Векалийн 26

1ТІаккха АгІарипа-паччахьо элира ПахІале: «Къамел дан мегар ду хьуна», – аьлла. ПахІала, куьг хьала а айина, ша бехказавоккхуш къамел дира: 2«Паччахь АгІарипа! Жуьгташа сайна дуьхьал дуьйцучунна тахана хьуна хьалха сайн бехказавала аьтто хиларна со ирс долуш хета суна, 3хьо жуьгтийн гІиллакхаш а, къовсаме долу хІуманаш а девзаш хиларна муххале а. Цундела доьху хьоьга собарца сайга ладогІар. 4Массо а жуьгташна хаьа, со жима волуш дуьйна а сайн халкъана юкъахь а, юха Ярушалаймехь а муха ваьхна. 5Царна со вевза дуккха а хан ю, цундела церан тоьшалла дан йиш ю, шайна лиъча, со парушхо а хилла, вайн динаца догІуш долу уггар къовламе хьехамца вехаш Іаш хилар. 6ХІинца со кхелана хьалха лаьтташ ву, Дала вайн дайшна делла дош кхочушхиларе сатесна хиларна. 7Цунна сатесна ду тхан халкъан шийтта тайпа, дийнахь а, буса а Далла даггара гІуллакх а деш. Оцу сатийсамна бехкево со жуьгташа, ва паччахь. 8Хила йиш йоцуш хІунда хета шуна Дала беллачуьра нах денбар? 9Со а вара тешна, Назартарчу Іийсах лаьцна долчунна дуьхьал дуккха а хІума дан деза аьлла. 10И дерриг а дора ас Ярушалаймехь: Іийсах тешна беза нах набахти чу кхуьйсура, динан дайшкара бакъо а яьккхина, и нах байар къобал а дора. 11Ас таІзар дора царна массо а жуьгтийн гуламан цІеношкахь, уьш шайн дина тІера юхабовлийта гІерташ. Сайн царна дуьхьал йолу оьгІазалла сел чІогІа хиларна, кхечу гІаланашка а воьдура со уьш схьалеца». 12«Оцу гІуллакхна цкъа Дамасакхе воьдуш вара со, динан коьртачу дайшкара бакъонаш а яьхна, цара тІедехкина декхарш а эцна. 13Делкъахан хуьлучу хенахь, ва паччахь, тхо новкъа схьадогІуш, стигалара цІеххьана малхачул а чІогІа серло кхийтира. И серло тхуна гонах хІоьттира. 14Тхо массо а лаьтта охьаийгира. Юха сайга лерина долу аз хезира суна, арамхойн маттахь къамел деш: „Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь? Туьран дитт а хилла дуьхьалваьлла, хьайна зе хІунда до ахь?“ 15Ас хаьттира: „Хьо мила ву, Веза Эла?“ Везачу Эло жоп делира: „Со ахь хьийзош волу Іийса ву. 16ХьалагІатта когаш тІе. Со веана, хьуна гиначун а, гун долчун а хьо теш а, гІуллакх кхочушдархо а вина, дІахІотто. 17Ас кхечу къаьмнийн нах болчу вохуьйту хьо. Хьайн халкъах а, кхечу къаьмнийн нахах а Ас кІелхьарвоккхур ву хьо. 18Церан бІаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тІера Далла тІеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“». 19«Цундела, АгІарипа-паччахь, ас дуьхьало ца йира стигалара сайна хІоьттинчу бІарлагІина. 20Со кхайкхам бан волавелира цкъа хьалха Дамасакхехь а, Ярушалаймехь а, берриг а ЯхІуд-махкахь а, юха кхечу къаьмнийн нахана юкъахь, уьш дохко а бевлла, Далла тІе берзийтархьама, шайн гІуллакхашца дохкобовлар цаьрга гайтийтархьама. 21Цу бахьаненна, Делан цІа чохь волуш, схьа а лаьцна, со вен гІоьртира жуьгтий. 22Амма Дала гІо дира суна, таханалера де кхачале а. Цуьнан гІоьнца лаьтташ ву со тахана кхузахь хьалдолчу а, къечу а нахе тоьшалла деш, кхин хІумма а ца дуьйцуш, пайхамарша а, Мусас а хир ду аьлларг бен: 23Дала леррина Къобалвинарг, баланаш а хьегна, кхелхинчул тІаьхьа, беллачех гІаьттина хьалхарниг хир ву. Цо яхьар ю серло жуьгтийн халкъана а, кхечу къаьмнийн нахана а». 24ПахІалан къамел чекхдалале Виситас чІоггІа элира: «ПахІал, хьо хьераваьлла! Дукха дешаро талхийна хьо!» 25«Со хьераваьлла вац, лоруш волу Висита, – аьлла, жоп делира ПахІала. – Ас дуьйцург нийса а, хьекъале а ду. 26АгІарипа-паччахьна дика девза хІара санна гІуллакхаш, цундела ас паргІат дуьйцу цуьнца. Со тешна ву, цуьнан тидамера хІумма а даьлла дац, хІунда аьлча хІара дерриг а ломал дехьа хилла дац, массеран а бІаьргашна хьалха хилла ду. 27Паччахь АгІарипа, пайхамарех теший хьо? Хаьа суна, хьо теший». 28ТІаккха АгІарипас элира ПахІале: «Иштта атта со Іийсах тешначех дІакхетар ву моьтту хьуна?» 29«Хьесапе дац, атта я хала ду иза, – жоп делира ПахІала, – амма ас Деле доьху, хьо хилла ца Іаш, массо а тахана соьга ладугІушверг, со санна, хилийта бохуш, амма гІоьмаш тоьхна тутмакхаш ца хуьлуш». 30ТІаккха паччахь хьалагІаьттира, цуьнца цхьаьна хьалагІевттира мехкан куьйгалхо а, Беруника а, берриш а цаьрца Іийнарш а. 31Цара, ара а бевлла, бохура вовшашка: «Цу стага иза вен я чуволла цхьа а бахьана ца далийтина». 32АгІарипас элира Висите: «И стаг хІинцца дІахеца мегар дара, цо Рим-мехкан паччахьна хьалха хІотта лаьа шена ца аьллехь».

will be added

X\