тхо. 18ШолгІачу дийнахь хІорд чІогІа ловзабаларна, кеманна тІера кира хи чу кхосса долийра. 19Ткъа кхозлагІчу дийнахь хІордкеманан цхьа боккха гІирс чукхоьссира кеманхоша шайн куьйгашца. 20Масийтта дийнахь я малх, я седарчий гучу ца довлура, ткъа хІордан ловзабалар дІатуьйш дацара. Тхо кІелхьардевр ду аьлла йолу муьлхха а сатуьйсийла дІаяьллера. 21Дукха хан яра цхьаммо а хІума яаза. ТІаккха ПахІала, хьала а гІаьттина, элира: «Нах, шу соьга ла а доьгІна, Крит-гІайре тІехь севцнехь, хІара зенаш а лан дезар дацара, хІумма а дІакхосса езар яцара вайн. 22ХІинца собаре хиларе кхойкху ас шуьга, хІунда аьлча шух цхьа а лийр вац, кема бен хІаллакьхир дац. 23Сийсара буса со Шен волу а, ас Шена гІуллакх дечу а Делан малик деара суна тІе. 24Цо элира: „Кхера ма лолахь, ПахІал! Хьо Рим-мехкан паччахьна хьалха хІотта дезаш ву, Дала хьан доІанна жоп делла, цундела хьо а, хьоьца кеманна тІехь берш а дийна буьсур бу“. 25Цундела доха ма дохалаш, доттагІий, со теша, Дала сайга ма-аллара, вайца дерг хирг хиларх. 26Амма вай билггала цхьаьна гІайре тІе охьакхуьссур ду». 27ЕйтталгІа буьйса тІекхаьчча, тхо Адира цІе йолчу хІорда тІехула хьош дара. Буьйса юккъе яхача, хІордкеманхошна уллохь латта хааделира. 28Хин кІоргалла юьстича, ткъа сажа юьйла хиира. Юха жимма дехьадевлла юьстича, пхийтта сажа карийра. 29Хин бухулара тІулгаш тІе кхетарна кхоьруш, кема сацош, тІехьара йиъ кема сацориг хи чу а кхоьссина, де тІекхачаре сатуьйсуш Іара уьш. 30Ткъа кеманхой, жима кема хи чу охьа а хецна, кеманан буьххьера кема сацориг чукхуссучуха, бовда гІоьртира. 31Амма ПахІала элира тІеман хьаькаме а, тІемалошка а: «Нагахь уьш кеманна тІехь ца совцахь, шу а кІелхьардевр дац». 32ТІаккха тІемалоша, жима кема дІатесна долу машшаш а хедийна, иза чудожийра. 33Сахуьлучу хенахь ПахІала дехар дира массаьрга а, хІума яахьара аьлла: «Тахана дейтталгІа де ду вай сатийсамехь долу, аша цу ерриге а хенахь хІума ца йиъна. 34Цундела доьху шуьга хІума яа, хІунда аьлча иза шуна дахар лардан оьшу. Шу цхьаннен а коьрта тІера чо а бужур бац». 35Иза а аьлла, бепиг, схьа а эцна, массарна а хьалха Далла хастам а бина, декъа а декъна, даа хІоьттира ПахІал. 36ТІаккха массара а, дог иракарахІоьттина, хІума йиира. 37Верриг а хІордкеманна тІехь ши бІе кхузткъе ялхитта стаг вара. 38Тоъал хІума а йиъна, кема дисина долчу киранах паргІатдаккха хІиттира уьш, кІа хІорда чу а кхуьссуш. 39Іуьйре тІекхаьчча, царна латта ца девзира, амма гІамаран легІана берд гира. Аьтто балахь берда тІедовла барт хилира церан. 40Кема сацорех, уьш хІорда чу дІа а хецна, паргІат а девлла, кеманан тІам бихкина машшаш а хедийна, буьххьера жима гата махаца а нисдина, бердехьа бахара уьш. 41Амма гІамарла а дахана, меттах а ца далалуш дисира хІордкема, ткъа цуьнан тІехье ондачу тулгІенаша йохош яра. 42Тутмакхаш неканца ца бовдийта байа дог хилира тІемалойн. 43Амма ПахІал ца вейтархьама тІеман хьаькамо совцийра уьш. Цо омра дира, нека хууш берш, чу а лелхий, лаьтта тІе кхача аьлла. 44Ткъа вукхаьрга, карадеана у я кхин йолу хІума схьа а лоцуш, берда тІе гІо элира. Иштта, цхьанна а зе ца хуьлуш, массо а берда тІе хьалавелира.

will be added

X\